ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра йисархочо дийцина ша Украинерчу тIаме ца ваха гIортарх лаьцна


Оьрсийн тIемалой Украине чугIоьртачу юкъанна
Оьрсийн тIемалой Украине чугIоьртачу юкъанна

Украинан кхерамазаллин сервисо гIаръяьккхина лаьцна Нохчийн республикера тIемало тIехь волу видео. Цо дийцина, Украинан латта тIехь тIом барна ша реза ца хилар гойтуш кехат яздан гIертарх, амма куьйгалло тIом бан декхаре бина уьш.

ТIамехь лаьцначун цIе йовзуьйтуш яц, хууш дерг ду, цо 503-чу полкехь декхарш дIахьуш хилла хилар – юьйцург хила мега ГIалгIайчохь дислокации йолу гвардейскан мотострелкован полк. Лаьцначо бахарехь, тIеман агрессии йолаялале церан тIеман дакъа аннексии йинчу ГIирмера Iаморашкахь дара, Чиллан-беттан 24-хь уьш Украинан латтанашна тIе дехьабехира Гуляйполе гIалан агIора. Ткъа тIемалой кхоччуш кечбина ца хилла, лаьцначо ша бахарехь, автоматехула герз кхосса ца хаьа цунна.

"Дукха нах реза ца хуьлура… Уьш дIабигира, цигара дIабахара уьш. Тхоьца срочникаш бара, срочникаш бацара – кIира хьалха контракт яздинарш, кхуса сехьакхийсина. Бевддарш бара тхан, цхьаверг шен лаамехь керавахна, дукха зенаш хилира", - боху нохчийн тIемалочо.

Цо билгалдаьккхира, шен тIеман дакъа тIамехь дакъа ца лаца гIерташ дара, амма цхьахволчу командиро элира "тIом бац, нисса дIабахчхьана бовлу". Лаьцначо тIетуху, оцу кепара, маьрша наханна а, дарбанан хIусамашна а тохарш деш хьалха федералаш хьийзара Нохчийчохь.

"Цара [куьйгалло] тхо кхийсина. Нах – кхийсархой. ЛартIахь эскар далхьара, тхо кхузара дIа мукъане дуьгур дара. Тха догIмаш дIахьура дара кхузара. Тхан догIмаш цигахь, шун аренашкахь Iоьхкуш ду, хаац кхин мел Iоьхкур ду. Тхайчара тохарш до тхуна тIе", - тIетуьйхира тIемалочо.

Зазадоккху-беттан 28-хь "Схiд" (укр. «Малхбале») Украинан оперативан-тактикан тобанан тIеман ницкъаша хаамбира, юьхьанца кхаьчначу информацица, тIеман тийсдаларшкахь вийна 503-чу мотострелкован полкан куьйгалла дийриг а, штабан хьалханча а. Украинерчу тIемалоша оьрсийн шевронийн, тIетегарийн суьрташ арахецна, шайна тIехь оцу полкан тIемалойн фамилиш йолуш: Лохов А.С. а, Кузнецков К.В. а, иштта "Грозный" аьлла тIетегар а. ТIеман министралло оцу хаамна комментари ца йо.

Шайлахь Къилбаседа Кавказера бахархой болуш Украина ларъечу къоманашна юккъехь вовшахтоьхначу батальонера Кавказ.Реалиин хьостано тIечIагIдина – хIинцле дIалецначу нах бехачу ярташкахь видеош йохуш лелачу Нохчийчоьнан Росгвардин тIемалошца дуьстича, контрактан бух тIехь схьаэцна къона тIемалой, тийсдаларшна бина цхьа а кечам боцуш, тIеман хьалхене кхуьйсу, царах "йоккхачу тоьпан дилха" хуьлу.

  • Украинан спецназан "Азов" къаьстинчу отрядо гIаръяьккхинера Нохчийчуьра хила мегаш волу лаьцна тIемало тIехь волу видео, цо дуьйцу Мариуполан кIелахь доьлхучу тийсдаларшкахь лаьттачу хьолах лаьцна. Иштта иза вистхуьлу Кадыров Рамзане, цуьнга шен гергарнаш тIаме хьовсор а кхойкхуш.
  • Зазадоккху-беттан 25-хь Оьрсийчоьнан тIеман министралло Украинехь оьрсийн эскаран эшамех лаьцна керла официалан хаамаш бовзийтира: 1 351 тIемало велла, 3 825 лазийна. Хьалхо официалан хаам Зазадоккху-беттан 2-хь бен ца бинера, бохура оцу хенахь 498 стаг вийна. Шемахь тIемаш боьлхучу шерашкахь официалехь динчу дIахьедарца, кхелхира 116 оьрсийн эскархой. 2008-чу шарахь Оьрсийчоь Гуьржийчу гIоьртича – 67 стаг. Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIеман шина шарахь федералан эскархошлахь, кеп-кепарчу хаамашца байъинчийн терахь 4 103 стагана тIера 5 042 тIе кхаччалц ду.
  • Зазадоккху-беттан 29-гIа де – Оьрсийчоь Украине буьззинчу барамехь тIамца чугIоьртина шовзткъе дейтталгIа де ду. Оьрсийчоь а, Украина а керла дийцарш даран раунд дIахьош ю Стамбулехь. ВСУ-н коьртачу штабо хаамбо, оьрсийн эскарш аьтто боцуш Киевна кIелахь керла позициш дIалаца гIерташ хилар а, Украинан эскархоша Мариуполь хIинле а дIахецна ца хилар а, ткъа Херсонера протесташ хьешархьама тIелоллуш керла Росгвардин ницкъаш хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG