ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ламазан кузаш дIакхуьссура". ГIалмакхойчуьра ИК-2 набахтин белхахочунна тIелатар хIунда дина?


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалмакхойн колонерчу дагестанхой Атимагомедов Мохьмад а, Курмагомедов Дауд а набахтин белхахошна тIелатар дарехь дакъа лацарна бехке лоруш ву, царна тIехь къиза Iазап латтийна, аьлла дIахьедина СИЗО кхаьчна хиллачу адвокаташа. ГIалмакхойчохь хиллачо схьагойту Оьрсийчуьрчу набахтешкахь бусулбачу наханна тIехь Iаткъам баран проблема, тидам бо бакъоларъярхоша.

Марсхьокху-беттан 5-хь №2 йолчу нисваран колонин белхахочунна ши стаг тIелетта арматурица а, ирйинчу хIуманца а. Шогачу хьелийн тобанан дозанехь (СУОН) хилла иза, дуьйцу ГIалмакхойчухула йолчу Талламан комитетан урхаллин пресс-релизехь.

ТIаккха, хьукматан хаамца, чувоьллина волчу шимма нах бехачу гIишлонна чу а ваьлла, кхин а ялх белхахо лазийна, шаьш дIалацарна дуьхьало ечу хенахь. Цхьаволу белхахо циггахь кхелхина, ворхI стагна чевнаш йина.

Цара цуьнга юх-юха бохура: "Хьо тхан мIара тIехь лаьцна ву", "Тхо хьуна тIехь тидам латтош ду", "Тхан дог этIадо ахь"

ТIелеттачух цхьаннан, Атимагомедов Мохьмадан 22 шо ду, шолгIачун – Курмагомедов Даудан – 28 шо. Масех зулам дарна бехке а вина, царлахь талор дар а долуш, 3,5 шарна чувоьллина ву Атимагомедов, Курмагомедов 15 шо токхуш ву стаг верна бехке а вина. Церан хьокъехь кхин а цхьацца бехктакхаман гIуллакхаш айдина стаг верна, вен гIортарна а, колонин болх гарабаккхарна а бехкашца.

Инцидент хиллачул тIаьхьа тIелеттачарна а, кхинболчу чубоьхкинчарна а тIехь вуно къиза Iазап латтийна набахтин белхахоша, хаамбина бакъоларъяран Gulagu.net проекто.

"Маьхьарш, нах хьийзор а шина дийнахь ца соцура, иза леладора и гIуллакх динчарна а, СУОН тобанехь болчарна а тIехь", - цитата йо проекто оцу колонерчу цхьаволчу тутмакхан дешнашна, цо бахарехь, марсхьокху-беттан 6-чу буса ИК-2 набахтин белхахой мелла бара.

"Питанаш леладора, сийсазаллица хьийзабора, маьттаза мотт лебора, берриг тутмакхашна еттара. Кхачанан чоь чу [тутмакхаш] еккъа чухула юха бедарца буьгура, кхаа сахьтехь плацехь латтийра", - чIагIдо цхьаволчу чувоьллинчо.

Gulagu.net гIирсо хаам барца, уггара къиза Iазап латтийнера тIелеттачу шина тIехь, уьш (набахтин цхьаволчу куьйгалхочун дешнашца) "охьатаIийра, тIе боьхаллаш Iенийра, хьаштангIара хи малийтира". ТIелатар дича, набахтера берриг бусулбачу наханна кхерамаш тийсира, бойъур бу бохуш, "тIаьххьарчу соцунгIе" кхачо дош делира царна.

"Ма-дарра схьаэлира тхоьга УФСИН-н белхахоша: цхьаъ массарца, массо цхьанца. "Цергана дуьхьал церг, цIийнна дуьхьал цIий", - хаамбо тутмакхо.

"Яьссачу меттехь"

Адвокат Алиева Аза Атимагомедов волчу СИЗО кхаьчна, цига иза схьавалийнера тIелатар хиллачул тIаьхьа, цунна иза вуно чолхечу хьолехь карийна. Цуьнан дешнашца, тутмакхна къиза йиттина, ницкъахошна оьшуш долу кехаташна кIел куьйг язде, бохуш.

"Цунна динчу таIзаран барам суна бийца ца лаьа, хIунда аьлча, иза Iадон мегаш сурт ду. Цунна йиттина хиларал сов, иза Iазапехь латтийна – кхехкаш долу хи Iенийна цунна тIе чайник чуьра. ДегIа тIера когашка кхачалц вериг вагийна ву иза", - дIахьедина адвоката.

Атимагомедовс дIахьедо, колонин белхахочунна тIелатар дарехь ша бехке вац, аьлла, амма къера хилла иза шена тIехь Iаткъам бича. Ша бехке хета цунна цигара вада гIортарна, хIунда аьлча, колонин белхахоша гуттара кхерамаш, питанаш тийсарна – царах цхьамма Атимагомедовна кхерамаш тийсина хиллера, терроризмана бехке а вина, диссина дерриг дахар набахтехь даккхуьйтур ду, бохуш.

"Ша дина доцучунна дуьхьал таIзарш дарна, питанаш, кхерамаш тийсарна а, вада гIоьртина иза", - дуьйцу адвоката.

Бусулбачу наха сих-сиха шаьш хевшина Iачехь, охьа а ца товIуш до ламазаш, иза колонин администрацина ца гайта

Алиевас иштта хаам бина, ша схьакхайкхина йолу лоьрийн декъан куьйгалхо реза ца хилла цуьнан дегIа тIера чевнаш кехаташка яха, СИЗО чу кхачале хилла цунна и зенаш, бохуш.

ТIелатар дарна шолгIа бехкечунна Курмагомедов Даудан адвокат Мунтян Снежанин аьтто баьлла СИЗО чохь цунна тIекхача. Цо бахарехь, ша ларвийриг ган аьтто ца болура цуьнан, тIехьоьжу прокуратура юкъагIорталц. Адвоката бахарехь, Курмагомедовн дегIа тIехь дуккха а ницкъбаран ларш ю: "ирча хедийна чевнаш, Iаржъелла меттигаш, дегI мел ду йиттина хилар гойту билгалонаш а", "жижгана тIекхачалц" ларш ю гIоьмех йиссина, Iаьржа гонаш ду бIаьргашна уллехь.

Курмагомедовс дIахьедира, шена тIе боьхаллаш Iенийна хиларх, шолгIа бехкевечунна санна, тIе кхехкаш хи Iенийна шена, бохуш. Цуьнан гай тIерчу йоккхачу чевно тоьшалло до цунна, дийцина Мунтяна.

Атимагомедовн доьзало дийцинера Кавказ.Реалиига колонин белхахоша цунна тIехь къизаллаш лелорах лаьцна – иза дара марсхьокху-беттан 5-хь тIелатар хилале.

"Цара цуьнга юх-юха бохура: "Хьо тхан мIара тIехь лаьцна ву", "Тхо хьуна тIехь тидам латтош ду", "Тхан дог этIадо ахь". Аса цуьнга доьхура: "АллахIан дуьхьа, терго ца еш дитахьа. Цара иза лерина лелош ду, хьо хьераваккха гIерташ". Уьш массо а хIуманна коча оьхура. Цуьнан жимма маж хьалаяьлча, аса цуьнга элира: "Доьху хьоьга, дIаяккхахь иза". Ур-атталла месаш а дIаехира цо, уьш коча ца бахкийта, бохура: "Хьо паргIат хилийта аса месаш а дIайохур ю – уьш Iад Iийчхьана. Масийттаза дIахьора цуьнан ламазан кузаш, уьш дIакхуьссура", - дийцина Атимагомедова Заирас, чувоьллинчун нанас.

Цунна хетарехь, марсхьокху-беттан 6-чу буса иккхина йолу конфликт колонин белхахоша питана а тесна хилла яра.

"Шина шарал кIезга чохь яккха хан йиссина волчо оцу тайпа хIума дийр дацара. Яьссачу меттехь", - тешна ю къамелдийриг.

Шена тIехь къизаллаш лелайо, аьлла шен кIанта латкъамаш дича, хIокху шеран зазадоккху-баттахь цо ФСИН-е арз хьажийнера, иза Астраханерчу колоне дехьаваккха, аьлла, амма жоп ца делла цунна. Чувоьллинчун вашас, Хажилов Гаджис дийцина, дино бохург кхочушдар хедорна латкъамаш дора Атимагомедовс. ГIалмакхойчутрчу ИК-2 набахтехь, цо бахарехь, бусулбачу нахе джамаIатца ламаз ца дойтура, ша цхьамма ламаз деш хилча, тIехьа дIа а хIуттий, агрессии яйта питанаш леладора.

Цул сов, Кавказ.Реалиица къамелдинчо бахарехь, цуьнан вешина гуттара таIзар дора, цо лелийна доцчу хIуманашна тIехула. Масала, исс баттана СУС-е (шогачу хьелин чохь латторан раж. – Редакцин билг.) хьажавора, дуьйцуш бахьанаш а доцуш.

Дагестанехь юкхараллин резонанс гIаттийра Атимагомедовна тIехь Iазап латтош ду бохучу хаамаша. Gulagu.net гIирсан хаамаш даьржира социалан машанашкахула "зуламаш а, сийсазалла а сацае", бохуш.

Дагестанехь адамийн бакъонашкахула векалвина волчу Алиев Джамала ГIалмакхойчуьрчу омбудсмене хаттар дахьийтина Атимагомедовх хуьлучух лаьцна. Атимагомедовн ненан арзанна тIе а тевжаш, цо и гIуллакх таллар дехна бохам хиларан бахьанаш билгал а дохуш, иштта "белхахо вийначара лелийначул сов, ИК-2 набахтин белхахойн леларна" мах хадор дехна.

Колонехь хIоьттина хьал талла цига хьажийра кхечу регионера прокурор. Хьалхо "Iазап латторан" МОТБ-1 чохь хилларг толлуш дакъа лаьцна волу Саратоверчу прокуратуран белхахо ГIалмакхойчу веара бакъонца хьал листа, дIахьедина адвоката Алиевас. Дагестанан Юкъараллин тIехьежаран комиссин хьалханчас Омаров Омара Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь элира, набахтин белхахоша дин лелор сацочу хенахь уьш дукха "тIех совбевлла" хила мега.

"Аса сайн ГIалмакхойчуьрчу белхан накъосте телефон туьйхира. Таллам бан дош делира суна", - аьлла ОНК-н хьалханчас.

Марсхьокху-беттан 13-хь адвоката Алиева Азас хаам бира Кавказ.Реалиига, Атимагомедовна а, Курмагомедовна а тIехь ницкъбарна талламхоша шиъ бехктакхаман гIуллакх долийна, шайн бакъонел совбовларна артиклаца. ГIуллакхехь бехкебийраш билгалбевлла бац. Хетарехь, и гIуллакхаш вовшахтухур ду.

Исламофоби а, кавказофоби а

Къилбаседа Кавказера схьабевлларш динан а, къоман а бух тIехь хьийзош бу дуккхаъчу Оьрсийчуьрчу набахтешкахь, чIагIдо адвоката Магомедов Шемала. "Iазапе" набахтийн репутации ю, цо бахарехь, Владимирера, Иркутскера колонийн, хIинца царна тIекхетта гIалмакхойн а.

"Колонешкахь бусулбачу наханна тIехь ницкъбар Нохчийчохь тIемаш хиллачу тIаьхьа чIагIделла, бохуш ойла ю лелаш, хIунда аьлча, ИК-н дуккха а белхахой хьалхо цигахь тIом бина салтий хилла бу, цаьргахь нохчашкхьа а, дагестанхошкхьа а вас йиссина. Кхузар схьа ю исламофоби, кавказофоби", - боху адвоката.

Цо билгалдоккху, чубоьхкинчу бусулбачу нехан бакъонаш хьешар доьзна ду, царна ламазаш дан новкъарлонаш ярца, ламазан кузаш, КъурIанаш схьадахарца.

"Цундела бусулбачу наха сих-сиха шаьш хевшина Iачехь, охьа а ца товIуш до ламазаш, иза колонин администрацина ца гайта", - билгалдоккху Магомадовс.

Украинера тIом болабелча системина шегара тIаьххьаре а жоьпалла дIадаьлча санна хета

"Тутмакхан дахар чолхе даккхар" – иза ду Iазапех цхьаъ, боху юриста. Чувоьллинчуьнгара бехкбоккху "нуьйда дIа ца тесна", "дIавижар тIедиллича дIа ца вижна", бохуш, оцу бух тIехь таIзар до, кхин а шогачу хьелашка дехьа а воккхуш, дуьйцу масалш Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

Gulagu.net гIирсано ницкъбар гойту видеош арахецча кхоьллина долу "антиIазапан" низамо цхьанне агIор пайда ца бохьу тутмакхаш хьийзорехула долчу хьолана, боху Магомадовс. Керлачу низамца а догIуш, Iазап латторна жоьпалла чIагIлур ду низам лардаран белхахошна а, цаьрца боьзна болчу тутмакхашна а гергахь. Дарж карахь долу нах жоьпалле озо вуно хала хуьлу, билгалдоккху адвоката – ерриг органаш вовшашна тIехIуьтту.

Магомедовс дийцина, Атимагомедовна юрист лаха атта дацара, хIунда аьлча, "адвокаташ кхоьру системина дуьхьал болх бан" (ша Магомедовс эмиграци йина тIом болабелча. – Билг.).

"Де мел дели тутмакхашна гIо дан хала ду, хIунда аьлча, Украинера тIом болабелча системина шегара тIаьххьара а жоьпалла дIадаьлча санна хета. Бусулбачу нехан метта хир бу хIинца йийсаре лецна украинхой. Хила тарло, [церан хьал] кхин а чолхе хир ду, оьрсийн пропагандо цаьргхьа йолу ойла талхайо", - билгалдаьккхина адвоката.

"Къизалла лелор"

Колонин белхахошна тIелатаро гойту, тутмакхаш лаьцна латторан хьелаш лартIахь ца хилар, боху "Гражданское содействие" Комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас. Шен декъехь Къилбаседа Кавказерчу тутмакхийн проблемашна тIехь болх беш йолчу кхолларе, Кавказ.Реалиица къамелдинчо бахарехь, шортта латкъамаш кхочу, бусулбачу нахе къаьсттина вон догойла хиларца доьзна.

"Дино тIедиллинарг кхочушдан новкъарлонаш йо царна. Кхачанца халонаш хьоьгу, хIунда аьлча, царна луург тидаме ца оьцуш хуьлу - цхьадолу сурсаташ кхачанна юкъа ца лацар – тIаккха адамаш меца дуьссу, хIунда аьлча, цара дуур дац хьакхин жижиг. Гуттара кочаихар а, къизаллаш лелор а ду", - дIахьедина Ганнушкинас.

Набахтешкахь, цо бахарехь, дуккха а белхахой бу Нохчийчуьрчу тIамех чекхбевлла, амма цул тIаьхьа психологин реабилитацех чекх а ца бовлуш. Цо дагадоуьйту, низамехь йоцучу тобанашна лерина Къилбаседа Кавказехь адаптацин комиссиш яра.

"[ГIалгIачоьнан хиллачу куьйгалхочо Юнус-Бека] Евкуровс оцу хенахь чIогIа дика дешнаш элира: "Оха царна гIо дийр ду, болх лур бу, амма низамаш лардаран хьукматашкахь болх бан аьтто бийр бац, хIунда аьлча, церан карахь герз хила ца деза". Нохчийчохь дерг бIостанехьа дара – цигахь и дехьабеллачу наханна кара герз лора, юха а керлачу кепехь кхиа аьтто а луш. Иштта ду тIамах чекх а бевлла, кавказхошка мостагIашка санна хьежа Iемина болчу набахтийн белхахошца дерг а. Уьш набахтешка а баьхкина, тIом дIахьош бу", - боху Ганнушкинас.

Цо бахарехь, набахтехь болх беш садист валахь, цуьнан ерриг таронаш ю шен "лаамаш" кхочушбан – шегахь жоьпалла ца хиларх иза кхетарна. Ганнушкинина хетарехь, Бехктакхаман кодексехь къаьсттина артикл кхолла еза Iазап латторна лерина (хIинца цунах жоьпалла "белхан бакъонел тIехваларан" артиклаца ло).

"Стенна латтово Iазапехь ишта а хан токхуш волу стаг? Иза ма-ярра садистийн кепехь нах хьийзабар ду – буьззинчу барамехь набахтийн белхахойн каракхаьчна болу. Шайна там хилийта лелош ду иза [колонин белхахоша]", - билгалдаьккхина бакъоларъярхочо.

Оьрсийчоьнан конституцино дин лелон бакъо ло. Официалехь колонешкахь, изоляторшкахь болх беш 61 маьждиг а, 230 ламазан чоьнаш а ю. Набахтешкахь 950 бусулбачу нехан юкъараллаш ю, царна юкъавогIу исс эзар гергга стаг.

Маьрша дин лелон гаранти ло адамийн бакъонехула йолчу Конвенцин 9-чу артикло. ЕСПЧ-но оцу тайпа дехкарш низамехь доцуш лерира масийттаза. Масала, стигалкъекъа-баттахь кхело сацам бира "Коростелев Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула, иза дара валлалц чохь яккха хан тоьхначо кховдийна арз, буьйсанна ламаз дар доьхку шена, аьлла латкъам бинера цо.

Оьрсийчоьно цунна жоп луш дIахьедора, тутмакхаш декхаре бу чохьарчу низамаш лелон, тIаккха декхаре бу буьйсанна наб йан а. Оьрсийчоьнан агIоно иштта бохура, лаьцначун аьтто бара кхечу хенахь ламаз дан.

  • Хьалхо талламан органаша хаам бора ГIалмакхойчуьра №2 колонехь "ДжамаIат" олу террорхойн тоба кхолларна. Талламан комитетан хаамашца, вериг 100 стаг вара оцу юкъахь дакъа лоцуш. "Медиазонан" зерашца, бехкебечийн доккха дакъа бехктакхаман гIуллакх доьллучу юкъанна ларийна а дацара колонера арадала, биссинарш дIалецнера маьршабевллачу минотехь, масех стаг вийра леринчу операцехь.
  • Террорхойн юкъараллин декъашхой хиларна бехкебийраш, талламо чIагIдарехь, радикалан ислам лелош бара, колонехь экстремистийн материалаш, террорхойн идеологи а яржош хьийзара, иштта, бахарехь, дуьненаюкъарчу терроризмана ахча а латтадора. "ДжамаIатан" декъашхоша, дийцарехь, кIелонаш кечъеш хиллера, пачхьалкхан конституцин хIоттам хийцо гIерташ, "тIаьхьо Оьрсийчоьнан Федерацин дозанехь шариIатан низам дIахIоттор Iалашонца".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG