ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лечкъийна бигина шен гергарнаш дIахецна, боху нохчийн блогеро


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Нохчийчохь лечкъийна бигина хилла шен массо а герганаш маьршабаьхна аьлла, хаамбина Швецехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Шен телеграм-каналехь пост хIоттийна цо цунах лаьцна, гергарнаш Нохчийчохь буьсу, цаьргарчу хьолах а, уьш мича бахьанашца дIахецна а хууш вац ша аьлла, тIе а тухуш.

Кхаа дийнахь 11 шен цIийнах стаг вигарх, царех цхьаберш тIаьхьо цIабахкийтарх а хаам бира стохка ГIуран-бутт бовш Абдурахманов Тумсос. Цо дийцарехь, лецна бигинчарна "ультиматум хIоттийнера иза сацаве" аьлла, ца хуьлчу далахь, кхерам теснера царна чIир йоькхур ю аьлла.

Оцу деношкахь масех иттаннашкахь лечкъийра нохчийн оппозиционерийн-эмигрантийн гергарнаш.

Блогерша а, юкъараллин жигархоша а, бакъонашгларъярхоша а хаам бира, ГIура-бутт чекхболуш Нохчийчохь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх лаьцна. Бара царна юкъахь бакъоларъярхой Янгулбаев Абубакар, Садулаев Мансур, Арцуев Аслан. Иштта оппозицин блогерш, Швецехь веха Абдурахманов Тумсо, Германера Мализаев Минкаил, Туркойчохь веха Халитов Хьасан.

Соьлж-ГIалахь хиллачу пресс-конференцехь Кадыровс лач хьахийра критикийн гергарнаш лечкъийна хиларх, амма тIе ца дитира ша юкъара ву бохург. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, "блогерша а, бакъоларъярхоша а вас йинарш" хила там бу уьш бигинарш. "ЧIир екхар вай долчахь юкъара даьккхина ма дац", - дIахьедира Кадыровс.

Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан рожо кест-кеста репрессеш лелайо Нохчийчохь, шен критикашна Iаткъам беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG