ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Летар къайладахьа деза? ГIалгIайчохь доьзалехь гIело лов нах а, полицин бендацар а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIачуьра зударийн бакъонаш кIезиг йу, божарийнчул а: цунна ницкъбан тарло хIусамдас, гергарчара а гIело хьоьгуьйтийла ду. И дерриг а чолхе долу гергарчара "чуьра ара ма даккха" аларна, изза жоп ло ницкъбарх хоуьйтучу зударшна полицихь а.

ГIалгIайчохь тIаьххьарчу шерашкахь доьзалехь бала хьегийтар бакъоларйаран органаша тесна дитина ца Iаш, и къобалден хIума а ду: ницъбинера аьлла таIзар ца деш меттигаш алсам хаало, йа дайн таIзар дой буьту, йа зуламхочунна тIера доккху бехкзуламан жоьпалла, билгалдаьккхина "Кавказ.Машар. Кхиар" центро 2023-чу шарахь динчу рапортехь.

Зудчунна йиттина меттигах дIахаийтахь, полицино цкъа а гIуллакх ца доладо, цуьнан могушаллина къаьсташ зен, чов йина йацахь, йа иза йийна йацахь, билгалдоккху къамелехь центран директоро Сиражудинова Саидас редакцица хиллачу къамелехь. ТIехь бала хьегийтарх чуделла дIахьедар тергал ца до бакъоларйаран органаша: йеттарна декриминализаци йарна прлисхошна и зулам ца хета, кхин дIа дийцира цо.

Йуьхьанца йолайелла проблемаш тергамза йуьту цо: коьртера чов официалехь чолхе лоруш йац, нагахь санна, хьан кхин йолу дегIан меженаш шен-шен меттахь йелахь. Ткъа дайн зен хьан могушаллина динехь, тергал дийр дац, зударий сунтбар а санна. Кест-кеста йеххачу заманчохь зудчунна тIехь гIело латтор тIаьххьара а ницкъахошна цхьа бIаьрзе таммагIа санна хета, дерзийра Сиражудиновас.

Доьзалехь гIело латточаьрца болх бечу цхьахйолчу центран директоро, шен цIе къайлайахьар дийхира цо, бахарехь, догIуш долу низам тIе ца эцахь, зударшна чIогIа хала хир ду шаьш Iалашдан. Кавказера республикашкара хIусамашкахь йетташ лелочу зударша, йижарша, йоьIарша и лартIахь хIума дац аьлла гонаха берш тешийна ца Iаш, шаьш а тешон беза, кхин дIа дийцира эксперто.

"Нагахь гIора хилахь, шен ма-хуьллу шена тIехь динарг дIайаздайта деза, шен дина зен а, юридикан, психологин гIо деха деза профилерчу говзанчашка. Ницкъбеш хилар лачкъон лаьа, цундела ша Iалашван гIортар – и йоккха гIулч йу шен дахар хийца, кIелхьарвала", - билгалдаьккхира къамелдечо.

Кавказ.Реалии сайто дуьйцу ГIалгIайчуьра бахархойх дийцарш, доьзалехь бала хьегна уьш Iиттабелла полицин бендацарх

"Берашна хьалха йуьйр йу бехира"

Шена йеттарна а, машен хIаллакйарна а тIехула бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккхар тIедожийна ГIалгIайчуьра Малгобекан кIоштан йахархочо Ирсас (цIе хийцина).

СагIопши эвлара 49 шо долу стаг тIелеттера Ирсина чиллан-беттан 10-чохь: мобилан телефон тоьхнера цо цуьнан коьртах къаьркъа мелла а волуш, цул тIаьхьа берашна хьалха йуьйр йу бохуш, кхерамаш тийсинера. Иштта кертара шен хIусамненан Hyundai Solaris машен йагийна, тIе бензин а доьттина, кхин дIа дийцира Ирсас. Йа машен а, йа телефон а кхин толур йолуш йац.

Ирсан йагийна машен
Ирсан йагийна машен
Дуьххьара дац ша даьккхинчу ахчанах эцна хIума цо хIаллакйен

И сурт гинчара бахарехь, хIусамненан бахам цо хIаллакбечу хенахь, кхайкхина баьхкинчу лоьраша зудчун коьртара чов йоьхкура. МСЧ а цхьаьна кхайкхинера цара, амма цIейайархой схьакхачале 890 ззар сом делла машен йерриг а йаьгна йелира. Баьхкинчу полисхоша лецира цIетеснарг, амма Iуьйранна дIахийцира кега-мерса хулиганалла лелорах протокол а хIоттийна.

Зудчун дуккха а цIий дIаихнера, цуьнан уллорчу доттагIчо бахарехь, тIелеттачул тIаьхьа дарбан цIийне охьайиллинера. Масех де даьлча шолгIа а охьайилла йийзира иза, цуьнгахь вон хьал хилла. Ши кIира а ду иза балха лелаш йоцу. Ирсин доттагIчо дийцира Кавказ.Реалиин корреспонденте, зудчун жимо шен бизнес йу: дуккха а къахьоьгу цо, шена а, берашна а оьшург латторхьама.

"Цо ша даьккхинчу ахчанах эцна хIуманаш дуьххьара хIаллакйеш йац цуьнан майрчо. ХIинца машен йохийна. Цуьнгара телефон схьайаьккхина хиллера цо, кхечу божаршца иза зIенехь хиллий хьожуш. Цунах лата бахьана оьшура цунна. Машенна динчу зенна алсам тергойина хиллера полицино, цунна тIехь динарг кхин башха хьесапе ца лоруш", - тешна йу иза.

Полици тийна Iар

Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь Ирсас ша а тIечIагIдира, и хьал гинчара дийцинарг, шен кочавахарх а, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккха аьлла, ша полицига дIахаийтарх а.

"И хьал хиллачул тIаьхьа биъ маха баьккхира сан коьртара чов тоьгуш, цхьа маха куьгах а. Сих-сиха кхетамчуьра йуьйлу со, лоьраша дарба долийна. Кхин дIа къамел дан гIора дац соьгахь", - дийцира лазийначо.

Кхин дIа дийца дуьхьал хилира къамелхо. Оцу доьзална гергара болчу наха хаамбира, дуккха а хан йу Ирса оцу стага балехь латтон аьлла Цуьнгара диъ бер схьадаккха а гIоьртира хIусамда масийттаза. Цо ша эцна хилла машен лелон пурба делира цо цунна стохка, бераш школе дIасалело.

Машен йагорах динчу арзана Малгобекан полицино дуьхьал даийтина жоп
Машен йагорах динчу арзана Малгобекан полицино дуьхьал даийтина жоп

Регионера орцанхойн министралло хаамбира редакцига, чиллан-беттан 16-чохь Малгобекан кIоштан полици хаамбира цIейаларх аьлла. ГIалгIайчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-гIуллакххоша жоп даланза ду бехктакхаман гIуллакхан хьокъехь шайга динчу хаттарна.

Хиллачух протокол хIоттон Малгобекан кIоштара полицин декъан белхахо дуьхьал хилира корреспондентаца къамел дан:"Сайн хьаькамера пурба ца хилча, сан бакъо йац цунах лаьцна дийца".

"Со галйаьлла а бехира"

2022-чу шарахь ГIалгIайчоьнан полици дуьхьал хилира Садакиева Розин дIахьедарна тIехула бехкзуламан гIуллакх долон. Вашас а, дас а йетташ хиллера цунна кест-кеста. Цул совнах, вашас йуьйр йу бохуш, кхерамаш тийсинера цунна, герз а тоьхнера. Марера цIа йеъначул тIаьхьа шен берашца цхьаьна йаха лиънера цунна, уьш бахьанехь кхеле йаьллера иза. Оцу тIехула цуьнан гергарнаш оьгIазбаханера цунна.

Масийттаза йиттира суна гематомаш йуьтуш, ткъа сан бераш дехошка дIаделира

"Дас а, вашас а суо йаьлла ца йитира со. Масийттаза йиттира суна гематомаш йуьтуш, хьен туьта а лазош, сан бераш ТоршхоевгIаьрга дIаделира. Травматикан тапча а туьйхира суна вашас, бераш Iад а дитина, кхечухьа маре ца йодахь, ша йуьйр йу бохуш", - дийцира бала хьегначо.

Дарбанан цIийнера арайаьлча стохка гIалужу-баттахь царех лечкъа дийзира цуьнан. Полици дIахьедира цо шен вешина а, дена, цара шена йетта аьлла, бераш щеца дитар доьхуш, кехаташ чуделлера.

"Сан хилла цIийнда а сан деца, вешица берта а вахна, суна дуьхьал тоьшаллаш деш ву. Кхелехь со кхетамчуьра йаьлла а бехира", -дийцира Садакиевас.

Эххар а бераш шеца дитар доьхуш, Садакиеван тIедахкарш кхочушдан реза ца хилира Магасан кIоштан кхел. Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, Дагестанера кхелаша дукха хьолахь деца дуьту бераш – цунах кхетадо меттигерчу менталитетаца а, Iадаташца а. ХIусамненехьа сацам бинехь а, кхелан пурстоьпаш сих ца ло и сацам кхочушбан. Оцу кепара дискриминаци йина меттигаш бу, масала, Муружева Лайлаан а, Губашева Асетан а, Юсупова Фатимин а, Ферзаули Расинин а масалшца. ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра наной бу уьш, шайн бераш кхаба а, кхион а бакъо йаккха хьийзина.

  • Къилбаседа Кавказера иттаннашкахь зудабераш Iиттало доьзалехь латточу гIелонах, цхьаболчара бовда сацам бо. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира Кавказера зударийн хьолах лаьцна дуьйцучу "Даптар" журналан коьртачу редакторца, "Марем" тоба кхоьллинчу Анохина Светланица, тIом иккхинчул тIаьхьа муха хийцаделла бакъоларйархойн балхаца долу хьал аьлла.
  • ЛГБТК-нахана а, доьзалехь нийцкъ бечу адамашна а гIо дечу "СК SOS" тобанан куьйгалхочо Истеев Давида дийцира Кавказ.Реалиига, 2022-чу шарера схьа дуьйна Кавказера зударий алсам цIера ида буьйлабелла, шайгахь латточу баланах кIелхьарбовлархьама. Масала, шен герарчара полицига дIа а аьлла, 2023-чу шеран лахьан-баттахь Эрмалойчохь лецира 21 шо долу ГIалгIайчуьра Зурабова Фатима, дас-нанас баланехь йаллош хиллера иза.
  • ГIалгIайчуьра йахархочо Баркенхоева Индирас дийцира Кавказ.Реалии сайте, стохка шегара схьадаьхна бераш ган гIоьртинчу шена майрчо а, марвашас а арматура йеттарх лаьцна. Полици дIахьединера цо, амма цаьргара кхин жоп ца кхечира цунна. И гIуллакх къаноша листа дезаш ду аьлла хиллера цуьнга, бохура Индирина гIо деш хиллачу юристо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG