ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лецначарна ницкъбинчу ФСИН-ан а, полицин а 43% белхахошна хенаш йиттина


2000-чу шарера схьа дуьйна таIзарш лелийначу бакъоларъяран органийн 122 белахочух 52-нна арахь такха хенаш кхайкхийна. Оцу юкъанна ницкъ ца тоьъна эханна дуьхьал бехктакхаман гIулакхаш даха. РБК агенталло бина и хаам, Iазапашна дуьхьалояран Комитето арахецначу рапортана тIетевжина.

Оьрсийчоьнан ворхI регионашкахь лецначаьрца а, хенаш йиттина чохь бахкочаьрца а шогалла лелийна 219 меттиг хаабеллера организацина 2000-чу шарера схьа. ТаIзар дина бакъоларъяран органийн 122 белхахочунна, 70 колони хьажийна. Йиттинчу хенийн юккъера барам бу диъ шо сов. Уггар а шога вердикт – набахтехь даккха кхачийна 14 шо.

Зенаш хиллачех дукхаболчарна йиттинера. Бакъоларъярхошка латкъамаш бинчу 20 процентна ток йеттийтинера, 15 процентна резинин дечиг йиттинера.

Комитете арз динчарлахь хилла бу татол чохь байъа хьизийнарш а, йий чохь долчу шишанан тIус логах чекхбаккхийта гIиртинарш а, противогаз тIехь а йолуш, хьала-охьа теIийта декхаре бинарш, кхехкийна хи тIедиттинарш а, дегӀ дулучу гӀирса тIехь ницкъбинарш а.

Комитетан зерашца, 77 процент меттигашкахь арз чукхаьчча дуьххьара бинчу талламийн жамIашца бехкзуламан гIуллакхаш ийдан реза ца хуьлу Талламан комитет. 23 процентехь маса дуьхьалдоху. Масала, ницкъбинчул тIаьхьа стаг веллехь, цуьнан могушаллина баккхийчу барамашкахь зенаш динехь, йа инцидент резонансе яьллехь. Делахь а, оцу меттигашкахь а гаранти яц, гIуллакх эвсара толлур ду аьлла, билгалдоккху бакъоларъярхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG