ХIора пхоьалгIачу Оьрсийчуьрчу вахархочо тIедуьту, лецначу наханна тIехь ницкъбан мегар хилар, гойту "Лавада-центро" бинчу талламаман жамIаша. 11-та процента дIахьедина, адамашна Iазап дан мегар ду башха хӀума иккхича, оцо бехке боцчу нехан дахар кIелхьардоккхуьйтур делахь аьлла.
Кхин а 9 процент ойла йолуш ву, Iазап дан мегар ду, ницкъ беш къиза зуламаш дарна чубоьхкинчу наханна тIехь аьлла.
Оьрсийчоьнан Iедалша кхечу пачхьалкхан агент лаьррачу "Левадан-центро", шен хаттарш дира, Оьрсийчоьнан колонешкахь наханна тIехь ницкъбеш хиларх лаьцна керла хаамаш бина дукха хан ялале.
ГIадужу-бутт болалуш бакъонашларъяран Gulagu.net проекта арахийцира Федералан таIзарш кхочушдон федералан сервисан туберкулёзан дарбан цIийнехь дарба дечу Белгородан кIоштIахь а, Камчаткехь а чубоьхкинчу наханна тIехь Iазап латтош яьхна видеош.
Хаттарехь дакъалаьцначу 66 процент нахана а бен ца хета, Iазап латтор, хIуъа бахьана хилахь а, хилийта мегар доцуш хIума ду аьлла.
Iазап латтор тӀелаца мегар доцуш ду аьлла хетачу нехан процент, алсамъяьлла шина шарахь. 2019-чу шарахь "Левадан" хаттарш даро гайтира, 60 процент гергга бен ца хилар Оьрсийчохь Iазап латтор мегар доцуш хIума ду аьлла хета нах. 2018-чу шарахь оцу тайпана нах бара 57 процент. Оцу шарахь хаттарехь дакъалаьцначех хIора итталгIачо элира, низамаш лардон органийн векалшкара ницкъ бар лайна ву ша аьлла. Делахь а, 40 гергга проценто дIахьедира, нах хьийзорца къийсам латторо зуламаш дар гучудахаран терахь лахдан мега аьлла хета шайна аьлла.