ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лецначу нохчийн хьокъехь жоп доьхуш МВД-га кехат дахьийтина хорватхойн бакъоларйархоша


Хорватин дозанехь паспортан контролан пунктехь полисхой. 2012-чу шеран марсхьокху-бутт
Хорватин дозанехь паспортан контролан пунктехь полисхой. 2012-чу шеран марсхьокху-бутт

Пачхьалкхан йоцу хорватхойн машар талларан Центран бакъоларйархоша Чоьхьарчу гIуллакхийн министралле кехат дахьийтина, Нохчийчуьра бахархой дIалецаран хьокъехь кхетор доьхуш. Кехат хьажийна Кавказ.Реалиино арахецначу хааман бух тIехь - цигахь дуьйцура, масех иттанаш дIалецначу нохчаша шайна полисхоша ницкъбо, тховкIело йоьхуш дина аьрзнаш юхаэцар тIедожадо бохуш латкъамаш дарх.

"И нах тховкIело йоьхуш барий, мел стаг ву уьш, лаьцна стенна латтабо, адвокаташца зIе латто йиш юй церан, хиттина оха… Уьш Нохчийчуьра схьабевлла балахь, суна хетарехь, дукха дика гуш ду, уьш, хетарехь, Путинан ражах а, мобилизаци а йина, Украинерчу тIаме хьийсорах а бевдда хилар. ТIемашка хьийсоран меттана вайн декхар ду ишттачу наханна тховкIело йала", - дIахьедина Радио Свободан Балканан сервисе Центран векало Кекуш Сарас.

Цул сов, Хорватехь нохчий дIалецаран хаттар низамехь йоцучу миграцин, дуьненаюкъарчу кхерамазаллин агIонехула болчу полисхоша лелочунна тIехь тидам латточу Йозушйоцчу Координацин комитетехь пIераскан дийнахь дийцаре дийр ду. Хорватхойн полици мигрантийн хьокъехь агрессиве лелла а, "нуьцкъаха дIатиттина" а меттигаш нисйелча кхоьллина ю иза.

Комитетан хьалханчас Маркт Роберта дийцарехь, бакъоларйархошна хIинца хIумма а ца хаьа дIалецначийн хьолах лаьцна а, церан терахьах а.

"Адамаш тIелацаран Загреберчу Центрехь карарчу хенахь Оьрсийн Федерацера 153 стаг хилар а, цаьрца йолу юкъаметтиг кхечу тховкIело лоьхучу мигранташца санна хилар а девза цкъачунна. Хорватин Республикехь шайна тховкIело йоьхуш кехаташ чуделларш бу буьйцуш", - аьлла Маркта.

Дагадоуьйту, "Европерчу нохчийн Ассаблейн" векало Дадуев Iийсас Кавказ.Реалиин сайте дийцина, лецнарш 50 гергга стаг хила мега, Оьрсийчуьра эмиграци а йина, Балканашкахула Хорвате кхаьчна болу нохчий бу уьш. Амма, Дадуевн хаамашца, оцу пачхьалкхехь бисса лууш бац уьш, транзитаца тIехбоьвлла дIабаха дагахь бу. Экстремизм лелорна бехке буй хьожуш талламех чекхбоху, депортацин лагерехь латтабо цигахь дIалецна нохчий.

"Цаьрца вон хилла ца Iа. Сийсазбарал, кхерамаш тийсаралал совнаха, царна ницкъбо. Гергарчаьрца, адвокаташца зIене бовла аьтто ца ло, тховкIело йоьхуш чуделла аьрзнаш юхаэцар тIедожош чIогIа Iаткъамбо, тIаккха депортаци йо. Церан кехатна куьйг а йаздина, тIаккха депортаци йина йиъ меттиг йевза тхуна хIинцле а", - тIетоьхна спикеро.

Иммиграцин, бахархойн, административан гIуллакхийн а Урхаллера комментари йаккха гIоьртира Кавказ.Реалиин редакци. Корреспонденто шен цIе яьккхича, секретара кхечуьнца зIе дехьайаьккхира, амма цхьамма а жоп ца делира. ХIара хаам арахоьцучу юкъанна Хорватин низамхойн официалерчу сайташкахь цхьа а комментареш йац, йа Нохчийчуьра мигранташ дIалецаран хьокъехь кхетораш дац.

  • Украинера тIом болабелчхьана сих-сиха хуьлу нохчашна дуьхьало еш, йа европхойн пачхьалкхаша депортаци йина меттигаш. Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх румынхойн миграцин хьукмато. Бакъонашларйархойн хаамашца, къаьсттина иза нохчех хьакхало: царна йан тарло депортаци, йа лаца тарло уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, Румынин доза транзитехь хадош хилча а.
  • Оьрсийчуьра а, Украинера а, Советан Iедал доьхначул тIаьхьа хиллачу мехкийн а, Европерчу пачхьалкхийн а бакъонашларъярхойн тобано кехат дахьийтира Интерполе, Оьрсийчуьра а, кхечу пачхьалкхашкара а бахархошна политикан бахьанаца тIаьхьабевлла леларехь гIоьналла латточу политикана дуьхаьло йе аьлла, кхайкхамбеш. Буьйцурш бу Интерполан системехула Оьрсийчоьнан дехарца лоьху нах. Царех дуккхаъчарех Кавказ.Реалиино йаздира – Нохчийчуьра мухIажарш бара уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG