ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Левада-центр: тIаьххьарчу эхашарахь Америке дикачу агIор хьежа буьйлабелла Оьрсийчуьра бахархой


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Американ Цхьаьтоьхначу Штаташка а, Евробарте а хьежар толуш ду Оьрсийчуьрчу бахархойн, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо (Радио Свобода). Цу тайпа жамI деъна "Левада-центро" (юкъатоьхна ю "арахьарчу агентийн" реестрна) бинчу талламо.

Кхушара Стигалкъекъа-баттахь Цхьаьнатоьхна Штаташка вочу агIор шаьш хьоьжуш хиларх лаьцна дийцира 54 процент хаттарехь дакъалаьцначу Оьрсийчуьрчу бахархоша, 31 процент респонденташ дикачу агIор тIеоьцуш бара и пачхьалкх.

Лахьан-баттахь Американ Цхьаьтоьхна Штаташ дика пачхьалкх хеташ бара 45 процент респонденташ, ткъа 42-на процентана иза вон хетара.

Цу кепара, социологаша билгалдаккхарехь, 2018-чу шарахь Товбеца-баттахь дуьйна дуьххьара Америка дика тIоьцучу нехан дакъа алсамдаьлла вочу агIор цуьнга хьоьжучу нехан декъал а.

Евробарт дика тIеоьцучу Оьрсийчоьнан бахархойн дакъа эхашарахь алсамдаьлла 10 процентана – 48 процент. Вочу агIор шаьш Евробарт тIеоьцуш хиларх лаьцна Лахьан-баттахь дийцира 38 процент хаттарехь дакъалаьцначара.

Хьалхо кху кIиранах "Левада-центро" хаам бира, 75 процент Оьрсийчуьрчу бахархошна хета карарчу хенахь оьрсийн-украинахойн гIоьртина юкъаметтигаш хила тIаме дерза мега аьлла Оьрсийчоьнна а, Украинина а юкъахь.

Цуьнца цхьаьна, дукхахаболчу респонденташна хета, тIаьххьара хьал чолхедаларна бехке Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, НАТО-а ю аьлла, 16 процента жоьпалла тIедиллина Украинина, 7 проценто - Оьрсийчоьнна я цо гIортор ечу Данбассерчу сепаратисташна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG