ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литван Iедалша €300 лур ду цIа ваха реза хиллачу хIора мигрантана


Мигрантийн керт Литвахь
Мигрантийн керт Литвахь

Литван Iедалша 300 евро лур ду шаьш аьлла, виза а йоцуш шайн махка кхаьчначу хIора мигрантана. И ахча лур ду цкъа, нагахь нагахь уьш реза хилахь шайн цIа юхабаха. Цунах лаьцна LRT радион эфирехь дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан миграцин департаментан куьйгалхочо Гудзинскайте Эвелинас.

Цо дийцарехь, ахча дIалур ду аэропортехь мигранташ кеман рейсана тIеховшош. Нагахь уьш Литва юхабагIахь кхин ахча лур дац царна. Мигранташ цIа бахийта рейсаш маца йийр ю билгалдаьккхина дац.

ХIара шо доладелчхьана, дозанца йолу посташ а юьтуш, Беларусехула Литва кхаьчна 4 эзар гергга стаг. Оццул дукха уьш хилла бацара цкъа а. Мигрантийн терахь цIеххьара алсамдаьлла тIаьхьарчу масех кIиранах. Цхьацца буса Литван дозанхоша лоцу шайн доза хадош воллуш волу 100 сов стаг. Литва Евробартан декъашхо ю. Мигранташ тховкIело яларе сатуьйсуш хуьлу цигахь кехаташ делча шайн Евробартан территори тIехь баха аьтто хир бу бохуш.

Литван Iедалша бехке йо официалан Минск, цо къобул йо миграци Лукашенко Александран режимна дуьхьал луьра позици лаьцначу махкана бекхам бар Iалошонца бохуш.

МухIажарш ханна дIатарбан меттигаш кхоьллина Литвахь. Литван Iедалшна хетарехь, и нах баьхкина цхьа а царна кхерам боцчу Беларусера, цундела церан цхьа а бакъо яц Литвахь тховкIело еха. Цкъачунна Литва кхаьчначу нехан гIуллакхаш толлуш ду. Iедалша церан дехарш юхатоьхна а, къобалдина а меттиг бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG