ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лочкъийла лехар: Боснихь а, Герцеговинехь а нохчаша тховкIело йоьху


Нохчийчуьра 35 шо долу вахархо ву Боснихь а, Герцеговинехь тховкIело йоьхуш стохка гIадужу-баттахь дуьйна: Оьрсийчохь тешаме дац цунна цуьнан политикан хьежамаш а, мобилизаци а бахьана долуш, чIагIдо цо. Интерполехула лоьхуш ву иза, бехкево Шемара тIамехь дакъалацарна. ХIара – оцу кепара хуьлучех цхьаъ ду, йаздо Маршо Радион Балканан редакцино.

Оьрсийчоьне дIавала Босни а, Герцеговина а дуьхьал хиллашехь, иза дIахьажон кхерам хIинца а болуш бу: тIебаьхкинчу нехан гIуллакхаш луьстучу сервисо дIахьедина, пачхьалкхана цуьнгара кхерам хила тарло аьлла. Оцу тайпа хьолехь кхин а мел кIезиг а кхоъ стаг ву Оьрсийчуьра Боснихь а, Герцеговинехь тховкIело йоьхуш.

Оьрсийчуьра бахархойн юридикан интересаш Iалашйеш йу Vaša prava ("Шун бакъо". – Редакцин билгалдаккхар.) ассоциаци. Юристаша дIахьедо, шайн клиенташлахь Ичкерин маршонехьа болу нах а бу аьлла. Кхечу агIор, Оьрсийчоьнан Iедалхоша дахкийтинчу кехаташа билгалдоккху, уьш Шемахь тIамехь дакъалаьцна хила тарлуш хилар а, церан терроризмаца зIенаш хилар а.

Историн йуьхь

ГIадужу-баттахь Нохчийчуьра вахархо (редакцина хууш йу цуьнан цIе. – Редакцин билгалдаккхар.) Туркойчуьра кхаьчна Босни а, Герцеговине. Сараевохь лецира иза Интерполон ордеран буха тIехь. Оьрсийчоьнан Iедалхой цунна тIаьхьабовларан бахьана дара, Ичкерин арахьарчу Iедалехьа иза хилар, билгалдаьккхира Vaša prava организацино. Туркойчоьно ша Оьрсийчу дIахьажорна кхоьруш гIоьртинера иза Босни а, Герцеговине кхача.

Маршо Радион Балканан редакцица хиллачу къамелехь цо дIахьедира, Кремлан политикаца ша реза цахилар, иза кхоьруш вара, шена экстрадици йина хIума хилахь, Украинана дуьхьал тIаме вохуьйтур ву ша аьлла: "Сан политикан хьежамаш, сан динан, сан къоман билгалонашца Оьрсийчоь суна кхераме йу. Даим а кхерамехь, Iаткъамехь ваьхна ву со".

Боснин а, Герцеговинан а кхело сацам бира Интерполон ордеран буха тIехь цхьана ханна иза лаьцна вита. Цул тIаьхьа Нохчийчуьра вахархо тховкIело йоьхучийн центрехь дIатарвира.

ТховкIело йоьхучийн Центр
ТховкIело йоьхучийн Центр

Чиллан-баттахь кхел дуьхьал хилира цунна Оьрсийчу экстрадици йан, ткъа зазадокху-баттахь юстицин министралло и сацам тIечIагIбира. Цигахь хаамбира, Оьрсийчоьнан дехар дIатеттина, хIунда аьлча, Нохчийчуьра вахархочо тховкIело йехна хIинцале а аьлла. Боснин а. Герцеговинан а низамо бакъо ца ло, нагахь санна дуьйцург тIеман йа политикан зулам делахь, экстрадици йар.

Делахь а оханан-беттан йуьххьехь тIебаьхкинчийн гIуллакхашкахула йолчу сервисо мухIажарийн Делияшера центрехь волу иза Малхбален Сараевера иммиграцин центре дехьаваьккхира. ДIсалелар доьхкуш, къевлинчу кепехь хьукмат йу иза. Адвокаташа чIагIдо, низамехь доцуш дина хIума ду и, ша Iалашвечун бакъонаш а хьоьшуш: иттех дийнахь царна иза волчу меттигах лаьцна хууш хIуммаъ а ца хиллера.

Сан политикан хьежамаш, дин, къам бахьана долуш суна тешаме дац Оьрсийчохь

ТIебаьхкинчу нехан гIуллакхаш луьстучу сервисо кхетийра иза дехьаваккхаран бахьанах, Нохчийчуьра вахархочо йукъараллин къепена а, къоман кхерамзаллина а кхерам латтабо бохура. Оцу йукъанна зазадокху-беттан 23-чохь Боснин а, Герцеговинан кхело иза лоцу ордер йухаийцира – амма цунах лаьцна хаамаш биссина Интерполон базехь.

Цул тIаьхьа Vaša prava организаци Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле йелира охан-беттан 23-чу дийне кхаччалц цунна экстрадици йар дахдахьара аьлла. Делахь а сацам ца бира, цо таро йелира иза Оьрсийчу дIахьажош керла процедура йолон. Маца, стенга иза дIахьажор волуш ву – информаци йац карарчу хенахь.

Боснихь а, Герцеговинехь а арахьарчу бахархойх долчу низамо билгал ца йоху экстрадици йарх билггал йолу хенаш. Йаздина ду цу тIехь, адаман маршо, йа дахар цуьнан раса, дин, къоман йа политикан хьежамаш бахьана долуш кхерамехь делахь, бертаза цунна депортаци йан мегар дац цуьнан пачхьалкха аьлла.

Тхан пачхьалкх иза дIавала хьийза, амма кхеташ дац, легалехь бух бац цунна экстрадици йан аьлла сацам болу адам махкара ара муха доккху, бохура юристо Велич Нинас: "ХIинца информаци гучуйаьлла, цуьнгара кхерам бу аьлла, амма и бакъ дац. Цунах таллам бина, цо тховкIело йоьхучу хенахь, цунах таллам бина, экстрадици йарх хаттар луьстучу заманчохь а".

Vaša prava ассоциацино апелляци йина иза Оьрсийчоьне дIаваларна. Кхелан процесс кхин дIа а йоьдуш йу, юристаша чIагIдо, йуха а Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз дан йиш йу.

Журналисташца хиллачу къамелехь тховкIело йоьхучо тIе ца дуьту шена дохку бехкаш, ша Шемахь хилла бохург а. Оцу йукъанна Vaša prava организацино чIагIдо, шаьш Iалашвийриг Ичкерин агIонча ву, Нохчийчоьнан суверенитетехь а ву, цунна тIаьхьабовлар оцу бахьанашца ду аьлла: "Нохчийчоьнан маршонехьа мел верг Интерполехула лаца кхайкхор ву Оьрсийчоьно".

Нохчийчоьнан маршонехьа мел верг Интерполехула лаца кхайкхор ву Оьрсийчоьно

Цуьнца уьйраш йу цуьнан бохуш Оьрсийчоьно иза бехкевен организаци, ООН-н версица террорхойн лоручийн тептарехь йац, билгалдоккху Vaša prava организацино Боснин а, Герцеговинан талламбаран, Iалашваран агенталлин (SIPA) хаамна тIетевжина. Йу и "Аджнад аль-Кавказ" тоба – Шеман къилбаседанехь лелаш йолу, нохчаша куьйгалла ден гIаттамхойн джихIадхойн тоба. Боснин а, Герцеговинан кхело а, SIPA агенталло а цкъачунна тIечIагIйина йац и информаци, редакцин хеттаршна йа жоьпаш а ца делира.

"Экстремизмаца къийсам латторан проектан" хаамашца, 2015-чу шарахь вовшахтоьхна йу "Аджнад аль-Кавказ" тоба, Къилбаседа Кавказера Шема баьхкинчу тIемалойн гонашкахь. Оьрсийчохь террорхойн лоруш йу и.

Интерполоца харцо лелор?

35 шо долу Соьлжа-ГIалара вахархо - дуьххьара вац тIаьххьарчу шина шарчохь тховкIело лоьхуш Босни а, Герцеговине баьхкинчех. 2022-гIа шо довш республикера 20 гергга вахархо кхечира Сараево, цара дIахьедора, мобилизацих девда даьхкина шаьш, тIамтIе даха ца лаьа бохуш.

Хорвати баха дагахь хиллера уьш, цул тIаьхьа – малхбузен пачхьалкхашка дехьабевлла, цигахь тховкIело а йоьхуш. Делахь а дозанхойн полицино хIетахь дIахьедира, "визанаш йоцчу рожаца харцо лелайо цара", пачхьалкхе чу буьтучу барамашца богIуш бац уьш аьлла.

Нохчийчуьра 35 шо долу вахархо воцург а, Vaša prava ассоциацино Iалашвеш ву Оьрсийчуьра веана кхин а шиъ вахархо. Оьрсийчоьно кехаташ дахкийтинера, и шиъ а схьавоьхуш. Боснихь а, Герцеговинехь тховкIело йоьхуш цара чуделла дехарш а йухатиттира.

ВоьалгIачу Оьрсийчуьра вахархочун – Баштуев Юладин хьокъехь – Боснин а, Герцеговина кхелехь экстрадици йаран процедура кхин дIа хьош йу. Интерполон Оьрсийчоьнан декъо лоьхуш ву иза бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанашлахь дакъалацарна, Росфинмониторинган террорхойн, экстремистийн тептаре йазвина ву иза. Баштуев набахтехь латтош ву стохка марсхьокху-баттахь дуьйна.

Оьрсийчоь масийттаза бехкейира Кремлан политикана резабоцурш лаца кхайкхош Интерполон ордерех пайдаэцарна. The Heritage фондан чоьтехь билгалдаьккхина ду, "харцонца Интерполо буьйлучийн къегина масал гойтург Оьрсийчоь йу" аьлла, Малхбузенна а, шен рожана дуьхьал мел болчарна а дуьхьал Путина лелочу кампанин цхьа дакъа ду хIара бохура.

  • Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхичхьана масех эзар нохчо Хорвати йолчу агIора дIавахара. Боснин, Герцеговинин дозанаш хедош. Украинерчу тIаме цабахархьама цара Европехь политикин статус йоьху. Цаьрца цхьаьна махках бевлла дIабахна церан зударий, наной, ден, ненан йижарий, ден, ненан наной - Нохчийчуьрчу Iедалхоша шайн божаршна тIаме баха цалаарна шаьш йарташкара арадоху боху цара. Кавказ.Реалии сайтан корреспондент цхьаьнакхийтира хорватхойн дозанерчу Загребехь йолчу лагерера мухIажаршца.
  • Марсхьокху-баттахь Сербин президенто Вучич Александра дIахьедира, "нохчийн а, чергазийн а" цхьа тоба йоьзна хиларх ах къобалйинчу Косовоца рогIера конфликт марсаяккхарца. Цо цIераш яьхначарлахь бара Кадыров Рамзанан рожан критикаш. ДIахьедар бух болуш хиларх шеконаш яра Кавказ.Реалиино хеттарш динчу экспертийн: царна хетарехь, Серби а, Нохчийчоь а бертайахаран билгало йара и, ткъа Вучич Балканан ахгIайри тIера бахархой кхерон гIерта "нохчий кхераме бу" а бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG