ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лоьхуш вовшахтоьхна бу". Оьрсийчоьно муха балха оьцу коллаборанташ


Запорожьен кIоштарчу шайн министраллашка хIиттон хьаькамаш вовшахтоха гIерта Оьрсийчоьнан оккупацин Iедалхой болх лоьхучу сайташкахула.

Херсонера юхадевллашехь, украинхойн эскаро, чиллан-бутт бовш шайн долара девлла дозанаш кхин дIа а юхадерзон тарлушшехь, оьрсийн Iедалхоша кхин дIа а национализаци ю дIахьош украинхойн активашна Херсонан кIоштахь а санна, иштта Запорожьен кIоштахь а цхьаьна. ТIаьхьа ца юьсу царна долара бизнес а. Свобода Радионо теллира, оккупацин йинчу украинхойн гIаланашкахь белхан меттигашка кхойкхуш HeadHunter.ru, SuperJob.ru саташкара вакансиш: тхуна карийра "неIарш а, догIанаш а меттахIитттон" хууш монтажникашна болх кхийдор, къастийра Оьрсийчоьнан компанеш а, пачхьалкхан урхаллаш а украинхойн лаккхара говзаллаш йолу нах Оьрсийчу балха ийзон гIертар, иштта карийра Запорожьен "министрийн гIовсаш" лоьхуш хилар а.

Коьртешна тIаьхьабийлар

Украинехь тIом болабелчхьана журналистийн аьтто хилира болх лоьхучу Оьрсийчоьнан сайташ тIехь дуккха а тамашен вакансиш карон. Масала, дукха хан йоццуш кхузахь лоьхура Бердянскехь а, Токмакехь а окопаш а, траншейш а ахка нах. Чиллан-бутт бовш дуьйна сайташ тIехь алсамйевлира "контрактехула эскархочун" говзалла йолу нах лоьху вакансиш.

Къаьсттина "Керлачу Оьрсийчоьнан регионийн" бахархошна оьшу белхаш бу аьлла билгалдаккхар, - оккупаци йинчу украинхойн кIошташкара белхан ницкъаш тIеозор ду Оьрсийчуьра болх кховдочийн. Доккхачу декъанна квалификаци йоцчу белхан меттигашка кхуьйкху Севере а, Мордови а, Оьрсийчоьнан генарчу кхечу регионашка а вахта лелон нах. Уьш эшна а ца Iа: HeadHunter.ru сайта тIехь тхуна карийра масех ваканси, цаьрца оьрсийн лоьрийн хьукматаш хьийза Украинера лакхара говзалла йолу белхахой, масала, лоьраш, дехьабаха. Масала, Краснодаран кIоштара Ейскан психоневрологин диспансеро лоьху Украинан Запорожьен кIоштара психиатраш. WhatsApp-н мессенджере сайтехь билгайаьккхинчу телефонан лоьмарца яздира оха, жоп даийтира, пачхьалкхан бюджетан урхалла ю "керлачу оьрсийн регионашка белхахой лоьхуш" аьлла.

Къастийначу могIарехь йоьлху гIишлошйаран сферехула йолу бIенаш вакансиш, билгалдоккху, Оьрсийчоьнан бомбанаша а, ракеташа а йохийначу Мариуполехь оьшуш хилар белхахой. Иштта белхахой лоьхучу компанеша дукха хьолахь къайла ца хьо шайн сайташ тIехь, "гIала меттахIоттон" шаьш гIертар, мелхо а, дозалла до цунах. Практикехь белхалойх Iитталучух деша тарло кху линкаца "Медиазонан" материалехь.

Оьрсийчоьнан гIишлошйаран компанеша Мариуполехь дина керла цIенош
Оьрсийчоьнан гIишлошйаран компанеша Мариуполехь дина керла цIенош

"Министр йа министран гIовс хьо волуш санна вуьгу хьо"

2022-чу шеран гIадужу-баттахь Чувашин Iаламан ресурсийн а, экологин а министран декхарш кхочушдечу Воробьев Александра шен белхан документ дIа а делла, бедарш вовшахтоьхна, дIавахара Оьрсийчоьнан эскаро дIалецначу Украинан дозанашка.

"Эккхийтар хилале 3,5 сахьт хьалха ГIирмин тIайтIехула дехьадевлира, синхIоттам кхин дIоггара самукъане бац", – дийцира Воробьевс "Правда ПФО" сайтан журналисташка гIадужу-беттан 8-чохь. Цул жимма хьалха Воробьевна керла дарж делира: Запорожьен кIоштан Iаламан ресурсийн министран.

ГIирмин тIайтIехь эккхийтар динчул тIаьхьа йаьлла цIе, гIадужу-беттан 8-гIа, 2022 шо
ГIирмин тIайтIехь эккхийтар динчул тIаьхьа йаьлла цIе, гIадужу-беттан 8-гIа, 2022 шо

Оццу шен интервьюхь хьаькамо латкъамаш бо, керлачу урхаллехь болх бан меттигера нах карон атта дац бохуш: "Меттигера говзанчаш вукху агIор болчара чIогIа "Iадабо". Гергарчаьрга а цхьаьна телефонаш йетта кхерамаш туьйсуш, керлачу Iедалхошца цхьаьна болхбан дага а ма даийта бохуш. Оцу юкъанна хьалха дуьйна болх бечу меттигера юккъера алапа латтор ду аьлла, чIагIо а йо дуьхьалойечарна. Американ фондаша хIумма а кIезиг ахча дац боху стимулна луш дерг", - бохура Воробьевс.

Оьрсийчоьно оккупаци йинчу территореш тIехь масийттазза кIелонаш йира, Оьрсийчоьнан Iедалхошца болх бан реза хиллачу меттигерчу хьаькамашна а, иштта, Москвара а, кхечу оьрсийн гIаланашкара а баьхкинчарна а. Гезгамашин-беттан 6-чохь машен эккхийтинчул тIаьхьа велира Бердянскан "комендант" Бардин Артем. Товбеца-баттахь Херсонехь муьлш бу цахуучу наха эккхийтира кхин а цхьа машен, цу чохь хиллера Оьрсийчоьно хIоттийна Херсонан кIоштан доьзалан а, кегийрхойн а, спортан а урхалхо Савлученко Дмитрий. Иза а велира. Оцу кепара хиламаш кхин а дуккха а нисбелира.

Гуш ма-хиллара, оцу тайпана хаамаш баьржинчул тIаьхьа, оккупацин Iедалца юкъарлонаш лелон кийча болу нах лаха хIуммаъ а атта дацара. Воробьев Александран дийзира белхахой лаха могIарчу болх лоьхучу сайташкахь – ур-атталла, шен гIовс а. И ваканси хIинца а йолуш ю, конкурсах чекхваьллачунна 300 эзар сом алапа лур ду аьлла баттахь. Цул а жимма лахара (баттахь 260 эзар) даккха йиш ю оццу министраллехь "маьIданаш лелон а, хинан бахаман а Департаментан директоран".

Меттигера белхахой лоьху иштта, оккупаци йинчу дозанаш тIехь кхоьллинчу Оьрсийчоьнан кхечу министраллаша а. Масала, Запорожьен кIоштан индустрин, энергетикан Министралла, цуьнан куьйгаллехь ву Свердовскан кIоштахь индустрин министран хьехамча лаьттина Гуськов Юрий, кийча ю 150-200 эзар сом баттахь алапа дала планан-экономикан а, юридикан а дакъойн куьйгалхошна.

Мехала белхахой лоьхучу юкъанна, министралло пиар лелайо. Financial Times гIирсан талламца, украинхойн оккупаци йинчу меттигашкара лачкъйина хилла ялта дохка Iалашонца кхоьллинчу "Пачхьалкхан ялтанан операторца" цхьаьна Запорожьен "Минпромо" а, ша Гуськовс а вовшахтоьхна ю "Говорит Россия!" проект – "Охлобыстин Иванца документалан фильм а, Запорожьен кIоштахь маьршайаьккхинчу территори тIера кеп-кепара юкъараллин дахаран а, экономикан а сферех лаьцна 25 видеосюжет.

Херсон, лахьан-беттан 13-гIа, коллаборационизмана бехкебина меттигера бахархой бIогIамах дIабихкина
Херсон, лахьан-беттан 13-гIа, коллаборационизмана бехкебина меттигера бахархой бIогIамах дIабихкина


Лачкъийначунна инвентаризаци йар

2022-чу шеран охан-баттахь, Оьрсийчоь Украине гIоьртина ши бутт баьлча, украинхойн "Киевстар" зIенан операторо хаамбира официалан пресс-релиза тIехь, Оьрсийчоьнан эскархоша шен Херсонан кIоштара инфраструктура а, офисаш а дIайаьхна аьлла. Украинхойн прокуратуро бехкзуламан гIуллакх диллира "ТIеман ламасташ а, низамаш а дохорна" аьллачу Iедалан кхепехула.

Аьхкенан юьххьехь Украинан къилберачу оккупаци йинчу дозанаш тIехь болх болийра "ДНР" аьлла, шаьш дIакхайкхийначу меттигера "Феникс" операторо, цул тIаьхьа юха кхоьллинчу оьрсийн "Мир Телеком" компанино а. Оьрсийчоьнан лицензешца болх беш ю иза, диллина шен сайтехь лоьху Мелитополера а, Бердянскера а, Геническера а клиенташ кхочушбен говзанчаш. Амма цхьанхьа а билгал ца доккху, абонентийн хьашташ кхочушдан муьлхачу инфраструктурех пайдаоьцур бу.

HeadHunter.ru сайтехь Свобода Радиона карийна "Мобилан зIенан монтажник" аьлла ваканси, цу тIехь къаьсташ яздина ду, "базан станцешна инвентаризаци" ярх ду дуьйцуш аьлла, ткъа белхан меттиг ю "Запорожьен кIошт". Балха вогIучун корматалла хила йеза – "неIарш, догIанаш тодеш ремонтан белхаш бан". Болх кховдийнарг - ООО "МСКА Профиль" жима компани ю Сергиев Посад гIалахь 2019-чу шарахь кхоьллина, цуьнан штатехь ву, юридикан "Контур.Фокус" юридикан нехан базерчу хаамашца, верриг а 5 белхахо.

Свобода Радионо телефон туьйхира сайтехь билгалйаьккхинчу номерца. Телефон схьаэцначу стага тIечIагIдира, украинхойн операторийн хилла базийн станцешкахь болх бар ду шаьш дуьйцург аьлла. Билгал ца даьккхира цо, украинхойн операторийн муьлха вышканаш ю юьйцурш, амма чIагIо йира, БС-х юха дIатосуш белхаш оьшуш бац аьлла: "Йоллу вышканаш хIинцале а юхатIетийсина ю",- элира къамелдинчо."

Симферополера "Киевстар" мобилан зIенан операторан офис, зазадокху-бутт, 2014 шо
Симферополера "Киевстар" мобилан зIенан операторан офис, зазадокху-бутт, 2014 шо

Херсонна оккупаци йинчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан Iедалхоша гIаличухула плакаташ даржийра "Оьрсийчоь кхузахь гуттаренна хир ю" аьлла. БархI бутт ахбутт баьллачул тIаьхьа, Херсон ВСУ-но маьршайаьккхича, и лозунг беламе даьккхира социалан машанашкахь. Запорожьен кIоштара оккупаци йинчу дакъошкахь шаьш леринчу перспективийн мах хадош ООО "МСКА Профиль" компанино даладо "цкъа а ма ала гуттаренна а" маьIна долу дешнаш: балха кхойкхучу сайта тIехь яздина ду, "3 шарна балха оьцуш ву" шаьш аьлла.

"Лаам белахь официалехь балха оьцур бу"

2022-чу шеран товбеца-бутт бовш Оьрсийчоьнан кхело 60 эзар соьмана гIуда туьйхира оьрсийн яккхийчех йолчу медицинан анализаш лахьочу цхьана компанина – "Гемотест". Бахьана дара, цуьнан клиентех хаамаш нахалабовлар. ГIадужу-баттахь "Гемотестан" 10 клиенто дехар дира Талламан комитете, шайх лаьцна информаци нахалайаларна бехктакхаман гIуллакх айде аьлла.

Оцу скандало новкъарло йо "Гемотестана" Украинана Оьрсийчоьно оккупаци яр бахьана долуш бизнес шорйан: "керла территориш кхион менеджер" лоьху компанино. "Керла территореш" ю, вакансех лаьцна дуьйцучохь яздарца, къобалйанза Донецкан а, Луганскан а "халкъан республикаш". Керла белхахо дIатарвала везар ву анеекси йинчу ГIирмехь, ткъа цуьнан болх хир бу "ДНР", "ЛНР" олучу меттигашкахула дIасалеларца а, керла лабаратореш схьайелла гIишлош лоьхуш а.

ТIейогIучу хенахь украинхойн армино деоккупаци йен йолчу территори тIехь лабаратореш нислахь, хIун хир ду оцу белхахойх аьлла, Свобода Радион журналистан хаттарна жоп ца делира "Гемотестехь". Цул совнах кандидаташ Iехабо "Оьрсийчоьнан Федерацин белхан кодексехь балха оьцур бу" бохуш. Киевн куьйгакIел йоцчу Украинан территореш тIехь болх лоьхучу массарна а йац и таро. Масала, тIеман министралло а, ФСО-но а хIитточу ГIирмера "ОСКОМ" электроникан туьканаша а, Запорожьен оккупаци йинчу дакъошкахь керла кхоллинчу пачхьалкхан структураша а белхахой лоьху Запорожьен кIоштахь, официалехь балха эца таро ло, нагахь санна, церан "лаам белахь".

Симферополера "Гемотестан" цхьахйолчу лабаратори чувоьдучохь маска йоьхна стаг, аннекси йина ГIирма
Симферополера "Гемотестан" цхьахйолчу лабаратори чувоьдучохь маска йоьхна стаг, аннекси йина ГIирма

1000 сов бехкзуламан гIуллакх

Украинан бахархошна, лакхахь охьайагарйинчу меттигашка балха хIитта реза хилахь, украинхойн "партизанашкара" бекхам хила кхерам лаьттина ца Iаш, бехкзуламан гIуллакхаш а ду царна дуьхьал дохур долуш.

Украинан Пачхьалкхан талламбаран бюроно лахьан-беттан 2-чохь хаамбира, хIинцале а 1050 бехктакхаман гIуллакх схьадиллина шаьш "ямартхошна а, коллаборанташна а" дуьхьал аьлла. 800 сов гIуллакх диллина "Пачхьалкхана ямартвалар" аьллачу Iедалан къепехула, 132 – зазадокху-баттахь юкъаяьккхинчу керлачу "Коллаборационан болх" артиклехула, 10 – "Пачхьалкхана-агрессорна гIодар" аьллачу къепехула. Къаьсттина дукха гIулакхаш диллина Донецкан а, Луганскан а, Херсонан а, Запорожьен а кIошташкахь. "Важные истории" гIирсо лахьан-баттахь яздарца, чиллан-беттан 24-гIа де тIехдаьлчхьана 70 сов таIзар дина оцу артиклашкахула хIора баттахь. Нагахь санна, Оьрсийчоь тIамца чугIортале хьалха "пачхьалкхана ямарт валар" а, "сепаратизм" а Iедалан къепешкахула тоьхна хенаш арахь токхуш хиллехь а, хIинца 65 процент меттигашкахь кхелаша цаьрца а, Зуламан Кодексан керлачу артиклашкахула а доьзначу гIуллакхашца чохь йаккха хан туху. Коллаборационизмана бехкевина 300 гергга стаг лаца кхайкхийна ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG