ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьраш – реза бу, жигархоша – хеттарш до. Лаам а ца хоьттуш йийр ю вакцинаци


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь пенсионераш декхаребина коронавирусна дуьхьал вакцина тохийта – лаамза дарбадар долийначу регионех ю и шиъ. Лоьраш тешна бу оцо уьнах лечийн статистика лахйийриг хиларх, хIунда аьлча лакхара ду баларш къаьсттина къаношлахь. ХIетте а мехий деттийтанза бисинчаралахь цхьа дакъа дуьсуш ду вирус адамаш хIаллакхдан я царна чипаш хIитто кхоьллина бохучух теша. Ткъа кхечарна жоьпаш хаза лаьа шайгахь IаьIначу хеттаршна дуьхьал. Масала, стенна яздойту нахе вакцина шайна яйта шаьш реза бу, олий, куьг, амма хIунда яц церан хила тарлучу хьовзамах жоп деха йиш?

ГIадужу-беттан 18-чохь Ставропол-мехкан коьртачу санитаран лоьро Ермаков Александра сацам арахецна, 60 шарал тIехбевллачу нахах лаххара а 80% вакцинаци йина хилийта, аьлла. Лахьан-беттан 19-гIа де тIекхачале тоьхна хила беза хьалхара маха, шолгIаниг – ГIура-беттан 20-гIа де дерзале.

Краснодар-махкарчу санитаран коьрта лоьро Потемкина Марияс арахецна сацам бу кхин а шога. Документо Iедалан хьукматаш декхарейо 60 шарал воккханиг а, пехийн, деган, пхенийн лазарш, диабет ерш а, сов берстина нах а вакцинацех чекхбаха. Хьалхара маха тохийта беза Лахьан-беттан 13-гIа де тIедале, шолгIаниг – ГIура-беттан 13-гIачу дийнале.

Шеца шалхенаш йолу Путин

Вакцинаци яйтар тIехь ду пенсионерашна (иштта цхьацца кепарчу говзаллин белхахошна а) Оьрсийчоьнан 14 регионехь. Амма оцу юкъанна президента Путин Владимира дуккхаза а аьлла вакцинаци лаамза йойтийла дац.

"Вакцинаци – иза, кхеташ ду, хIора стеган шен лаам бу, цо ша тIеоьцу цунах болу сацам", – билгалдаьккхира пачхьалкхан лидеро вакцина арахецар а, иза тохар а дийцаредечу кхташонехь Зазадоккху-баттахь.

Кхето а, тешо а веза вакцинаци яйтар цомгуш хуьлучул гIолехьа дуйла

"Лаамза наханна вакцинаци ян хьашт дац, мегар а дац. Бахархой шаьш бахка беза иза шайна оьшу аьлла хетачу ойлане, ца яйтахь, шаьш луьрачу хьелашка хIуьттий, бала а мегий шаьш кхето деза цара", – дIахьедира Путина Стигалкъекъа-баттахь хиллачу экономикан кхеташонехь.

"Муьлха а тIедожийна долу декхар атта дитало юьстах. Эрна ца олу, низамаш кхуллуш бIеннаша я эзарнаша къахьоьгу, ткъа уьш юьстах дуьту некъ миллион наха лоху. Уьш дукха хьолехь тола а тоьлу. Цундела, суна хетарехь, цхьа а ца оьшу декхареван, кхето веза. Кхето а, тешо а веза вакцинаци яйтар цомгуш хуьлучул гIолехьа дуйла", – бохура оццу Путина дискуссийн "Валдай" клубан гуламехь ГIадужу-баттахь.

Бакъду, оццу форумехь президента билгалдаьккхира, "эпидеми шоръяларца доьзна регионашкарчу Iедалийн бакъо ю, коьрта санитаран лоьрийн сацамца, нехан цхьайолчу категорешна вакцинаци лаамза ян".

Iилманах ца теша, теша экстрасенсех

"Эпидемица дIахьочу къовсаме диллича, пенсионерашна хетта а ца хоьттуш вакцинаци яр – иза дика хаам бу. Дан оьшуш, ца дича цадериг а ду иза. Сацор яц дера оцо-м эпидеми, делахь а баларш лахлур ду, хIунда аьлча, вакцинаци шайна яйтина болучара атта лов ковид, иза шайх хьакхаелча а. Эпидеми дIаер яц, амма лахлур ду баларш", – элира Кавказ.Реалиига ковид-пациенташца Краснодарехь болхбечу цхьана лоьро, интервью яла ша хьакамаша охIла вина вацарна шен цIе ца яккхар а доьхуш.

Лоьро дийцарехь, цо болх бечу поликлиникехь пациенташка хотту цамгарх дерг дерриг а, могашалла толлу. Вакцинаци ян ца мега тIера ца йовлу цамгарш ловш болчу наханна – иммунитетна сов йоккха хало хир ю, марсаяла мега йолуш йолу цамгар, вакцина, тоьхча а, гIорасиз хир ю. Амма сов дукха а яц вакцинаци ян магош йоцу цамгарш.

Дукхахболу хьаькамаш а тIехь теша экстрасенсех, иштта гороскопех

"Лаамза ечуха ницкъаша вакцина яр конституцица ца догIу. Амма дукха хан ю вайн пачхьалкхехь демократи йоцу – цундела мега. Муьлхха а цхьа пайда бала безаш ма буй диктатурех. Новкъа делахь а, халкъан доккхачу декъера кхетам бу, аьр вай, 15-чу бIешарераниг, палтосурш цIергахь ца багабо, амма церан «ницкъ» телевизорш чухула гойту. Дукхахболу хьаькамаш а тIехь теша экстрасенсех, иштта гороскопех, адамаш хIаллакдан къайлах барт бина бохучух – кIезиг теша Iилманах. Уьш а бу халкъалара, боданах дIакъастанза долчу вайн халкъан дакъа", - дуьцу лоьро.

Наханна дехкарш дечул гIолехьа хир дара ахча кховдош хилча, аьлла хета медикна. Ца дагадоуьйту хьалха заманахь лелларг: 1771 –чу шарахь ун даьржича Москва веъначу Орлов Григорийс дIадаьккхина карантин йохорна гIуданаш деттар, омра дина цIахь-чохь сецначу божаршна 15 кепек яла, зударшна – 10. Доьзал болийначу наханна дарбан цIийнера арабовлуш дала долийна 10 сом, доьзал боцчунна – 5 сом.

"Нагахь санна вай вакцинаци яйтарна ахча дала доладахь – масала, тохийтин хьалхара маха – 15 эзар сом, шолгIаниг тохтийтин – кхин а 15 эзар сом, нах буьйлалур бу вакцинаце лела, цхьа а омранаш а, полици а, QR-код а ца оьшуш. Пачхьалкханна ишта а хуьлуш долчу зене хьажча, кхин сов дукха ахчанаш а ма дац уьш", – йовзуьйту шен ойла медико.

Цунна гарехь, эрна ду тахана масканаш лелаяйтар а. Оцо шен Iалашо кхочушйина – могашаллин хьукматаш гIеххьачул яссаялийта, дарбадар рогIе дерзорхьама оьшура и кеп. Ши шо даьллачачул тIаьхьа дарбан хIусамаш кийча ю алссам маьнганаш хилийта цомгушчарна. Ткъа маска лелоро цамгар сов гена дIа а ца тотту, боху Краснодарерчуц лоьро.

Шен декхарх хьалхайолу пачхьалкх

"Царьград" цхьанакхетараллин Краснодар-махкарчу декъан куьйгалхочо, Дуненаюкъарчу оьрсийн халкъан кхеташонан декъашхочо Изюмов Никитас боху, пачхьалкх дено-дено кхочуш ю нах ницкъаша вакцинаци яйта тоьттуче, президента Путина иза хир дац дуккхаза а баьхнехь а.

"Вакцинаци йина боцчарна дискриминаци ю еш. Иза нийса дац. Уьнна дуьхьал вакцина тохийта резабоцчара уггаре хьалха далхориг ду пачхьалкхо хила тарлучу тIаьхьалонах долу жоп шена тIеоьцуш дацар. Нийса дира хеттарш парламентан кхеташонехь "Керла нах" ("Новые люди") партин лидера, депутата Нечаев Алексейс: вакцина шайна тухуьйтучу наха доьхку шайна Iедал цхьана хIуманна декхаредар, амма пачхьалкхо нах вакцинаци яйта декхаребахь, пачхьалкх а хила еза тIаьхьоланах жоп луш", – боху Изюмовс.

Цо билгалдоккху вакцина яйтар кхайкхош хьийзина медиа-хьасташ эшна хилар – юхьанца телеканалаша а, халкъанна хетарг хазош болчу федералан лидерша а пандеми кхераме яц бехира, вирус лабораторешкахь кхоьллина хила мега бехира. ХIинца нийсса бIостанехьа дуьйцу. Цу тIе, Малхбузера политикаша санна, нахана ца гайтина Оьрпсийчоьна куьйгалхоша шайна вакцина тухуьйтуш.

"60 шарал совваьлларг вакцина ян декхаревар – иза а ю популизм. Муха толлур ду хьал, хьанна йина-ца йина толлуш, петаршкахула лелар ду Iедал, полици? Ялур мая ц и тайпа терго", – тешна ву Изюмов.

Муьлхха а вакцинаци, кхаллар кховдош яхь а, шед етташ яхь а, пандемица латточу къовсамна пайде ю

Вакцина тохийтар, QR-код тIехь йолу паспорт даккхийтар дац хIинца халкъ Iедалх цатешарна тIехь соцуш. Антиваксерех гуттар а Iедалца ийгIина хьийзарш дIабаха, хенаш хьалха керста «старовераш» санна, изоляци шайна тIеэца а кийча бу, шайнна ярташ яхка, пачхьалкхах юьстахбовла, аьлла го сурт 2015–2017 шерашкахь Краснодарехь "Парнас" партин декъан куьйгаллехь Iийначу Запрудин Леонидна.

Цунна хетарехь, цивилизацех къаста а кийча бу цхьаболу антиваксераш, реза бу болх бита а, социалан гIо Iедалера схьаэца а, шайх "бажа" я "леш" ца бичхьана. И тайпа протест вайна хааелира 2000-чу шерийн юьххьехь, дуккха а керста бахархой шайна гIудан ноьмарш (ИНН) яла а, паспорташ тIехь кодаш хIитто а йолийча.

Амма ша медик хиларе терра, Запрудин вакцинаци яйтарехьа ву:

"Муьлхха а вакцинаци, кхаллар кховдош яхь а, шед етташ яхь а, пандемица латточу къовсамна пайде ю. Статистико гайтина дуьненехула яьржина вакцинаш эвсаре, кхерамза хилар. 60 шарал тIехбевллачарна вакцина тохар дика ду, уьш бу угаре дукха лийраш, церан дукхалло бо тIеIаткъам дарбан хIусамашна", – дуьйцу Запрудина.

Жигархочунна хетарехь, Оьрсийчохь вакцинаци янза буьсу я кхетамчохь болу антиваксераш, я пачхьалкхах, гонахарчу нахах тешаш боцу бахархой.

"Уьнах, кегийчаьрца дуьстича, сиха бала тарло 60-65 сов шераш дерш. Цахеддаш лаьтта цамгарш шайгахь алсамйовлу шераш ду церан, ковидо йохьу проблемаш цаьрга ца такхало", – боху Краснодар-махкарчу пациенташна гIодечу "Могуш виса бакъо" цхьанакхетараллин куьйгалхочо, лоьро, юриста Чернышук Николайс.

Махашена ца тохийта бакъо ю хIораннан а, амма оцо юкъараллина зен бен ца дохьу, тешна ву иза.

"Ца лаьий маха тохийта – ма гIтохийта. Вакцинаци ярна дуьхьал вай алсам мел хуьлу а дукха лийр бу вайх. Ткъа вай сиха вакцинаци яр чекхдаккхахь, лийраш а хир бу кIезиг. Вакцинаци сихха вай чекхъяккхахь, дехкарш а девр ду дIа", – аьлла жамI дира шен къамелан Чернышука.

***

Вацинаци яйтар тIедожийначул тIаьхьа иза йина хиларх долу харц QR-кодан сертификаташ дохка долийра Оьрсийчохь. Ахчан дуьхьа цхьаболчу медикаша до и тайпа зуламаш а – тоьхна йоццушехь, вакцина тоьхна олий лушг ду уьш. "Пациентан монитор" цIе йолчу проектан куьйгалхочо Увайсов Зияудина бахарехь, Дагестанехь сертификаташ ах декъанна эцна ду нахехь. Харц сертификаташ лелаш хааделла Нохчийчохь а, Ростовхь а, Краснодар-махкахь а, иштта кхечу регионашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG