ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьрийн къоьлла лаьттачех ю Ставрополь а, Нохчийчоь а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Регионашкарчу лоьрийн кхачамаллех хIоттийначу рейтингехь тIаьххьара ю Ставрополь а, Нохчийчоь а. Хьалхара лоьрийн гIо кхачон, 10 эзар вахархочунна кхочург лерича, пачхьалкхехьчул а лахара ду Оьрсийчоьнан Къилбан а, Къилбаседа Кавказан регионийн а могIаршкахь болчу лоьрийн терахь. Дечкен-баттахь динчу диллинчу зерийн статистика гайтина Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министралло.

Бинчу талламца а догIуш, юккъерчу барамехь лерича, Оьрсийчохь 10 эзар вахархочунна кхочу 21 лор. Оцу юкъанна, Ставрополан кIоштахь (чакхенгара схьа лерича 9-гIа меттиг), Нохчийчохь (10-гIа меттиг) итт эзар вахархочунна кхочу 16 лор.

Тоъал кхиаме йолчу Ростовн кIоштахь (10 эзар вахархочунна 17 лор), Краснодаран кIоштахь (18) юккъерчу Оьрсийчохьчул а лахара гойту лоьрийн кхачамалла. Пачхьалкхехь болчу юккъерчу бараме гIоьрташ гайтам бу Дагестанехь а, Волгоградан кIоштахь а (20-20).

Оцу юкъанна, 10 эзар вахархочунна сихаллин гIо кхачочу лоьрийн кхачамалла лерича, Дагестан чакхенгара схьа тӀаьхьарчунна хьалха нисъелла пачхьалкхехь а. Сихаллин гIо кхачон бригадаш тIетоьаш йоцчу 10 регионийн топехь нисъелла Ставрополан кIошт (чакхенгара схьа 5-гIа меттиг – 5,8 лор ву 10 эзар вахархочунна).

Дагестанан "Монитор пациента" юкъараллин организацин куьйгалхочо Увайсов Зияутдина дийцира Кавказ.Реалиина, лоьраш тоьаш цахиларх дуккха а нахера аьрзнаш шайга кхаьчна дац аьлла.

"Генарчу кIошташкахь проблемаш хила тарло, схьагарехь. Дукха хьолахь, лоьраша латкъамаш бо, ярташкарчу кIошта лоьраш балха баха дог даийта "Земский доктор" а, кхинйолчу программашкахула а ахчанаш кхаьчначул тIаьхьа, шайн дала догIу премеш а, алапаш а сецадо бохуш. Амма оцу программаша дог доуьйту, уьш йоьзна яц хIора баттахь лучу алапашца а, премешца а", - билгалдоккху юкъаралхочо.

Увайсовна хетарехь, нагахь санна, шаьш кхоьллина иштта проблемаш ца хIиттаяхь, дозанаш а ца деттахь, генарчу а, иштта лаьмнашкарчу а кIошташка лоьрийн белхаш бан баха луурш гIура бу цига.

*Аннекси йинчу ГIирмера хьал а лерина Оьрсийчоьнан официалан статистико.

  • Пациентийн бакъонаш Iалашъечу "Монитор пациента" юкъараллин организацийн филиалаша ханна болх сацийна ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а ахча цахиларна. Ахча оьшу юристашна а, офис лаца а, интернетна а, коммуналан хьашташна а.
  • Къилбаседа Кавказехь дIаяьхьначу терапевтийн форумехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Авиценна" мидал елира, могушалла Iалашъярехь а, лоьрийн Iилманаш кхиорехь а доккха дакъа лацарна. СовгIат дIакхачийра хьаькамна тераптевтийн Iилманан а, медицинан а Оьрсийчоьнан юкъараллин куьйгалхочо, РАН-ан академико Мартынов Анатолийс а, Оьрсийчоьанн Юккъерчу федералан гонийн пульмонолога Малявин Андрейс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG