ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лом, саьрмик, баьццара тоти. Кхин хIун ю Кадыровн зоопаркехь ехаш?


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан резиденцин барам бу 64 эзар квадратан метар. Санкт -Петербургерчу Iаьнан шахьарел а алсам ю иза. 2012-чу шарахь хьала а йина, тойинчу цуьнах даьлла 10 миллиард сом. Шахьаран гонах 260 эзар квадратан метар парк ю. Кхузахь меттиг бу лаьцна дийнаташ латтон а.

Мехкан урхалхочун и цхьаъ хилла а ца Iа зоопарк. ТIечIагIдазчу тоьшаллашца, оцу кепара дийнаташ кхобуш меттигаш бу цуьнан Гуьмсерчу резиденцехь а, Ахмат-Юьртарчу цIахь а.

"Ахмат" футболан клубехь левзинчу Омельянчук Сергейс бахарехь, цхьана дийнахь матч йирзинчул тIаьхьа суьйранна хIума кхалла кхайкхинчу Кадыровн резиденцехь "дуккха а кеп-кепара дийнаташ, говраш лело божалш, тайп-тайпа жIалеш, чанаш яра. Зоопарк яра ала тарло. Бедаш чохь боккха Iам а бара".

Цхьаьна суьрташ а дохуш, Кадыров Рамзана социалан машанашка хIиттон дийнаташ доцург а, ду цигахь лом, цIоькъалом, саьрмик.
Цуьнан доларчу зоопаркехь "пумаш, пантераш" хиларх дийцира тоххара "Терекехь" левзинчу Лебеденко Игоря а.

Байначу беттан 16-чохь шен "ВКонтактерчу" агIоне хIоттийра Кадыровс тарсалш арахоьцуш видео. Ролик яьккхина меттиг билгалъяьккхина яц. Амма Кадыровс даредо, шайна дина цIа дийнаташна хIинцале а тайна бохуш.

Оцу юккъехула меттигерчу телевизионан канало совгIат дан сацамбира Кадыровна, шен кертарчу тотих а, кхечу дийнатех а цо яьккхинчу видеонаи духьал. Пачхьалкхан "Грозный" телеканало билгалдаьккхира, тIекхача хала долчу меттигашкахь цо и видеош язъеш хилар.

Шен берийн самукъана, кеп-кепарчу хаамашца, кертахь латтош яра саьш, лунаш, ишта кхинйолу дийнатийн дуьненан векалш а, жIалеш а, цицигаш а ца дийцича а.

Зорбанашкахь билгалдоккхура, Кадыровна Iаламат дукха дезаш хилар Iамош долу жIалеш. Таханалерачу дийнахь билггал хууш дац, маса цициг ду Кадыровн резиденцехь, хIунда аьлча, тIаьххьарчу масех шерашкахь суьрташ тIехь даим а тайп-тайпана цицигаш гойту цо.

СагIина жижиг дIасадекъа бохуш, эмкалийн ферма ю Кадыровс латтош. Ишта-м бежнаш лелош йоI а цхьаьна ю цуьнан - ХутIмат.

Къаьсттина йоккхачу тергонехь лелош ю Кадыровс говраш.
Жимачу республикехь йоккха ши ипподром ю - Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсехь а.

Антикоррупцин а, талламийн а, инициативийн а "Трансперенси Интернешнл – Россия" центро бинчу талламехь къастийнера, 2014-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц Чехехь говрашхахкарехь Кадыровн говраша 110,5 миллион сом даьккхина, ткъа Германехь кхин а цхьа миллион сом сов даьккхинераа, амма Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Европерчу пачхьалкхаша а Кадыровна дуьхьал яьхначу санкцешна тIехула и ахча схьаэца ницкъ ца кхечира цуьнан. Амма, мухха делахь а, 128 езачух говраш яра цуьнан 2018-чу шарна.

Акха дийнаташ лелор дихкина ду Оьрсийчоьнан низамашкахь. 2019-чу шарахь Iедалхоша довзийтира церан тептар. Оцу тIехь карон тарло берзалой, чанаш, цIоькъалоьмаш, лоьмаш, саьрмикаш, экзотикан дийнаташ а. Низам ца лардинчунна лаххара гIуда догIу - 1000 сом. Оцу гIудано низам формалехь бен цахилар гойту, тIедахкарш тесна а дуьтуш, долахоша кертахь латтадо дийнаташ.

"Оьрсийчоьнан Кавказ" экорегионан акха Iаламан Фондан векалаллин пресс-секретарна Клименко Михаилна хетарехь, акха дийнаташ цIахь лелон магийна дацахь а, денна гуш ду, низам тергал деш цахилар, цундела тергамза и дуьтийла яц.

"Дийнаташ латто хьелаш муха ду хьовса деза, коьртаниг ду, адамийн а санна, дийнатийн а кхерамзалла ларъеш хилар а, царна ницкъбеш цахилар а", - билгалдоккху Клименкос.

Кадыровн резиденцехь йохучу видеош тIехь гуш ду, дийнаташца кIеда-мерза цахилар - церан садукъдо, царна етта а етта.

Клименкос дийцарехь, ахчане диллича, йоккха харж йолу дийнаташ лецна кхобуш: Iаламан хьелашкахь царна марзъелла, леррина юург-мерг оьшу царна. Цул совнах, дийнаташ къевлинчу хIусамашкахь кхабаро тарло уьш цомгашдан,хIунда аьлча, шайна оьшучу витаминашна тIекхача аьтто бац церан. Ветеринаро даим а тергонехь латто езаш ю дийнатийн могушалла.

Экологин а, эволюцин а проблемаш толлучу, Северцовн цIарахчу Институтан коьртачу Iилманан белхахочо Ячменникова Аннас дийцарехь, адамашна шайна а дикка ца хаьа, мел кхерам бохьу шайна лоьмаш, пантераш, пумаш, цIоькъалоьмаш кертахь кхабаро.

Дийнатийн инстинкт Iаламат чIогIа ю, жимма а цIийн хьожа кхетахь, зуламе дерза тарло гIуллакх церан долахошна.
Ячменникова тешна ю, оцу тайпа дийнаташ латтор - цкъа мацца а балане дерза тарлург хиларх. Мегар дац ша тешо, уьш караIамо тарло бохуш, хIунда аьлча, замано дуккха а эрчо гайтина хиларна, боху цо.

Делахь а, Кадыров цхьаъ хилла ца Iа Къилбаседа-Кавказехь акха дийнаташ дезарг. Дагестанехь масех иттаннашкахь доьзалша цIахь кхобуш ду уьш. Ткъа хIусамехь гIира экханаш кхобуш берш багарбина а вер вац.

Оцу юкъанна, шен долара зоопарк йоцург а, Кадыровс меттахIоттайойтуш ю Нохчийчохь тIемаш хиллачул тIаьхьа хIаллакхилла йолу фауна а.

Цул совнах, 2016-чу шарахь, "Надежда на жизнь" боламерчу зудабераша дIатесна дийнаташ шайн ницкъашца лелош дуй хиъначул тIаьхьа, Кадыровс Соьлжа-ГIалахь 350 меттигна хIусам яйтира дIатийсинчу экханашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG