ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тотица яьккхинчу видеох совгIат дина Кадыровна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна 45 эзар сом преми делла пачхьалкхан "Грозный" телеканало. Хааам баржийна цунах лаьцна телехьожийлан официалан сайтехь.

"Нохчийн телерадиокомпанин репортер санна масийттазза ша гайтина регионан куьйгалхочо. Халла тIекхачалучу, кхерамечу меттигашкахь яьхна уггар а эксклюзиве видеош цо кхехьийтарна делла цунна совгIат", - аьлла яздина хаамехь.

Билгалдаьккхина, "регионехь хуьлучу хиламех довзуьйтуш жигара гIо дарна а, беркате болх барна а, дикаллин контент ярна а" совгIат дина хилар Кадыровна.

Кадыровн цхьа "репортаж" къаьсттина билгалйоккху каналан куьйгалло.

"Телеканалан леринчу мобилан репортеро яхкийтина эксклюзиве видеокадраш, цу тIехь гойту цо шен бешара садолу хIуманаш. Доккхачу декъанна, мехкан куьйгалхочо йовзийтина аккаунте язбеллачарна шен долара тоти", - хаам бина телекомпанино.

Товбецан-беттан 3-чохь регионалан "За отличие в службе ГИБДД I-ой степени" ("Некъан инспекцина гIуллакх дечохь билгалъяларан хьалхара дарж") мидал елира Кадырова Айманина.

"Бегашан де" тIекхочуш дуьненаюкъара Нобелан машаран преми эца хьалхатеттира Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоIанна Iайшатана мидал елира стохка "Нохчийн Республикана хьалха хьуьнарш гайтарна" аьлла.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхина Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Медни а, ши йоI Iайшат а, Хадижат а.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара тухуш яцара санкцеш Кадыровна – 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира иза а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн "Магнитскийн тептаре". "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG