ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ловзаран инарла" Кадыров Адам


Кадыров Адам
Кадыров Адам

Кадыров Адаман керла дарж, КъорIан дагорах лаьцна нохчийн имамашка хеттарш дар, ГIазза секторера Къилбаседа Кавказе баьхкина мухIажарш а – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршонан 39-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Кадыров Адаман керла дарж

Керла дарж делла Нохчийчоьнан урхалхочун 18 шаре а валазчу кIантана Кадыров Адамна, дукха хан йоццуш вовшахтоьхначу Оьрсийчоьнан тIеман министраллина йукъайогIучу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан куратор хилла цунах. Лахьан-беттан 24-чхь шен 16 шо хьала ма дуьззи, Кадыров Адамна кхечира и дарж. Карладоккху, шен винчу дийнахь керла дарже ваьккхира иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхин цхьа кIант а – Кадыров Ахьмад. Мехкан спортан а, кегийрхойн политикан а министран хьалхара гIовс вира цунах шен 18 шо кхаьчначу дийнахь. Пачхьалкхан даржашка гергара нах хIиттон Оьрсийчоьнан федералан низамаша магош доццушехь, Кадыровн доьзалера нахана регионехь лаккхара даржаш доькъу.

16 шо долу Адам тIеман министраллин нохчийн батальонан куратор хIотторах дийцира республикин цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адама. Оцу даржехь волчу кхиазхочун хIун декхарш хир долуш ду, Соьлжа-ГIалахь билгал ца даьккхира. Эскархошца хиллачу цхьанакхетарехь коьртахь Iаьржа берет, хонах оьллина тапча йолчу Кадыровн кIанта масех дош элира, цул тIаьхьа схьаийцира бакъонан кехат а, батальонан седа а.

ГIадужу-бутт карабеачхьана Кадыров Адамца цуьнан совгIаташ лехьош, иза дIасалелочу Делимхановс дIахьедира, "динан, доьзалан, культурин мехаллаш ларйеш, доккха дакъалацарна" делла ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана керла дарж аьлла. Иштта кхетийра Соьлжа-ГIалахь а хьалхо кхиазхочунна деллачу совгIатех а, даржах а. Оцу йукъанна уггар а цуьнан доккха "гIуллакх" хIинццалц схьа дуьсуш ду КъорIан дагорна Соьлэжа-ГIалахь лаьцна латточу Журавель Никитина йеттар. Цул тIаьхьа мел лахара а 10 пачхьалкхан а, динан а, йукъараллин а совгIат кхаьчна Кадыров Адамна.

ТIеман аналитико Шарп Давида дуьйцу, армихь куратор мила ву а, цо хIун декахрш кхочушдо а, оцу дарже кхиазхо хIоттавойла дуй а: "И куратор и бохург дан а хIун ду? Со кхеташ вац… Куратор – бохучу дашо, бахархойн кхетамехь а ур-атталла, тIе ца кхиаво, хIун декхарш хир ду кураторан. Директор вай аьлча, масала, бахархойн структурехь, мел а кхеташ хуьлу дуьйцург хIун ду. Куратор бохург хIун ду, цхьана агIор аьлча- жимма кхеташ ду, амма тIеман гIуллакх дуьйцучу заманчохь, со тIекхуьуш ванне а вац куратор бохург хIун ду. Цу тIе кхузахь вуьйцург 16 долу кхиазхо ву. Оцу нахана йукъараллехь а, Кадыровн санначу, ала тарло аса, батальонан урхалла дар кхузахь дуьйцуш хуьлийла а дац. Мила ву куратор, хIун декхарш ду цунна тIехь? Ловзаргахь хуьлу инарла санна хIума ду аьлла хета суна. Делахь а, хьанна хаьа, сонтачу наха шайн кIантана цхьа ловзориг йала там бу, цхьа гIирсаш цхьаьна а болуш. Лаахь, физрукан декхарш лур ду, цо цаьрца могушалла чIагIйеш, кечамаш бийр бу. Лаахь совгIатна офис лур йу, шен секретарьца хиъна а Iаш, нах тIеоьцур бу цо. Ма-дарра аьлча, шайх доьзнарг, шайна луург, цара дийр ду цхьана гурашкахь. ХIара дерриг а цхьа башха хьал ду, башха нах".

Къастийна дуьйцур ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант куратор хIоттийначу Оьрсийчоьнан тIеман министраллин Шейх Мансуран цIарахчу батальонах лаьцна. И дакъа кхуллуш хиларх Кадыров Рамзана дIахьединера гIадужу-бутт бовш. Диллина Соьлжа-ГIалахь цунах лаьцна дуьйцуш ца хиллехь а, цуьнан цIе тиллар, хетарехь, Украинехьа тIемаш бечу Ичкерин агIончашна делла жоп ду – цара 2014-чу шарахь вовшахтуьйхира Шейхан Мансуран цIарах йолу шайн батальон.

Историн контекстах дикка кхетийтархьама: дагадоуьйтур ду: XVIII-чу бIешерашкахь Шейх Мансура тIемаш бина Оьрсийчоьнан империна дуьхьал, тахана а Кавказехь латтийначу дуьхьалонан коьртачех символ лору иза. Цуьнан цIарах Оьрсийчоьнан эскарна йукъа тоьхна батальон хилийта дагадаро цецваьккхина Нохчийчохь тIом бина, Оьрсийчоьнан парламентан тIеман комитетан декъашхо Соболев Виктор, цо кхайкхамбира, Соьлжа-ГIалахь ишта сацам стенна бина хьовса аьлла. Лакхахь хьахийначу депутато Делимхановс шога бехкбаьккхира цуьнгара; цул тIаьхьа массарна а гергахь и хаттар кхин айдина дац Москвара хьаькамаша.

Шейх Мансуран цIарахчу Кадыровн батальонан командир ву Геремеев Руслан. Иза, депутат Делимханов а санна, вузу нах байа пурба даларца, уггар а гIарадаьллачу гIуллакхех дара – 2015-чу шарахь Кремлан пенашна уллохь оьрсийн оппозицин политик Немцов Борис вер. И зулам динчул тIаьхьа Геремеев дIавайра, амма йуха гучувелира иза 2022-чу шарахь Украинана шуьйрачу тIамца тIелеттачул тIаьхьа. Дукха ца Iаш лазийна иза дарбан цIийне кхачийра, даггара цунна тIехIотта цига вахара Кадыров Рамзан. ХIетахь дуьйна Геремеевс тIемашкахь дакъалацарх хаийтина дацара.

Тера ду, Нохчийчохь Шейх Мансуран цIарах батальон кхолларна Москвахь болчийн реза дацар дIанисдеш кху кIиранах тIеман министраллина йукъахь кхин а ши дакъа – "Ахмат-Чечня", "Ахмат-Россия" кхолларх лаьцна хаийтира. Оцу полкийн эскархошна хьалха вистхуьлучу Кадыровс дIахьедира, шена хетарехь, - нохчий – "аганахь дуьйна тIемалой кхион къам ду", цо рогIера йуха а ваIда дира Путин Владимирна тешаме хила. Хьалхо, дагадоуьйту, тIеман аналитикаша шеконаш къедийра кадыровхой тIамна пайден хиларх, 2022-чу шеран йуьххьехь Украинехь уьш эшна дела.

КъорIан дагорах лаьцна имамашка хеттарш дар

КъорIан дагийна аьлла лаьцначу Журавель Никитин гIуллакх кху кIиранах меттахдаьккхина – Соьлжа-ГIалахь дуьххьара хеттарш дира, жимчу стага динарг бахьана долуш шаьш волайнхой ду аьлла, дIахьединчу нохчийн имамашка. Верриг а оцу статусехь лоруш ву меттигере 13 Iеламстаг, хьалха кхеле ца богIура уьш, делахь а , лахьан-беттан 28-чохь пхи имам веара кхеташоне, уьш тIетайра Журавельна дехкинчу бехкашна. Цара дIахьедина, КъорIан дагоро шайн дог-ойла сийсазйина аьлла.

Боллу бусалбанашка къинтIера довлар дийхира йуха а жимчу стага. Дагадоуьйту, Журавель Никита – аннекси йинчу ГIирмера ву. Оьрсийчоьнан талламо чIагIдарехь, Волгорадера маьждигна хьалха дагийна цо КъорIан "Украинан къайлахчу сервисийн тIедилларца". И верси бакъйеш кхин тоьшаллаш далийна дац. БIаьста Москван тIедилларца, гIуллакх таллар, Журавельца цхьаьна Нохчийчу дIаделира, республикера дукха наха дехарш дина аьлла. Лелаш долчу Оьрсийчоьнан низамашца гIуллакх дIадала бахьана дацара и, изза олура бакъоларйархоша а цхьаьна.

Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а, дине боцчу безамца харцахьа лелар аьллачу артиклашкахь бехкевина Журавель Никита. Жимчу стага КъорIан дагорна бехк шена тIелаьцна, амма цо тIе ца дуьту, цуьнан бахьана бусалбанашка болу цабезам бара бохург.

ХIара элира цо, масала гIадужу-бутт йуккъе баьллачу хенахь кхелан кхеташонехь Соьлжа-ГIалахь: "Кху чохь болчу бусалбанашка а, доллу имламан дуьнене а сайна гечдар доьху аса сайгара даьллачунна. ЧIогIа эрчо йу и, сайн хьекъал ца тоарна, бусалбанашна и жайна мел деза ду ца хаарна дина аса и. Сайгара даьллачух чIогIа эхь хета суна".

ГIаззера мухIажарш Нохчийчохь

Израилан ХЬАМАС радикалан тобанца тIом хиларна ца бевллачу денна шайн хIусамаш дIатаса декхарийла хилла ГIазза секторера бахархойн хьалхара тоба кхаьчна Нохчийчу кху кIиранчохь. Нохчийн пачхьалкхан зорбанан гIирсаша бечу хаамашца, регионе валийна 51 стаг – Оьрсийчоьнан 38 вахархо а, 13 палестинхо а ву и. Хьалхо мехкан Iедалхоша дIахьедора, ГIазза секторера 250 гергга мухIажар тIеэца таро йу шайн бохуш.

Баьхкинараш лоьрех чекхбохуш бу, уьш балха а хIиттор бу, дIахьедина зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Амма цо билгал ца даьккхина, муха карор бу царна болх, оцу йукъанна Нохчийчоь пачхьалкхехь белхазалла йолчу мехкех хIоттийначу рейтингехь хьалхарчу могIаршкахь йу.

ГIазза секторера адамийн кхоалгIа тоба кхачарх кху кIиранах дIахаийтина Дагестанан Iедалхоша а. Оцу йукъанна билгал ца доккху, буьйцурш Оьрсийчоьнан бахархой бу, йа Iарбойн къомах берш а бу. Зорбане баьхначу хаамашца, республике 147 вахархо кхаьчна ГIазза секторера; уьш дIатарбеш доллу хеттарш ша луьстур ду аьлла, тIелаьцна Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс. Хьалхо меттигерчу хьаькамаша бохура, регионехь 200 палестинхо дIатарва чот йу шайн.

Лахьан-беттан 29-чохь нийсса бутт кхечи ХIинжа-гIалахь жуьгташна дуьхьал талораш лелийна. Палестинан къомаца ду шаьш бохуш, цхьана жIугано дIалецира аэропорт, цара лоьхура Израилан бахархой.

ХIетахь дуьйна, журналистийн лараршца, Дагестанан кхелашка кхаьчна акцин декъашхошна дуьхьал даьхначу 400 административан гIуллакхийн материалаш. Бехкзуламан гIуллакхашкахула бехкебийраш хила тарло 90.

Официалан Iедалша а, талламо а оцу терахьашна йеш комментареш йац. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа дузу и, гIуллакх политикан бух болуш хиларца, цара сагатдо, бехкечарна таIзар дина ца Iаш, бехк-гунахь доцурш а церан кара кхачарна. Цунах лаьцна Маршо Радион агIонехь деша.

Нохчийчоь соьциалан рейтингашкахь тIаьхьа йу

Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионаш йуха а нисйелла социалан маьIне гайтамашкахь уггар а гIад дайначийн могIарехь. Социалан страхованин Фондан зерашца, доьдучу шеран кхоалгIачу кварталан жамIашца, ГIебарта-Балкхаройчоь тIаьххьарчу меттигехь йу пачхьалкхехь пенсийн барамашца, цунна тIаьхьа йогIу Дагестан, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIалмакхойчоь. 17 эзарна тIера 19 эзаре кхаччалц ду баттахь цигахь оьцу пенси, таханалерачу курсаца 200 доллар ду и.

Кхечу гайтамца долу зераш – бахархошна ахча гулдан хаар – пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло зорбане баьккхина и хаам, кхузахь а аутсайдершлахь нисйелла Къилбаседа Кавказан республикаш.

Бинчу талламехь, масала, билгалдаьккхина, ГIадгIайчуьра йуккъера вахархо схьаэцча, миллион ахча банкан чоьта тIехь гулдан, хIора баттахь алапа тIера 10 процент йуьстах дуьллуш, 15 шой ах шой оьшу цунна – Оьрсийчохь уггар а ледара гайтам бу иза. Оцу йукъанна регионера ах гергга бахархойн таро йац билгалдаьккхина ахча оцу хена чохь вовшахтоха.

Тера зераш далийна "РИА Новости" агенталло Нохчийчохь а, Кхарчаой-Чергазийчохь а бинчу талламашца. Цара дIалоцу ретийнган чакхенера шолгIа а, кхоалгIа а меттиг.

Кавказ.Реалиин редакцино зийра, стенца доьзна ду Къилбаседа Кавказера социалан-экономикан гайтамашца оццул йоккха башхалла хилар. Йеша цунах лаций Маршонан агIонашкахь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG