ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Луганскехь йуха а кхел йеш йу шен накъост вийна бехказававаьккхинчу Нохчийчуьрчу эскархочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра тӀемало Такаев Зайнди веран хьокъехь бехктакхаман гӀуллакх йуха а луьстур ду – хӀинца оккупаци йинчу Луганскерчу гарнизонан тӀеман кхелехь. Хьалхо Новочеркасскан тӀеман кхелехь бехказа ваьккхинера бехккъасторхоша, иза бехке хиларх тоьшаллаш цахилар бахьана долуш. ХӀинца и гӀуллакх луьстур ду бехккъасторхой йукъа балош кхелаш йоцчу регионехь.

Талламхоша бинчу хаамца, 2022-чу шарахь мангал-баттахь Луганскан кӀоштарчу дIалаьцначу Первомайскехь стоьлан гонах хевшина самукъадоккхуш Iачу хенахь сержанто Такаевс коьртах герз тоьхна хиллера Шахбанов Мохьмадана. Ша бехкевечо шен бехк хилар тӀе ца дуьту, дӀахьедо, цу хенахь ша хьоштагI чохь вара, шен накъосташ хевшина Iачу рагIуна "луларчу коьллаш тӀехьара герз детташ" хезира шена аьлла. Экспертизо "бIостане" лерина тапчан мукъа тIехь йолу лараш, Шахбанов вийна хIоI карийна бац, ткъа дерриг а бехкаш дахкар ду оьрсийн контрактхошца хиллачу шина йоIа дуьйцучунна тIехь. Цара дӀахьедира, Нохчийчуьра вахархо ву шен накъост вийнарг аьлла.

Кху шеран дечкен-беттан 17-чу дийнахь, бехккъасторхойн коллегино бинчу сацамна тӀе а тевжаш, Новочеркасскан гарнизонан кхело бехказа ваьккхира контрактхо, кхелан зала чохь иза мукъа а воккхуш. Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхелехь бина и сацам прокуратуро къовсаме баьккхира, ткъа цо бехказаваккхар йуха а даьккхина, Новочеркасске хьажийра гIуллакх кхин цкъа а таллийта. Талламан дехарца йуха а лецира сержант Такаев Зайнди. ХӀинца гIуллакх листа долийначу заманчохь юрисдикци хийцина – гӀуллакх Луганскерчу гарнизонан кхеле дӀаделла, аьлла ду Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхелан апелляцин сацамехь.

И хийцам къовсаме баьккхина, гӀуллакх Новочеркасске дIахьажон гӀоьртира бехкевечун адвокат. "ЛНР-н" территори тӀера бехккъасторхой 2027-чу шарахь бен болх бан буьйлалур бац, билгалдаьккхира адвокаташа. Стаг вуьйчу хенахь ур-атталла Оьрсийчоьнан агӀор хьаьжча а, "ЛНР" мехкан дакъа а дацара, цигахь дина зуламаш Новочеркасскерчу тӀеман кхелан долахь дара.

Апелляцино тӀе ца эцна и аргументаш, гIадужу-бутт тӀекхаччалц лаьцна витина Нохчийчуьра контрактхо. Сержант Такаев Зайндина набахтехь даккха 6 шарера пхийтта шаре кхаччалц хан тоха кхерам бу.

  • Ростов гӀаларчу кхело 10 шо хан туьйхира мобилизаци йинчу Аминев Илсурна, Украинехь тӀамехь шен накъост верна. Конфликт бахьанехь Калашниковн автоматца герз тоьхнера цо цунна, аьлла ду сацамехь. Шен хӀуманаш блиндаж чуьра аракхийсира, вийначу стеган "оьзда доцу лелар" тидаме эций, дина таIзар лахдар дийхира Аминевс. Апелляцехь и аргумент тоьшаллаш доцуш лерина.
  • Кхин цхьа зулам къайладаккхархьама шиъ йа цул сов стаг веран хокъехь бехктакхаман гӀуллакх кхаьчна Ростов-гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхеле. Херсонан кӀоштан оккупаци йинчу декъехь маьрша бахархой байъарна бехке озийна Волгоградера бахархой Булелин Алексей а, Тарасенко Мунтян а.
  • Къилба кӀоштан тӀеман кхело малдира Ростовера гарнизонан кхело контрактца гIуллакх дечу эскархочунна Мурзин Дмитрийна дина таIзар. Цо граната эккхийтинера, ша а, шен накъостий а тIамтIехь къаьркъа маларна гараж чохь тIехула догIа а тоьхна витарна – лазийнера кхо стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG