ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магамадов а, Исаев а цомгаш хиларх дIахаийтина адвокате СИЗО-н белхахоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а адвокат юха а тIе ца витина шина вешина, талламан изоляторан белхахоша и шиъ коронавирус кхетта ву аьалла, хаам бина, амма лоьрийн кехаташ ца гайтина.

"Оьрсийчоьнан ЛГБТ-маша"* юха а дехар дан лерина ю Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ), Магамадовн а, Исаевн а бакъонаш Iалашъярхьама маса цхьа барамаш тIеэца аьлла, дIахьедина церан пресс-секретаро Бесцвет Тима.

Адвокат Немов Александр цхьана ца кхетийтина СИЗО-хь шина кIантаца. Дуьхьало яран бахьана дийцина, коронавирусан ун даьллачу цу шиннан лакхара дагар хилар. Кавказский узел хаамийн гIирсе дийцина цунах лаьцна адвокато. Дуьйцучу хьолехь и шиъ хиларх тоьшаллин кехаташ ца гайтина шена аьлла Немовс.

Магамадовна а, Исаевна а тIе адвакат ца витарх латкъам хьажийна Оьрсийчоьнан федералан таIзар кхочушдаран хьукмате (ФСИН) а, Нохчийчуьрчу церан урхалле а.

Камерех таръйинчу карцераш чохь латтош ву ши ваша, дийцина адвокато Немовс, ткъа и шиъ латтон хьелаш оьшуш ду кхечу бехкебечарна хIиттийначул а. Дукха хан йоццуш набахтешкахь латточу тутмакхийн бакъонаш ларъярехь терго латточу юкъараллийн тергамчийн комиссин декъашхой Магамадов а, Исаев а латточу изоляторехь хиларх дийцина адвокато.

"Вежарий дика Iаш бу, адвокаташа харц информаци яржийна, уьш кхерамехь бу бохуш аьлла, хааме даьккхира цара", - дийцина Немовс.

Цо билгалдаккхарехь, ОНК-н информаци мел бух болуш ю хаа аьтто бац, хIунда аьлча, иза СИЗО вуьтуш цахиларна.

  • Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн карахь хиларх.
  • Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшиъ аьлла, мукIарло дина Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а, чIагIдо меттигерчу Iедалхоша.
  • Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
  • Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дIахьедар дира, Магамадов а, Исаев а лацаран бахьанаш довзийта шайна, ишта, царна тIе адвокаташ а, лоьраш а, да-нана а дита аьлла.
  • Лахарчу Новгородехь лаьцна вигинчу Нохчийчуьрчу шина вахархочун Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а гIуллакх таллар дехна федералан омбудсмено Москалькова Татьянас Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре.
  • Оьрсийчоьнан омбудсменан пресс-гIуллакххоша хаам барехь, Зазадокху-баттахь Москалькован цIарах хаамийн гIирсашкахула диллина кехат кхаьчна шина кIентан ненера Магамадова Зараэра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG