ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкахь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх ООН-н дIахьедарш бакъ ца до Нохчийчохь


Соьлжа-ГIалара полисхо
Соьлжа-ГIалара полисхо

Адамийн бакъонаш хьешарца доьзна Нохчийчохь цхьа меттиг хаабелла бац аьлла, дIахьедина социалан сферин векалшца хиллачу кхеташонехь республикерчу адамийн бакъонаш Iалашъян векал винчу Солтаев Мансура. И хаамаш "информационан террорхойн питана" ду аьлла омбудсмено.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаьттина Солтаевга, ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу Комитето шен рапортехь билгалъяьхна муьлха факташ бакъ ю аьлла. Бакъонашларъярхоша дийцира, масала, Нохчийчохь нах лечкъорах цIийнах мел верг дIа а вуьгуш, таIзарш дар, бертаза Украине хьийсор, ницкъбар, шогалла лелор, бакъонашларъярхошна а, журналисташна а тIаьхьабийлар.

"ЦIена провокаци ю иза информационан террорхойн, арахьарчу агентийн а. Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь арахьарчу грантех дуккха а шерашкахь белхаш бен нах бу уьш. Ас айса теллина и хеттарш, цхьа а цу тIехь дерг бакъ ца карийна", - дIахьедина Солтаевс.

Цуьнан вистхиларна комментарий йечу Кадыров Рамзана аьлла, мехкан Iедалхоша " дерриг а боле диллина, нах ца лечкъош, Iазапаш доцуш республика кхиаме хилийта,".

"Цхьана а стага Iалашйийр яц вайн къоман бакъонаш вайл а дика. Вайна хаьа, къомана хIун оьшу, цуьнга хьаьжжина кхочушйо вайн политика а",- дIахьедина регионалан куьйгалхочо.

Карладоккху, шен рапортехь ООН-н Комитето критика йеш мах хадийра Оьрсийчохь адаман бакъонаш ларъйеш цахиларан. Къилбаседа Кавказана леринчу декъехь билгалъяьккхина регионера масех билггал хилла факт. Соьлжа-ГIалахь тIелатар дар 2020 –чу арахь "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Дубровина Маринина а, ЛГБТК-вежарий Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а лачкъор, царна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар, эвсара теллина цахилар бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья йер.

Цул совнах, адамийн бакъонашкахула йолчу Комитето сингаттаме хилар хаийтина, регионашкара бертаза Украине хьийсорна а, цуьнца доьзан маьрша протесташ ницкъаца дIайохорна а.

  • Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин официалан векало Захарова Марияс "харцдерг" ду, политикан буха тIехь "дуьненаюкъарчу аренехь пачхьалкхана демонизаци а, дискредитаци а ярехула кампанин" дакъа ду аьллера дуьненаюкъерчу экспертийн рапорт.
  • Орсийчохь мобилизаци кхайкхийначул тIахьа Нохчийчохь дуьххьара Iедалхошна дуьхьал митинг хилира – цига арабевллера масех иттаннашкахь зударий. Шен телеграм-каналехь Кадыровс зорбане баьккхинчу хаам тIехь, 20 зудчух кхааннан кIентий Украинерчу тIамехь дакъалоцуш хиллера. Шиннан – цхьацца кIант бен ца хиллера. Нохчийчоьнан куьйгалхочо оцу кепарчу митингийн декъашхой "къоман мостагIий" лерира, тIедожийра церан гергарнаш тIаме хьийсабе аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG