Ницкъахоша регионашкахь Iазап хьегийтарх долчу хьолах лаьцна меттигерчу Iедалхойн векалшка "Арифметика пыток" рапорт хьажийна Къилбаседа Кавказан "Iазапашна дуьхьал Командан" (КПП) филиало. Масех официалехь жоп кхаьчна бакъонашларйархошка кхаа баттахь, комментарий йечу меттана бакъонашларйархой сийсазбеш иштта Нохчийчоьнан парламентера а жоп деана.
Кавказ.Реалии сайте КПП-н пресс-гIуллакххоша дийцарехь, Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочуьнга Даудов Мохьмаде хьажийна рапортан кехатан верси юхакхаьчна анониме кехатца цхьаьна. Цу тIехь "Iазапашна дуьхьалояран Команда" ю аьлла "телхина юкъаралла". "Цундела, йохкайелла цIокарчий, шайн ден докъе гIо!!!" – йаздина кехатан авторо (стилистика ша ма-йарра йитина,- Редакцин билгалдаккхар.).
Къилбаседа Кавказан кхечу мехкашкара Iедалхоша мелхо а конструктиве позици къастийна: Кхарачой-Чергазийчуьра хаамбина бакъоаншаларйархошка, "Iазапаш хьегийтар системехь хIума дац" аьлла, ткъа ГIебарта-балкхаройчоьнан омбудсмено жоп делла, оцу тIехула латкъамаш шега бина бац аьлла, ткъа ГIалгIайчоьно баркалла аьлла "Iазапашна дуьхьалойаран Командина" цара бечу балхана.
Дагестанан администрацига кхаьчна дац кехат – баттахь почтехь лаьттина, юхадеана иза. Махкарчу МВД-хь хаамбина, шайн белхахошца дIахьош болх бу, лаьцначаьрца къизаллаш лело мегар доций дIахоуьйтуш аьлла.
"Нохчийчоьнан парламентера кхаьчначу кехато цецдаьхнера тхо, хIара прецедент ю – Iедалхойн органашка дуккха а шерашкахь оха кехаташ кхехьийтарх, иштта шога жоп тхоьга даийтина дацара. Иза анонимехь делахь а, парламентан спикеран кехатна улло диллина ду, шен бакъонашаларйархошка йолу дог-ойла дIахаийта лиъначух тера ду. Республикан специфика а, контекст а лерича, тхайна Iаткъамбар санна тIеоьцу оха и жоп", - дIахьедина Кавказ.Реалиин корреспонденте Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьалойаран Команда" филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.
- Гезгамашин-беттан 26-чохь бакъоларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Командо" "Арифметика пыток" аьлла рапорт арахийцира Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахула долчу хьолах. Бинчу талламашца а догIуш, Къилбаседа Кавказ ша цхьаъ бен йоцу регион ю, масех шарахь шайгарчу бакъонел совбуьйлуш, ницъбинчу ницкъахойн хьокъехь цхьа а таIзар ца кхайкхийначех. Лаьцначарна тIехь ницкъахоша дукха хьолахь латточу гIелонех ю царна буйнаш беттар (78% меттигашкахь 25 стагана тIехь йина и гIело), иштта ах бохург санна – 56 процент (I8 стагана тIехь) – дуьйцург ду ток йеттийтар, 53% (17 стагана) йеттара мийрашца. Кест-кеста ницкъбеш методаш лелийна цхьаьнаэдина – полисхоша йетта а, ток йеттийта а тарлора.
- Лаьцначу Цкаев Владимирна тIехь ницкъбина, иза верна колонихь даккха диъ а, кхоъ а шераш тоьхна Къилбаседа Кавказера полицихь болх бина Бигаев Алан а, Бузоев Спартак а маьршаваьккхира хенал а хьалха.
- Нальчик гIалин кхело арахь такхийта кхоккха шераш туьйхира полицин лакхарчу лейтенантана Кертов Бейсултанна а, капитанна Аккаев Азаматна а, Кетов Тимурна а. Шайгарчу бакъонел а совбийларана бехкебира уьш.
- Къилбаседа Кавказехь белхаш бечу бакъонашларйархоша а, адвокаташа а дIахьедо, наркотикашца доьзна дукхахдолу гIуллакхаш шаьш полисхоша гIиттош хиларх цхьацца бахьанашца.
- ХIинжа-ГIалара Кировн кхело 20-зза охьабаьккхира Пираев Мохьмадна динчу зенна дуьхьал йогIучу компенсацин барам. Цо латкъамбинера шена йеттарна а, бакъо йоцуш ХIинжа-ГIаларчу СИЗО-хь 15 дей-буьйсий даккха карцер чу волларна а. Цо дехначу ахмиллионан метта 25 эзар сом кхачийра цунна.