ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждиг дархьама хIусамаш дIахьокхуш ю аьлла, дийцина Нохчийчуьрчу бахархоша


Соьлжа-ГIалин герб, гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу Гермачигахь 200 гергга хIусам дIахьакха дагахь бу маьждиг дархьама. Кадыровн урамехь беха бахархой саготта бу, шайн цIенош дIа а дохийна, лела некъ шорбан Iедалхойн Iалашо хиларна. Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцина цара цунах лаьцна.

Нохчийн паччхьалкхан телехьожийлехь гайтира, маьждиг дан дагахь хиларх сюжет. Юьртан юккъехь стохка дуьйна 4,5 эзар стагана лерина маьждиг деш белхаш бу болийна. Доза шордархьама меттигерчу Iедалхойн Iалашо хилла, нехан хIусамаш а, уьйтIеш а дIайохон, дIахьедина эвларчу бахархоша.

Оцу хаттарна тIехула кхин дагабевлла дина хIума а дацара, амма Чиллан-беттан 21-чохь дуьйна нехан керташкахула чекхбуьйлуш, дIадохон Iалашо йолчу цIенойх йозанаш дан буьйлабелла, дийцина юьззина шен цIе йовзийта ца лиинчу С.Рамзана. Цо бахарехь, 200 гергга цIа дIахьакха тарло цара.

Бахам дIаязбечу заманчохь ца хадийна латтанийн дакъойн мах, билгалдоккху кхечу меттигерчу вахархочо М.Асланбека. Цуьнан дешнашца, кадастрин мах базарахьчул а дикка лахара бу, цо "таро ло Iедалхошна нах дехьа кхалхочу хенахь кхачам боллу мах дIа а ца луш, стандарте цIенош –гIутакхаш дIа а хIиттош, кочара баха".

ЦIенош дIадохуш хиларх яьржинчу информацина меттигерчу Iедалхоша комментарий луш яц.

  • Нохчийчохь 2018-чу шарахь бIе гергга хIусам дIахьаькхира Шелахь – официалан бахьана дара гIала хазйо, урамаш шордо аьлла. Маршо Радионо яздира, катоххий хIусамашчуьра арадовла аьлла, нахана тIедожорах. КIира хан елира царна бахам тIегулбан. ГIалин юккъехь бехаш хиллачу нахана дуьхьал Шелан юьстахчу меттигехь маса дина цIенош делира.
  • 2018-чу шеран ГIуран-баттахь Устрада-гIалахь дIавоьллира, Шелара нехан цIенош охьаотуш ду аьлла, видео дIаязйина хилла Осмаев Абубакар. ШолгIа инсуль хилла, кхелхира иза. Хьалхара инсульт хиллера цунна 2017-чу шеран Iай, Шела йохорах видео интернете яьккхича, резабоцчу кадыровхоша лачкъийна вигинчу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG