ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мариуполь Кадыровн цIарах хилийта тIетайна нохчийн кегийрхойн Юкъаралла


Мариуполера драмтеатр

Нохчийн кегийрхойн Юкъараллин куьйгалхочо Тапаев Рустама къобалйина украинхойн Мариуполь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах хуьйцучу инициативана. Цо билгалдаьккхина, "республикехь массарна а хазахетар ду, нагахь санна, цIе хийцар нислахь".

«Говорит Москва» радиостанцин эфирехь Тапаевс аьлла, оцу кепарчу инициативаца, Нохчийчуьра эскархоша "гIала маьршаяккхарна" Кадыровна "баркалла олуш", шаьш Мариуполян бахархой бистхила беза.

Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан тIемалойн карахь ю Мариуполь. Цигахь хIаллакдина мел кIезиг а 1 100 цIа.

  • Кхул хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видео зорбане яьккхира: нохчийн бIахо ву машенахь воьдуш Мариуполехула, цо хьоьху хIокху гIалин цIе цуьнан ден – Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыровн Ахьмадан цIарца хийцар.
  • ТIом боьдучу хьалхарчу баттахь Кадыровс 30-зза гергга дIакхайкхийра Мариуполь а, «Азовсталь» комбинат а кеста схьайоккхур ю бохуш.
  • КадыровгIеран цIераш техкина махкахь 346 урамна.
  • 2014-чу шарера схьа дуьйна Кадыров Рамзанна дуьхьал масийттазза санкцеш ехира Малхбузенан пачхьалкхаша – Нохчийчохь кхел йоцуш нах байарна жоьпалла цунна тIехь хиларна бехкевина. ТIаьххьара дозанаш дехира Кадыровна дуьхьал Японино – Украинан дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалацарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG