ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масех стаг вийна Гератехь тIалибаша, нахана а гуш


Герат гIалахь вийначу стеган дакъа хьалаойу кранах кхозу
Герат гIалахь вийначу стеган дакъа хьалаойу кранах кхозу

"Талибан" (терроран болам бу аьлла, Оьрсийчохь йихкина ю) боламан декъашхоша нахана хьалха дIа а хIиттийна, масех стаг вийна. Афганистанан малхбузехь йолчу Герат гIаларчу коьртачу майданахь ирхъоьллина карийна диъ дакъа, кхин а кхо дакъа тIалибаша дIадаьхьина кхечу гIалашкахь а дIагайта, хаамбина и сурт гинчо Associated Press агенталлана еллачу интервьюхь.

Меттигерчу хьаькамо бахарехь, и нах байъина, афганхойн бизнесхо а, цуьнан кIант а лачкъийначул тIаьхьа хиллачу кхийсаршкахь. Кхечу хаамийн гIирсаша яздарехь, лачкъийначех цхьаъ хилла "Талибанан" тIемало.

"Церан декъий Гератан майданашкахь хьалаоьхкина оха, оцу тайпа зулам кхин цхьаьнга а ца дайта", - аьлла, дийцина Гератан губернаторан гIовса Маулваи Шаир Ахьмад Эмара.

ТIалибаша гIалин полицин куьйгалхо хIоттийначу Джалали Зиаулхака тIечIагIдина, кхийсарш хиллачул тIаьхьа тIалибаша кIелхьарваьккхинера, веа стага лачкъийна хилла да а, кIант а аьлла. Цуьнан хаамашца, лачкъийнарг вара "Талибанан" тIемало а, могIара стаг а.

"Талибан" болам кхоьллинчех волчу моллас ТIураби Норуддина дIахьедира кху деношкахь Associated Press агенталле, тIалибаша кхел еш стаг вер юкъадалор ду, амма билггал бина сацам бац хIинца а, нахана гуш дийр ду таIзар, йа дац.

1996-чу шарера 2001-чу шаре кхаччалц Афганистанан урхалла дечу заманчохь тIалибаша шога таIзарш дора дийлинчу зуламашна нахана а гуш етташ, велла дIаваллалц тIе тIулгаш детташ, йа куьйгаш-когаш дохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG