ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадовн кIанте "Соьлжа-ГIалин юккъехь эккха" аьлла кхайкхам бина Кадыровс


Масхадов Анзор
Масхадов Анзор

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьамоггIа дIахьедарш дина парламентан гIантдеца Даудов Мохьмадца цхьаьна шен инстаграмехь хиллачу эфирехь, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Нохчийчоьнан президент хиллачу Масхадов Асланан кIанте, Европехь вехачу Масхадов Анзоре кхайкхам бина цо, даймахка цIа а волий "Соьлжа-ГIалин юккъехь хьо эккхийта" аьлла. Кадыровна хетарехь, цу кепара Масхадовс тоьшалла дан деза "ша доьналла долуш" хиларан.

Цул тIаьхьа Ичкерин тIемалойн хиллачу командире, Ичкерин премьер-министре Закаев Ахьмаде кхайкхам бина Кадыровс хьайн кIентех цхьаъ Нохчийчу хьажаве аьлла, "цуьнга иккхина, гIазотехь вала".

Кадыровс иштта кхайкхам бина шен критикашка, "интернет-тIом а битий", Нохчийчу цIа а дуьйлий, шеца баккъала а тIомбе аьлла.

И дерриг а къамелаш дина цо, кIоршаме дешнашца луьйш а, шен оппоненташ сийсаз бан гIерташ а, ша царна ницкъ муха бийр бара а, уьш муха бойъур бу а дуьйцуш.

Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам теснера Кадыров Рамзана кху шеран Дечкен-баттахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео цо пайдаоьцучу инстаграм-агIоне яьккхинера.

Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.

"Хьо сихха цIавола, ас тоьли чу хаор ву хьо. Я хье юккъе герз тоьхна вуьйр ву, чIир сайна тIе а оьцуш. Со кийча ву и чIир Далла а, халкъана а хьалха тIеэца", - дIахьедора Кадыровс.

Закаев Ахьмад – вевзаш волу нохчийн политик, карарчу хенахь веха Британехь. Дозанал арахьа Нохчийчоьнан Ичкерин Iедалан хьалханча лору иза нохчийн цхьана декъо.

Ичкерин заманахь хилла хьаькамаш схьа а гулбина, цаьрца дуккха а сахьташкахь къамел дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дахначу кIиран дийнахь. Цигахь хиллачара массара а емалбира нохчийн гIаттамхойн хилла хьалханчаш, 1990-чу шарахь федералан ницкъашна дуьхьал тIемаш бина болу. Оцу цхьанакхетарехь Кадыровс дIахьедина, хIетахь Ичкерин муфтий хиллачу шен дас, Кадыров Ахьмада, президенто Дудаев Джохара Масхадов Аслан вен Iалашонца кечйина хиллачу кIелонах кIелхьарваьккхинера аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG