ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массарна а хаарна кхоьруш. Къилбаседа ХIирийчохь стенна ле нах шайн лаамца


Гадужу-беттан тIаьххьарчу кIиранах Къилбаседа ХIирийчохь пхеаммо вийна ша-шен, шимма куьг даьхьна шен дахарна тIе, делахь а дийна висина. Иштта бу махкарчу премьер-министран гIовса Томаев Ирбека бина хаам. ДIадахначу шерашкахь шайн лаамца дахар дIатосурш, Оьрсийчоьнан юккъерчу барамца дуьстича, кIезиг бара республикехь. Ткъа тахана лаьттачу хьолан хьокъехь дуьйцу Кавказ.Реалиига эксперташа.

"Наггахь хирг дац иза"

Iедалхойн кхеташонехь хьехийначу пхеа суицидах цхьаъ кхочу кхианза йолчу йоIанна, элира шен цIе ца яьккхинчу Къилбаседа ХIирийчуьрчу полисхочо.

"16 шо долчу йоIа ша-шен йийна тIехьийза кIант бахьанехь шен ненаца дов иккхинчул тIаьхьа. ГIеметтахIоьттина стаг психика чIагIъелла хуьлу, кегийрхошка хьажча. Баккхийчара ца хьо шайна тIе куьг цкъа иккхинчу девнаца дузий, доьзалехь цхьа боккха бохам ца нисбелча. Цхьа бахьана могашалла талхарца дузу, я ахча-рицкъ кхачорца. Дукха хьолехь наркотикашка марзбеллачара йо суицид. Царех наггахь волчо хаам а бо шаьш дан леринчух лоций гергарчаьрга. Олург даима а санна хуьлу: "Со кIадвелла дахарх, доьзал а, суо а хьийзаво ас", - дийцира полисхочо.

Цо бахарехь, кест-кеста язйо суицидна тIеяздо нарокотик совъяккхина валар – ца хуьтту гергарнаш шайн стаг наркотикех веллийла хаийта.

"ХIинца наркотикаш тайп-тайпана ю, дукха хьолехь нах уьш сов тухий, тIеоьций ле. Бакъду, даима а ца хоуьйту нарокоманаш оцу бахаьница белла буйла, дукха хьолехь бахьана яздо цIеххьана дог сацар", – элира Iедалхочо.

Ша цхьаъ вехаш вара иза, кара а ца вина ханъялча бен: мехах чоьнаш цIанйийриг цуьнан петара горгамаш хьакха еъча

Дахар шаьш, шайн лаамехь чекхдаьккхинчу пхеаннах кхин цхьа стаг астенна велла хиира тхуна. Низам лардечу структурашкахь болх бина ву иза.

Кавказ.Реалиин хьасто иштта дуьйцу цунах лаьцна. "Руслан яра оцу полисхочун цIе. Ша цхьаъ вехаш вара иза, цундела кара а ца вина ханъялча бен: мехах чоьнаш цIанйийриг еъна цуьнан петара горгамаш хьакха, ша-шена тоьхна, велла карийна хIусаман да. ДIадуллуш, дуьззина къайладаьккхина дара цуьнан дакъа. Ала дашна, ницкъхошлахь хуьлучу суицидийн шайн ю статистика. ТIех наггахь хуьлу бохамаш а бац уьш", – дийцира Кавказ.Реалиица къамел дан резахиллачу полисхочо.

Валарна кхерар а, шена тIе тидам берзро лаар а

Социалан-юридикан "Могуш йолу юкъаралла" фондан проектийн координатора Федорова Аннас дийцарехь, сица боьзна ирча хиламаш толлучара леррина зуьй стеган го – хила цуьнан гергаргарчаралахь шаьш-шайна тIе куьг даьхьина нах я ца хилла.

"Сингаттаме воьжна стаг герга хуьлу суицид ян. Цунна ца хаьа ша кхидIа муха вехар ву, ткъа ца лаьа хьалха санна ваха. Керлачу хьелех хала вулу стаг, иза цамгар ю: лелар хийца деза, го хийца беза, керла Iалашонаш хьалха шена яхка еза. Масара ца лов и хало", – боху Федоровас.

Фондо ша кхоллаелчхьана схьа болх бина иштчу нахаца, цигара белхахой тешаш бу пхеа суицидан. Шаьш-шайн баъинчаралахь ву лахарчу классашкара дешархо а, цхьа кхиазхо а – ший а ву рицкъ тоъал долчу, могуш болчу доьзалера.

"Деллачу берех ден-ненан сов лакхара а ца хилла цара бохам барна кхерам. Валар хьехийна цара, цунах дерг хаа гIиртина. Амма ден-ненан цунах лаьцна дийца лаам мел кIезиг хуьлу, бераш чIиркъе хьавза валарх долу бакъдерг лохуш. Интернет йогIу гIодан. Берийн суицид – иза даима санна гайтаман суицид хуьлу. Шайга, шуна стенна лаьа иза дан, хаьттича, жоп а ца карадо царна, шатайпа синан мохь бу иза церан", – дуьйц Федоровас.

Сингаттаме воьжна стаг герга хуьлу суицидна. Цунна ца хаьа ша муха вехар ву, ткъа ца лаьа хьалха санна ваха

Цунна хетарехь, суицидах лаьцна баьржачу хаамаша тIеIаткъам бо шатайпа долчу адамийн декъанна – шаьш-шайн догIамашна зен дан Iаьмначарна я шайн а, гонахарчу нехан а дахар хадо Iалашо йолуш вовшахкхеттачу секташка, боламашка кхаьчначарна.

Психотерапевтан таро ю стаг ша-шен дахар хадочуьра кIелхьарваккха, элира Къилбаседа ХIирийчуьрчу "Сан доьзал" цIе йолчу пачхьалкхан центрерчу психолога Текоева Залинас.

"ЧIогIа пайде ду берашца болх бар – царалахь суицидна тIегIертарш бала хьаьгна ца хуьлу, тидам шайна тIеберзо гIерта уьш. Бакхийчаьрца ду хала. Вала лаам воккхачуьнгахь кхуьу еххачу хенахь, цхьаьнхьа довдаьллера олий ца кхуьу", – дуьйцу цо.

"Юхьанца, говзалла IаIош, ас берашна тIехьожучу Iедалан хьукматашкахь болх бира, тхо цхьан доьзале дахара, бераца къамел дира оха. Дерриг а дика ду аьлла хетаделира тхуна. Амма тхо дIадахча, суицид ян гIоьртинера иза, йоI ю ас юьйцург. Тахана а хета суна со бехке, психотерапевто шеца къамел динехь, ца дахьа магара цо шена тIе куьг. Вай дукха хьолехь тергам, ларам боцуш дуьту бер, вайна ца хаало ваьшна гонах болчу нахах цхьаъ халчу хьолехь хилча", – боху Текоева Залинас .

Къилбаседа ХIирийчохь суицид ян лаам хиларца билгалбевллачаьрца болх бо республикерчу могашаллин министраллин "Тешам" цIе йолчу диагностикан, хьехаман центро а, медицинан-социалан-психологин центро а.

Амма наханна ца лаьа шайн республикехь гIо лаха, боьлху генарчу гIаланашкарчу говзанчашна тIе, кхоьру проблема "нахалъярна", дуьйцу Текоевас.

***

Оьрсийчоьнан регионашлахь 37 ю суицидан статистика лакхара йолуш, амма яц цаалахь Къилбаседа Кавказера республикаш. Оцу маьIнехь Къилбаседа Хирийчоь пачхьалкхехь уггаре тоьлла хьела долучех яра 2015 шарахь: 13 стаг веллера шера чохь ша-шена тIе куьг а хьош. Цигахьчул а дика ду хьал ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Астраханан махкахь. 2020 шеран терахьаша гайтарехь, ХIирийчоь а, Нохчийчоь а яра суицидаш вуно лахара йолучех. Уггаре дукха шаьш-шайн дахар хедор лахара долучех бу Хабаровск-мохк (о,5 хилам 100 эзар бахархошлахь), Нохчийчоь (0,8), Къилбаседа ХIирийчоь (0,9).

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG