ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медведев: Украинин куьйгаллица уьйр леха маьIна дац, садетта Iаьмна ю Оьрсийчоь


 Медведев а, Украинин хилла президент Янукович Виктор а
Медведев а, Украинин хилла президент Янукович Виктор а

Украина Малхбузерчу пачхьалкхийн "вассал" ю, цуьнан куьйгалхой шайггара гIуллакх лелон дай бац, оьздангалла яц цаьргахь, шаьш делла дош чекх ца доккху, цуьндела "эрна ду" Москва Украинин куьйгаллица уьйр кхаба гIертар. Иштта ду Оьрсийчохь президент лаьттинчу, хIинца Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхо волчу Медведев Дмитрийс аьлларг. Оцу хьокъехь цо язйина "Таханлерчу Украинин куьйгаллица эрна стенна ду юкъарло лелор" артикл араяьккхина "Коммерсантъ" газето.

Цкъа а ца йинчу кепара кIоршаме ю Медведевс Украинин президентна Зеленский Владимирна йина критика. "Пекъар", "харцхьа яьккхина кетар", боху цо цунах, дагадоуьйту украинахойн лидер жуьгтийн орам болуш хилар, яздо, иза "хаьдда шен къоман башхаллах", волавелла "Украинерчу уггаре кандаьлла болчу националистийн ницкъашкахьа болх бан". "Нацистийн Германехь шен аьттонна жуьгтийн интеллигенци СС-эскаре хIоьттича" санна гойту ша Зеленскийс, аьлла хета Медведевна.

Шен хьаькамо, президента Путин Владимира дукха хан йоццуш язйинчу артиклна тIе а тевжаш, Украина "ерриг а арахьарчу урхаллина кIел ю", цундела Оьрсийчоьнна маьIна дац цуьнца юкъарло лелон, боху авторо, цунна хетарехь,"юкъарло цуьнан сюзеренца лелон деза".

Медведевс чIагIдарехь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна "хIума дац Украинера оьшуш, Оьрсийчоьнна ша дуьхьаллаьттичхьана". Амма оцу могIанел тIаьхьа ялийначу ойланца боху Медведевс: "Малхбалерчу ницкъашна Украинин дозанца дуьхьаллаьттачу вайн пачхьалкханна цхьана а меха яц ша Украина".

Медведевс кхидIа шен артиклехь коррупци дуьхьалъетта Украинин куьйгаллина, "офшораш" дага а йохкуьйтуш - "Пандорин Архив" –офшорашкахула Зеленскийн а, иштта Оьрсийчоьнан куьйгаллин а гонашкарчу нехан ахчанаш гучудовларх дуьйцу материалаш.

Йоьрзу артикл хаттарца: "хIун дан деза оцу ситуацехь?". Жоп а ло Медведевс ша: "хIумма а дан дера ца деза". Дуьсург цхьаъ ду, боху цо: "Украинина тIехь кхетамболу куьйгалла хиларе сатийсар". "Оьрсийчоьнна хаьа сатийса. Вай сатийса хууш ду" – яздо экс-президента.

Дуьххьара яздеш вац Медведев Оьрсийчоьнан а, Украинин а юкъаметтигех лаьцна, цул хьалха, 2014-чу шарахь, цо язйина артикл таханлерчул кIеда яра, боху эксперташа.

Би-би-си Оьрсийн сервисо дукха хан йоццуш бинчу тидамца, Оьрсийчоьнан куьйгаллера Медведевн ницкъ хан-хене мел йолу а маллуш бу. "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин хьалханча ша латтош воллушехь, ца хIоттийна иза Пачхьалкхан Думерчу фракцин коьрте кIиранаш хьалха бирзинчу харжамашкахь. Кремло комментари ца йина Медведевн артиклна.

Яц цкъачунна комментареш араевлла Украинин агIор а.

· Оьрсийчоьнан а, Украинин а юкъаметтигаш йоьхна 2014-чу шарахь, Украинин президент Янукович Виктор даржера вохорца, Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси ярца, Донбассехь Оьрсийчоьно ша тIекарло ечу сепаратистийн гIоьнца конфликт йолийча. Оьрсийчоь "агрессор-пачхьалкх" лору Украино. Ткъа хеданза йисина шина пачхьалкханна юкъара дипломатин а, экономикан а зIенаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG