ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкадаьттанах хуьлучу пайданах дахар "фантастика" ю аьлла зорбан министро


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Мехкадаьттан индустрино таро лур яц махкана федералан дотацеш тIе ца эца, хIунда аьлча, цунна хьежочу ресурсаша метта ца хIоттадо дайина ахча аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан зорбан министро Дудаев Ахьмада. Иштта жоп делла цо, нохчийн мехкадаьттанах пайда хуьлу, Кремлан дотацеш схьа ма эца бохучу Кадыров рожан критикашна, яздо Кавказ.Реалиино.

"Грознефтегазан" а, "Чеченнефтехимпроман" а куьйгалхошна тIетевжина Дудаевс дIахьедина, болх бечу мехкадаьттанан буру латтон цкъацкъа хьежо деза, иза доьхкича кхочучу ахчанел а алсам. Цо бахарехь, шарахь республикехь доккхуш ду 170 буручуьра 50 эзар тонн мехкадаьтта 1,3 миллиард соьмана.

"Тахана таро яц регионан йоллу инфраструктура латтон: "Грознефтегазан" болх, хадархой, транспортировка ен магистралаш, доцца аьлча, дукха ахча дайа деза, йа пайден а дац оццул харж а еш, шарахь 50 эзар тонн даккхар", - аьлла Дудаевс.

Инвесторш бахьана долуш даккха таро ю тахана оццул мехкадаьтта, амма дац иза цунах хуьлучу пайдех, чIагIдо цо. Цо бахарехь, "Роснефть" компани дагахь хиллера "Нохчийчоьнан республикан активаш юкъара яла, шайна цуьнах эвсаре ца хуьлу дела", амма Кадыров Рамзана "федералан тIегIанехь и хаттар дерзийра".

Оцу юкъанна, 2015-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхо шен ма-хуьллу тийсало регионехь мехкадаьтта даккхар шеггара хилийта гIерташ. Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дийхира цо, "Чеченнефтехимпром" компанин активаш махке схьало аьлла – 2018-чу шарахь дуьйна регионан долахь ю компани.

Кадыровс билгалдаьккхира, къаьсттина оцу компанин арахецар регионан "коьрта тIехьажор хир ду" аьлла.

"ХIинца вайн таро хир ю мехкадаьтта даккха а, заводаш яхка а, инвесторшна кхийдо а. ХIинцале а интерес йолуш нах а бу, компанеш а ю", - билгалдаьккхира цо.

Нохчийн мехкадаьттан индустри тIаьхьало йолуш яц бохуш, дIахьедешшехь, тIаьххьарчу шерашкхаь Кадыровс дийцарш дIадаьхьира и дакъа юхадендан дагахь, арахьарчу пачхьалкхийн инвесторшца, къаьсттина Китайрчу инвесторшца.

  • 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь нохчийн Iедалхоша лицензеш ехира 25 шарна "Чеченнефтехимпроме" Малхбузен- Бенойн, Къилбаседа – Джалкан, Ханкалан дакъошкахь меттигаш караерзаяйта.
  • "Чеченнефтехимпром" компанин долахь 7740 гектар барам болу ши эзар гергга латтанан дакъош а, 1100 буру а, царех дукхахъерш болх беш яц.
  • ЧНХП-н активаш ю ширъелла мехкдаьтта доккху ши завод, ремонтан предприятеш, мехкадаьтта доккху гIирс, йиъ нефтебаза а, 500 километар сов ехкина турбанаш а.
  • Нохчийчохь тIом балале хьалха шарахь 19 миллион тонн мехкадаьтта доккхура. Массо а гIишлош хIаллакхилира, Соьлжа-ГIалара Ленинан цIарах хилла НПЗ а цхьаьна. Тахана доккхучу мехкадаьттанан барам (50 эзар тонн) дуьхьалхIоттон тарло республикехь XIX бIешерашкахь хиллачу барамна:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG