Нохчийчуьра 60 гергга вахархо – ницкъахой а, шайн лаамехь тIаме бахнарш а- байина Украинерчу тIамтIехь. Мехкан Iедалхоша ши ницкъахо бен вийна хилар бакъ ца дина официалехь.
"Мел кIезигаха а 60 Нохчийчуьра вахархо вийна тIамехь. Уьш берриш а бацара бакъоларъяран органашца боьзна, дукхахберш шайн лаамехь тIаме бахнарш бу", - дийцина Кавказ.Реалиига СКФО-н ницкъаллин урхаллерчу хьостано.
Шайн ницкъ мел берг до Iедалхоша, Украинехь беллачех кIезигчу нахана бен дIа ца хаийтархьама, дийцина редакцига кеп-кепарчу бюджетан организацешкарчу масех стага. Цара бахарехь, цундела, стаг дIавуллуш ворхI дийнахь хIоттош хилла тезет цхьана дийне дацдина. Къамелдинчара билгалдаьккхина, беллачийн терахь 60 а лакъара хила тарло аьлла.
Кавказ.Реалиина билггал хууш ду тIамехь вийна, дIавоьллинчу 18 стагах лаьцна.
1 - Эвтара
4 – Шела
1 – Мескер-юрт
5 – ТIехьа-Мартанан кIошт
5 – Хьалха-Мартанан кIошт
1 – Теркйистан кIошт
1 – Веданан кIошт
Кхинболчу байинчех хаамаш тIечIагIбан аьтто ца кхаьчна редакцин.
Билгалдоккху, Кадыровна муьтIахь йолчу телеграм-каналаша зорбане яьккхира, шайн лаамехь Украине боьлхучийн тобанех видео. 1АДАТ оппозицин боламо хаамбира, кегий нах бертаза дIаязбеш хиларх тIаме оьхуьйтучийн тобанашка.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагIдо, боьдучу тIамехь махкара ши эскархо бен вийна вац аьлла. Чевнаш йинарш, кеп-кепарчу деношкахь цо бинчу хаамца, исс стаг ву.
- Хьалхо Беларусин оппозицин векалша дийца даьккхира, дозанехь йолу Мозырь гIалара моргаш нохчийн декъех юьзна ю аьлла. Кхечу хьасташкара информаци бакъеш тоьшаллаш дац.
- Официалехь дIахьедарца, Къилбаседа Кавказера а, Къилбера а тIемалойх вийначу 275 стеган цIераш евзина Кавказ.Реалиина; Дагестанера эскаран гIуллакх деш хиллачех беллачийн терахь ду 86.
- Охан-беттан 5-гIа де - Оьрсийчоь Украине буьззинчу барамехь тIамца чугIоьртина шовзткъе хьалхара де ду. Киевна уллорчу Буча гIалахь, цигара арадехира оьрсийн эскарш, дуккха а тоьшаллаш карийна тIеман зуламаш лелийна - байина маьрша бахархой, ницкъбар, хьийзор, къоланаш дар. Оьрсийчоьнан тIеман министралло чIагIдо, и дерриг а "провокаци а, хIиттийна суьрташ а ду" аьлла. Бучехь даьхначу суьрташа а, видеоша а оьгIазло гIаттийра доллу дуьненахь.