ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мелитополехь йохийначу базехь дIатарбелла хилла кадыровхой - зорбанан гIирсаш


"Привал охотника" базехь тохарш динчул тIаьхьа

Кадыровхоша дIалаьцна боху Мелитополера "Привал охотника" базана тIелеттера гIуран-беттан 10-чохь украинхойн агIо - царех дукхаберш байина, бу лазийнарш а. Цунах лаьцна хаамбо "РИА Мелитополь" гIирсо. Мелитополян мэро Федоров Ивана дIахьедина, мел лахара а 200 стагана зенаш дарх. Шен телеграм-каналехь цо йаздина, меттигерчу дарбанан хIусамашкахь лазийначарна меттигаш ца тоьа – уьш аннекси йинчу ГIирме дIахьийсош бу, массо а цига дIа а ца кхочу аьлла.

Оцу юкъанна оккупаци йинчу Запорожьен кIоштан губернатор ву бохучу Балицкий Евгенийс дийцина ши стаг вийна, кхин а 10 лазийна царех, кхоъ лазартне кхачон везаша вара аьлла. Цо дIахьедо, база бахархойн гIишло йара, амма билгал ца доккху, хьанна йина чевнаш.

Хьалхо украинхойн зорбанаша яздора, нохчийн дакъойн куьйгалла дIатарделлачу "Привал охотника" базехь Нохчийчоьнан урхалхочун аннекси йинчу ГIирмера векал Саидов Мурад вийна бохуш. Амма Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада Саидовца цхьаьна дIайазйина видео зорбане яьккхира йохийначу базехь – цо дIахьедора, иза лазийна-вийна боху хаамаш харц бу аьлла. "Привал охотника" церан цхьахйолу база хиларх информаци тIе ца чIагIйо Оьрсийчоьнан агIоно, йа харц ца до.

Тохарш динчул тIаьхьа цхьахволчу оьрсийн эскархочун видео зорбане яьккхинера "РИА Мелитополь" гIирсо – цу тIехь гуш ду мича барамехь ду дина зенаш, гуш бу чевнаш йина эскархой а.

Керлачу шарна лерина салюташ кхийсар а, концерт а юкъахйаьккхина Соьлжа-ГIалахь. Барамийн цхьа дакъа юкъахдаккхаран бахьанаш хоуьйтуш дац, амма хьалхо кху шарахь мехкан урхалло дихкинера даккхий ловзарш хIиттор Украинехь Нохчийчуьра дукха эскархой леш хиларна.

  • Лахьан-беттан юьххьехь ВСУ-н Коьртачу штабо дIахьедира, Лисичанскера нохчийн "Ахмат" декъана тохарш дина аьлла – болчу хаамашца, 30 сов стаг вийнера, 15-х вара лазийнарг. Цул тIаьхьа ши де даьлча Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана "туьйранаш" а, "аьшпаш" а бу уьш элира. "Ахмат" спецдекъан командиро Алаудинов Аптис дIахьедира, дуьхьалончаша дозаллаш ден оццул эскархой байина бац, тIаьххьарчу деношкахь эшамаш шайн могIаршкахь хилла а бац аьлла.
  • ГIадужу-беттан 25-хь ВСУ-но хаамбира, Херсонан кIоштан Каиры гIаларчу школан гIишлонна тIе тохар дарх лаьцна – шех "Нефтеполк" олу штаб хиллера цигахь - Нохчийчуьрчу Росгвардин хадаран Урхаллин мехкадаьттан а, газан а объекташ ларъеш йолчу полицин полк ю иза. Украинхойн агIоно 30 гергга вийначух, бIеннашкахь лазийначех а дIахьедира. ХIетахь Кадыровс хилларг тIелецира – 23 вийна, 58 лазийна, царах чолхе чевнаш йина веа стаганна, аьлла дIахьедина цо.
  • Украинера тIом болабелчхьана Кавказ.Реалиино Къилбаседа Кавказера кхалхар тIечIагIдинчу нехан тептар ду хIоттош. Карарчу хенахь йевза 1725 вийначун цIе, царах 154 Нохчийчоьнан бахархой бу. Зорбанашкарчу хаамех, Iедалан дIахьедарех, бакъоларйархойн а, тхайн хьасташкара а вовшахтоьхна хаамаш бу уьш. Баккъала болу эшамаш официалехь дийциначул а дикка лакхара хила тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG