ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориал" дIайохон бина сацам емалбина Европан Кхеташонан комиссино  


Бакъонехула демократигахьа йолчу Европан Кхеташонан комиссино, Венецин комисси санна евзаш йолчу, емалбина "Дуьненаюкъара Мемориал" ("арахьарчу агентийн" реестре яьккхина) дIайохош оьрсийн Лакхарчу кхело бина сацам. Дуьненаюкъара стандарташ йохор ду аьлла комиссин дIахьедарехь и сацамбар, хаамбина Свобода Радионо.

Оьрсийчоьнан Iедалша организацино дохийна боху "арахьарчу агентех" долу низам - "нийсса доцу а, тIех шуьйра а" лерина Венецин крмсиссино.

"Муьлхха а деш долу таIзар цо талхийначу бакъоне хьаьжжина хила деза, ткъа организаци дIайохон тарло, демократина кхерам бохьу цхьа йоккха бакъо хьаьшна меттиг хилахь, ца ваьлла динарг санна", - дIахьедо комиссино, "Мемориал" - уггар а евзаш йолу бакъоларъяран организаци хилар тIе а тухуш.

Юх-юха цаьргара административан кепехь бехкаш довлахь а, цунах а бахьанаш хуьлийла дац оццу кепара организаци дIакъовла, аьлла хета комиссехь.

Иштта цара билгалдоккху, "арахьарчу агентех" долчу низамах лаьцна "Мемориалан" претензеш а лерина цахиларх Оьрсийчоьно.
Оьрсийчуьрчу Лакхарчу кхело дIайохийна "Дуьненаюкъара Мемориал" Инарлин прокуратурин иска тIехула кху беттан 28-чохь. ШолгIачу дийнахь изза сацам тIийцира Москва гIалин кхело бакъоларъяран "Мемориал" ("арахьарчу агентийн" тептарехь ю) центран хьокъехь. Оцу сацамашна латкъамбан тарло.

Конституцин бакъонех долчу хеттаршкахула хьехамаш бо пачхьалкхашна Венецин комиссино. Цу юкъахь Евробертан пачхьалкхаш, иштта Оьрсийчоь а цхьаьна ю.

Яхначу аьхка комиссино кхайкхамбира Оьрсийчоьне "арахьарчу агентех" долчу низамера кхачамбацарш нисде аьлла. Организацеш дIайохош сацамаш бовзийтинчул тIаьхьа Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) тIедожийра уьш кхочушбар сацаде аьлла.

Бахьана дара, Оьрсийчуьрчу коммерцица йоьзна йоцчу организацеша (шайлахь "Мемориал" а йолуш) 2013-чу шарахь "арахьарчу низамех" долчу низамна дина арз. Цкъачунна оцу латкъамца доьзна шайн сацам бовзийтина бац ЕСПЧ кхело.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG