«Мемориал» адамийн бакъонашкахула йолчу центро политикан тутмакх лерина, Москох «Киргизия» кинотеатрехь теракт кечйеш хилла, аьлла, чувоьллина волу 15 бусулба стаг. Бакъонашларъярхоша дIахьедина, тутмакхаш дIа а хеций, и харц гIуллакх кхоьллина болу полисхой жоьпе озабе, аьлла.
15 бусулба стаг лаьцнера полицино 2013-чу шарахь Москох хIостелехь (маьнга бен кхин гIоленаш йоцу цхьаьнаIойла). Уьш Оьрсийчохь йихкина йолчу "Ат-Такфир валь-Хиджра" терроран организацин декъашхой бу, аьлла, дIакхайкхийра Оьрсийчоьнан МВД-но.
2016-чу шарахь Охан-баттахь 11 шаран тIера 13 шаре кхаччалц хенаш туьйхира цу нахана.