ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меттигерчу Iедалан харжамаш бу дIабоьлхуш Гуьржийчохь


Тбилиси, мэран харжамаш
Тбилиси, мэран харжамаш

Меттигерчу Iедалан дакъошка харжамаш бу дIабоьлхуш Гуьржийчохь. Бахархоша хоржуш ву 64 мэр а, 2068 гIалийн а, муниципалитетийн а гуламийн декъашхо.

Масала, мэр хоржуш толам боккхур бу 50% сов кхаьжнаш гулдинчу кандидата.

Кхажтасаран меттигаш дIакъовлур ю меттигерчу хенаца 20:00 сахьт даьлча. Харжамийн кьупан комисси декхарелахь ю, кхажтасарх лаьцна протокол хIоттийначул тIаьхьа, хьем ца беш, шен болчу техникан аьттонех пайда оьцуш, сурт а даьккхина, протоколан суьртан копи Коьртачу харжамийн комиссе дIахьажо.

Шен агIор Коьрта харжамийн комисси декхерелахь ю кхажтасаран жамIашна сихха зорба тоха Комиссин сайта тIехь.

Гуьржийчоьнан Коьртачу харжамийн комиссино бинчу хаамца, кхаж таса бакъо йолуш ву махкахь 3 513 884 вахархо.

ПIераскана Iуьйранна, харжамаш хила цхьа де дссинчхенахь Гуьржийчу цIавеъна Гуьржийчоьнан хилла президент Саакашвили Михаил.

ТIаьхьара шераш Малхбузенехь а, Украинехь а даьхна волчу Саакашвилис хьалхо дIахьединера, ша Гуьржийчу цIавоьрзур ву меттигерчу Iедалан органашка харжамаш болчу дийнахь, ГIадужу-беттан 2-хь сарахь аьлла. Цо сурт зорбане даьккхинера оцу дийнахь цIаваха ша эцначу кеманан билетан.

Карарчу хенахь Саакашвили набахтехьв у Тбилисина 22 километр гергахь йолчу Рустави гIалахь. ПIераскана сарахь гуьржийн премьер-министра Гарибашвили Ираклийс дIахьедина леррина хиллачу брифингехь Гуьржийчььнан кхоалгIа президент Саакашвили Михаил Гуьржийчохь дIалаьцна МВД-но а, Пачхьалкхан кхерамазаллин сервиса цхьаьна дIаяьхьначу операцехь аьлла.

Свобода Радионо бинчу хаамца, Саакашвилис набахтера кхайкхам бина гуьржашка, меттигерчу харжамашкахь дакъалахьара аьлла.

"Доьху шоьга, шек ма довлалаш, чекхдовллалц тешалаш, вайн толам вайн карахь хиларх. Суна дукха деза шу. Шун тешаме - Саакашвили Михаил", - дерзийна ша набахтера арадаккхийтина кехат хиллачу гуьржийн президента.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG