ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меттигерчу школехь дай-нанойн комитетан куьйгаллехь хиллачунна йиттина Дагестанехь


Гезгамашин-беттан 3-чохь йиттина Мусаев Мусана
Гезгамашин-беттан 3-чохь йиттина Мусаев Мусана

Хьехархойн а, дешархойн дай-нанойн митингехь къамел динчу Дагестанерчу Цунтинскан кIоштан Гугатли эвларчу вахархочунна Мусаев Мусана йиттина. Меттигерчу школан хьехархочо Тинагаджиев Мохьмада дийцина КавказРеалиига, ХIинжа-ГIала дIавигина Мусаев могушалла Iалашъяран министраллан вертолетца делкъал тIаьхьа аьлла.

"Iуьллуш ву иза, вистхуьлуш а вац. Нашатыран спиртах хьожа яккхийтира цуьнга, лазар теден мехий а туьйхира", - дийцина Тинагаджиевс.

Цо бахарехь, Мусаевна йиттина пIераскан рузба дирзинчул тIаьхьа, машенахь дIа а вигина. Хьалхо девне ваьллера иза меттигерчу школан директорца.

"Кху беттан 1-чу а, 2-чу а деношкахь къамел динера цо. Оцу тIехула иза а, со а латтийнера полицехь деа сахьтехь", - дийцина Тинагаджиевс.

Тахана дийца даьккхира, Гугатли юьртарчу юккъерчу школехь болх беш хилла масийтта хьехархо жоьпалле озийна, дешар юкъахдаккхарна, ткъа масех дешархойн да-нана бераш школе ца дахийтарна.

Кхелехула школан директоран дарже Магомедова Iашура юхаяр ца тайнера Гугатлирчу школан хьехархошна. Протест кхайкхийнера юккъарчу школан хьехархоша, Магомедова дIаяккха бохуш. Школан белхахоша бехкейора иза шайна догIу "стимулирующий" олу алапаш ца даларна, ткъа дайша-наноша - шайгара ахчанаш дахарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG