ТIекхочийла долу линкаш

Бисинчу зударийн дуьненаюкъара де ду Мангал-беттан 23-гIа де.

Уьш багарбеш стаг вац, уьш тергам боцуш буьту талламчаша, уьш дукхачу хьолахь тесна битина хуьлу Iедалша, уьш тидаме ца оьцу юкъараллан вовшахтохараллаша. ХIусамда тIера ваьла бисина милионаш зударий бу дуьнентIехь IиндагIаш санна кху дахарехь хан токхуш.

ТIаьхьарчу 25 шарахь Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь а, бохамашкахь а кхелхина эзарнаш нохчийн зударий. Иттаннаш эзарнаш нохчийн зударий бисна хIусамдай а кхелхина.

Царах ю Маршо Радионо къамеле яьккхина хилла Батукаева Марьян. Оьрсийчуьрчу Волгоградан махкахь гIамарн аренашкахь шайн доьзална хьанал рицкъ а доккхуш, жа лелош бехаш бара церан боккха доьзал, коьртехь хIусамда ШаIман а волуш, церан дахар хийцина ирча де тIедаллалц ...

Батукаева: «Тхо Волгоградехь Iаш дара хIетахь. Шен да-нана схьадало воьду ша аьлла, Ведана цIаваханера иза. Бутт, ши бутт бели юха ца вогIуш, корашна куьзга дуьллуш ву бохуш, цIенойн тхоьвнан шифер хуьйцуш ву бохуш, тхуна ца хоуьйтуш хиллера. Юха цигара кхуза баьхкинчу наха вайнчуьра берашка аьлла хиллера, шун да вайна. Юха со хатта яха цаьрга.

Суна новкъа деанера верасашна хууш дерг суна хIунда ца хаийтина-те аьлла. Сайн йиша берашца а йитина со Нохчийчу дIаяхара. Доьхна де дара и Iаламат. Лоьхуш лийлира, тахана а цуьнах яьлла йист яц. Кху аьхка 20 шо дузур ду».

Исс доьзалхо ву Марьянан - ялх йоI, кхо кIант. Марьян ша цхьаъ йисира шен берашца. Цу хенахь цуьнан дара 34 шо.

Батукаева: «Дела воцург накъост воцуш хене баьккхира ас доьзал, йоьдург дIа яхийти, кIенташна зударий балийна. Чуяха нехан санна хIусамаш яцахь а, цхьаццанхьа доьзалш дIа а тарбелла. Хала хан яьккхира. Бакъду, цхьа дика лулахо ву сан. Цо дукха гIо дина суна. ХIетахь туркх вара и юьртан, тхуна тIех даьккхина цхьанхьа сагIа ца долуьйтора цо».

Батукаева Марьянин доьзал
Батукаева Марьянин доьзал

​Шераш дIаоьху. ШаIманан, Марьянин доьзалш кхиъна. Амма 20 шо хьалха санна, сатийсамашкахь, хIусамда хIинца-тIаккха неI сагIех гучуволу бохуш, дегайовхонца еха иза.

Батукаева: «Дог ца диллина тахана а. Неханиг цIавеана, карийна аьлча, хьодий цига йоьду со. Тахана а бераша а да цIа вогIур волуш ву тхан олу. Тхан да цIахь велхьара ма дика охьахевшина хир дара вай олу. Дог диллаза Iа со. Цхьанхьа чувоьллина велахь, масане хуьлу вогIур вай и-м бохуш».

ТIера хIусамда а велла, йисар боккха бохам бу муьхха а зудчун дахарехь. Цхьайолчу пачхьалкхашкахь ишттаниг нисделча зударий арабоху шайн хIусамашкара, царна ницкъ бо, дар-дацар хилла уьш байина меттигаш а ю марзхоша, хаам бо Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохаралло.

«ПIелг санна, цхьа бер а кхобуш …», - олу нохчашлахь йисинчу зудчух лаьцна, цуьнан сий деш. Йисинчу зудчун доладар дукхахенахь дуьйна дозалла лоруш хилла нохчийн къонахаша бохуш, дуьйцу Европерчу нохчийн къанойн кхеташонан декъашхочо Докудаев Ахьмада.

Докудаев Ахьмад.
Докудаев Ахьмад.

Докудаев: "Йисина Iаш йолу зуда вуно чIогIа ларйеш а, цуьнан доладеш а хилла нохчаша. Марвашас шен вешех йисина йолу, вешин доьзал кхобуш йолу зуда кхобуш, шен чу дохьучул а хьалха напха хьуш хилла цуьнан доьзалан чу. Лулахь йисина бай кхобуш нохчийн нана хиллехь, цунна там болу агIо лохуш хилла, цуьнан доладеш хилла. Цунна бохам берг, цунна цатамберг ала йиш йолуш ца хилла. Низам хилла вайн нохчийн къоман".

Бусулба динехь а вуно лоруш хIума ду йисиначу зудчун ларам бар бохуш, дуьйцу Докудаевс.

Докудаев: "Тхан гергарчу цхьана дешначу стага олура. "Ша дашчу КъурIано" олура цо, 11 гIиллакх а ма ду, оцу 11-та гIиллакхах шен дахарехь и цхьа гIиллакх лелийнарг жоьжагIатан цIаро ваго йиш ма яц олий".

Тахана муьлхачу хьолехь ду и гIуллакх? Мел ларйеш ю йисина зуда тахана нохчийн юкъараллехь?

Докудаев: «Бакъдерг дийцича, тахана иштта доьхний, даьржаний ду вай. ГIийлонаш ю вайгахь. Кхачам боллуш оцу тIе дерза а, кхачам боллуш уьш билгалдаха а гIора ца тоьаш меттигаш ю. Иштта шен дегIехьа дирзна-а... Тахана а нохчо волчо бай кхобуш йолчу зудчун, оцу ненан дола дар, цунна накъосталла дар, башха а вац иза милла хилча а, декхар ду-кх".

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG