ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Рамзана дехар дина ЭрдохIан Реджепе Туркойчоьнан ницкъаллин структураша кху деношкахь лаьцна волу нохчийн тIемало Саидов Махран шайга схьалахьара аьлла.

Саидов Махран воцург, Кадыровс дIавоьхаш ву кхин а гIараваьлла волу нохчийн ши тIемало Вадалов Асланбек а (45 шо), Газиев Тархан а (50 шо)

Цкъачунна туркойн къайлахчу сервисаша лаьцна бохуш вуьйцург ву Саидов Махран. Саидов Махран вина 1975 шарахь, Ножай-Юртан кIоштарчу ГIоьрдалахь. 2006-чу шарахь иза куьйгалхо хIоьттира Къилба-Малхбалерчу фронтан тIеман тобанан.

Оццу шарахь Оьрсийчоьнан Iедалша федералан лехаме велира Саидов Махран. 2010-чу шарахь, Марсхьокху-беттан 29-чу дийнахь, Саидов Махранан тIемалойн тоба тIелетира Кадыров Рамзан чIагIвеллачу Хоси-Юртана.

Кхин а 4 де даьлча Кадыров Рамзана 10 миллион сом кхайкхийра Саидов волу меттиг йийцинчунна. 2013-чу шарахь Саидов Махран хIоьттира Малхбален фронтан куьйгалхо.

Цхьаболчу хаамашца, тIаьхьарчу шарахь Саидов Махран вара Шемахь болчу нохчашна юкъахь.

2016-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Рамзана Туркойчоьнан Iедалшка схьабийхира цу махкахь беха нохчийн тIемалой. Царна юкъахь вара Саидов Махран

2016-чу шеран ГIадужу-беттан 28-чу дийнахь Нохчийчохь 3 миллион сом кхайкхийра Саидов Махран волу меттиг йийцинчунна.

XS
SM
MD
LG