ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

7 миллион соьмах даздийр ду Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачар а, Оьрсийчоьнан байракхан де а


Кадыров Ахьмад а, Рамзан а

Соьлжа-ГIалахь Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачарна а, иштта Оьрсийчоьнан пачхьалкхан байракхан денна а лерина даздаран барамаш дIабахьа ворхI миллион соьмана тендер кхайкхийна Нохчийчоьнан Iедалхоша. Марсхьокху-беттан 22-23-чу а деношкахь, махкара эпидемин хьал ийгIина догIушшехь, Соьлжа-ГIалахь эзарнашкахь бахархой вовшахтоьхна, даздарш дIадахьа лерина бу.

Аукционан техникан документаци тIехь билгалдаккхарца, Нохчийчоьнан шахьарна юккъехь карабогIучу беттан 22-чохь Кадыровн проспект тIера Путинан цIарахчу ураме кхаччалц байракх язъеш гулбелларш буьйлалур бу.

Оцу барамна кечлуш, тендер яьккхинчун декхар ду пхеа дийнахь эзар афиша гIала мел ю яржон а, кхо эзар сов бес-бесара нах хьошалгIа кхойкхуш билеташ кечдан а, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а 150 дарех байракхаш ян а. Цул тIаьхьа дезачу денна лерина концерт хIоттон еза: оцу Iалашонна бахархошлахь дIасайоькъур ю флагаш, футболкаш, коьрта тохку бейсболкаш а (500).

Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачарна лерина барам дIахьур бу къевлинчу концертан хIусамехь, мел лахара а, 600 хьаша а кхайкхина.

Тендер сайте хIоттийна карарчу беттан 22-чохь, бутт баллалц латтор ю иза.

1990-чу шерашкахь Нохчийчоьнан Республикан муфтий вара Кадыров Ахьмад, цул тIаьхьа федералашкахьа велира. 2000-чу шеран аьхка дуьйна Нохчийчоьнан администрацин куьйгаллехь вара иза. 2003-2004-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент лаьттира.

Кадыров Ахьмадан цIе лелайо Нохчийчохь кеп-кепарчу объекташа. Цуьнан цIарах ю, "Новая газетано" Iорадаккхарца, дуккха а нах байъина полк а цхьаьна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG