Дечкен-беттан 23-чохь оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша хIоттийначу митингехь полицин белхахойх латарна Москварчу пачхьалкхан университетан студентна Джумаев Сайд-Мухьаммадна колонехь даккха ялхо шо хан тохар дехна Москварчу Тверскойн кхеле прокуроро.
"Кхелан кхеташонехь прокуроро тIаьххьара а юкъарчу хьелашкахь йолчу колонехь такха ялх шо хан тохий таIзар дар дехна", - аьлла РАПСИ агенталлица къамел динчо.
Джумаевга бехк кховдийна Iедалан векална ницкъбаран артиклехь кхо зулам дарна. Хьалхо Джумаев Сайд-Мухьаммадна пхи шо хан тоха догIу набахтехь такха, аьллера Iедалан цIарах бехктIехьочу агIоно. Цул тIаьхьа юха а кхачам боллуш гIуллакх талла сацам бира кхело.
- Навальныйн агIолоцуш дIаяьхьначу митингера яьржира Джумаевх тера стаг полицин ницкъех Iалашлуш, дуьхьаллеташ. Полисхойх латарна бехкевира иза ша лацанза, лохуш а волуш. Псковна гергахь лецира Дечкен-беттан 28-чохь, Европан Цхьаьнакхетаралле вахна, къайлавала воллуш хилла аьлла.
- Дукха хан ялале Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама дIахьедира, нагахь санна иза Оьрсийчоьнан оппозицехьа вацахь, ша Джумаевн гIуллакх "дикачу агIор луьстур ду", аьлла.
- Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада Дечкен-баттахь элира, Кадыровс "дерриг дира цуьнан кхоллам аттачу боккхуш", амма Джумаев "кхин некъ хаьржина". Даудовна хетарехь, тIехь да воцуш кхиина Джумаев, вон Iамийна арено – аьлча а Оьрсийчоьно.