ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ММА-н оьрсийн латархочо Кулицкий Артура гечдар дехна Кадыров Рамзане


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

ММА-н латархочо, Hardcore латарийн декъашхочо, Акаб цIарца дика вевзачу Кулицкий Артура шена къинтIераваьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ишта, "Оьрсийчоьнан Iедал а, къам" а. Инстарамерчу шен агIоне хIоттийна цо шина минотехь дIаязйина видео: "Со мелла вара, ас цхьа гIурт бийцина. Со билггал юьхьIаьржа ву"" аьлла, буха а яздина.

"Оьрсийчоьнан Iедална а, президентна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзан Ахматовична а хьалха бехк ца биллар деха луур дара суна, айса баьхначунна. Со мелла вара, тайп-тайпанчу, нийса боцчу ютьюб-блогершка ладийгIинера ас. Корта тентакбаьллера сан. Айса хIун дуьйцу а ца хаьара суна", - дIахьедина Кулицкийс.

Цул а цхьа де хьалха Кулицкийс видео яржийра, "ахчанан дуьхьа хIуъа а лелор долуш бу кадыровгIар", и "кIунзал берг" оццул шерашкахь Iедалан коьртехь а стенна ву бохуш, хеттаршка а вуьйлуш. Шегара даьллачух "къинтIера баха хIоттор вуйла а" хаьа цунна.

Бехказвуьйлуш дIаязйинчу видео тIехь Кулицкийс боху, ша кхерамзаллехь а ву, цхьаммо а видео дIаязъян декхаре а ца вина ша.

"Шайн багара долу дешнаш ларде, соьгара яьлла ледарло шайгара ма ялийта", - дерзадо къамел латархочо.

  • Хьалхо дийцина ма хиллара, республикал арахьа йолчу нохчийн диаспорашкахь нах бу, Нохчийчоьнан куьйгалхошна а, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а хIуманаш дийцарна дуьхьало ян декхарелахь бина.
  • Стигалкъекъа-баттахь Пермь гIаларчу кхиазхочо Кадыров Рамзане дийхира шена цунах ша "шайтIа" аларна къинтIеравалар. "Къурд" олуш яьккхина видео ю нохчийн инстарам-каналашкахула лелаш.
  • Хьалхо Тик-Токехь жимчу стага видео яржийра Москвана гергахь вехачу шен нийсархочун-дагестанхочун, деношкахь гергарчара Кадыровга къинтIеравалар дехначу кIентан агIолоцуш.
  • Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула кест-кеста доьхуьйту мехкан куьйгалхочуьнга къинтIеравалар. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG