ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох – Цхинвал: Аннекси йоцуш санна…


Путин Владимира Къилба ХIирийчоьнан эскархошна магийна Оьрсийчоьнан ницкъашкахь гIуллакхдан. Мехкан эскарехь гIуллакх дина бевлича меттигерчу нехан бакъо хир ю Оьрсийчоьнан тIеман базанашкахь кхидIа а болхбан.

И магош омра арахецна Кремло шен низамаш даржочу порталехь. Къилба ХIирийчоьно кеч а дина, Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIакховдийна иза, боху докуметна тIехь.

2008-чу шарахь Гуьржийчоьнна йина аннекси дIаяхлуш юйла гойту документо.

Гуьржийчоьнан бартбаран а, адамийн бакъо нисъяран а министраллехь бехкбуьллу «Цхинвалан режиман банд-тобанаш Оьрсийчоьнан эскаршка эцарна».

Гуьржийн агIонна хетарехь, аннекси дIаяхъеш гIулч ю иза. "ХIинца кеп чулацамца йогIу" аьлла хета Тбилисерчу журналистна Васадзе Гелина. "Аьлча а, - боху цо, - официалехь оккупацин эскаршка озийна коллоборационистийн тIеман бIо».

Къилбаседа Кавказан сервисца къамелдеш цо элира, "и тIемалой хьалха а бара Оьрсийчоьнан буьйранчийн куьйга кIел". Цунна хетарехь, Кремлна тIеман базанийн хьесапехь оьшу Къилба ХIирийчоь а, Абхази а.

Гуьржийчоьнан бартбаран а, адамийн бакъо нисъяран а министраллан даггахь ву политолог Лебонидзе Соломон а. Кремло дийриг "Цхинвалан кIоштна аннекси дIаяхъяр ду", элира цо а. "Оьрсийчоьно дIалаьцна дакъа ду Цхинвалан регион. Ткъа цигарчу оьрсийн эскарна хIун цIе туьллур ю, бен а дац. Ца хийцало маьIна», - боху эксперто.

Кремлна тIеман база ярхьама оьшу Къилба ХIирийчоь а, Абхази а, боху Васадзес.

Массо а маьIнашкахь ю Къилба ХIирийчоь Оьрсийчоьнан декъаозийна: политикан, бакъонийн, экономикан.

Амма Европаца визанаш йоцчу режимехь яха хуучу Гуьржийчоьнна Кремло сов кхерам а ца бохьу шен гIулчца, "цо Гуьржийчоь сема хиларе кхойкху, оха болар Европан агIор сих мел дин а, тхан пачхьалкх реинтеграцех хьалхайолу", - боху Васадзе Гелас.

Довзуьйтуш. Гуьржийн махках дIа а къаьсташ, шайна маршо кхайкхийра Абхазино а, Къилба ХIирийчоьно а 2008-чу шеран Марсхьокху-баттахь. Оьрсийчоьно, Венесуэлано, Никарагуано къобалйина церан суверенитет. Кхин цхьана а пачхьалкхо ца лоруш и ши мохк Гуржийчоьнах маьршабаьлла.

XS
SM
MD
LG