ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь а, пачхьалкхан шина регионехь а локдаун йолаелла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Коронавирусан ун ца даржийта Iалашонца Iедалхоша кхайкхийна мукъаденош дуьйладелла тахана дуьйна Москвахь, яздо оьрсийн Свобода Радионо. КарабогIучу беттан 7-чу дийне кхаччалц дIадахлур ду уьш. Шахьарахь дIакъевлина кафеш а, ресторанаш а, шаьш кечбина кхача ара а луш, болх бийр бу цара, иштта курьерашка дIаса а кхоьхьуьйтуш. Болх сацийна хазаллин салонашкахь а, кинотеатрашкахь а, фитнес-центрашкахь а, бассейнашкахь а, автосервисашкахь а. Театрашка а, музейшка а баха таро ю бахархойн QR-кодех пайдаоьцуш.

Аптекашна а, кхачан-сурсатийн туьканашна а, цаторийла йолу гIирсаш бухку меттигашна а бакъо йитина болх бан. Йиллина хир ю оцу муьрехь дарбан хIусамаш, ишта долара клиникаш а, кхелаш а, болх юкъара баккха йиш йоцчу объектийн неIарш а.

Москварчу дешархойн мукъа хан йолаелла тахана, ГIадужу-беттан 28-чохь дуьйна. Берийн бошмашкахь белхаш бийра бу цхьацца хеттарш луьстучу тобанаша, студенташа шаьш доьшур ду цIахь.

Тахана дуьйна мукъаденош ду Москван, Калининградан, Ростовн, Смоленскан кIошташкахь а, Хакасехь а. Оцу регионашкахь дозанаш деттар ду белхан меттигашкахь, сурсаташ юхкучу туьканаша а, бахархошна кеп-кепара хьелаш хIитточу организацеша а, спортан а, культурин а сфераша а бен болх бийр бац, къевлина хир ю кафеш а, ресторанаш а. Хакасехь комендантан сахьт ду юкъадоккхуш, сацийна юкъарчу транспортан болх а.

COVID-19 ун цIеххьашха даржа доладелла Оьрсийчохь Гезгамашин-беттан юккъехь дуьйна. ГIадужу-бутт юккъе баьлчхьана 30 эзар сов цомгаш нах гучубийла боьлла хIора денна. Кху беттан 16-чохь бинчу хаамца, коронавирусан инфекцех велла цхьана дийнахь эзар сов дархо.

ГIадужу-беттан 20-чохь Оьрсийчоьнан президенто дIакхайкхийра беттан 30-чу дийнера карабогIучу беттан 7-че кхаччалц мукъаденош, регионийн куьйгалхошна бакъо елира, шайна хеттачу кепехь дозанаш детта а, мукъаденош харжа а. Цхьа могIа регионашкахь кху беттан 25-чохь дуьйна сацийна бу болх а, дешар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG