ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москван мэра тIедиллина мигрантийн метта гӀишлош ечохь болх бан "кхин дикалла йолу"нах балха эцар


Москван мэр Собянин Сергей
Москван мэр Собянин Сергей

Москван мэра Собянин Сергейс тIедиллина реновацин программехула гIишлош еш болх беш болу кхечу пачхьалкхашкара белхахойн метта "кхин дикалла йолу нах балха эца аьлла. Цуьнан дешнаш даладо гIалин информацин официалан хаамийн агенталло. Мигрантийн метта алссам Оьрсийчоьнан регионашкара нах бало беза аьлла цо. Амма белхалойн ницкъан ира дефицит хилар билгалдоккхуш ду ерриг а Оьрсийчохь, иза гойту статистико.

"Кхечу дикаллин адамаш деза, кхечу алапаца, кIезиг мигранташ, таханлерчу денна тоъала дукха болчу", - даладо Собянинан дешнаш "Москва" агенталло. Мэра дIахьедина цунах лаьцна Лахьан-беттан 17-хь гIалин юккъехь Баумански урамехь керла деш долчу цIанна бIаьргтоха ша веанчохь.

Лахьан-беттан 1-хь гIала кхиаран политикан хаттаршкахула а, гIишлош ярехула а волчу Москван вице-мэра Бочкарев Андрейс дIахьедира РБК-на еллачу интервьюхь, гIалин Iедалш план кечйеш ду, гIишлош еш мигранташ бечу балхах юхадовла аьлла.

Цуьнца цхьаьна цо даре дира, гӀишлош яран объекташкахь белхан ницкъан дефицит хаалуш хилар, пандемин хенахь мигрантин терахь 80 эзар стагана лахдалар бахьана долуш. ГIалин кхечу вице-мэра ГIадужу-баттахь мах хадийра кхечу пачхьалкхашкара баьхначу нехан белхан ницкъ цатоаран 200 эзар стаг барамехь.

Марсхьокху-батахь, "Оьрсийчоьнан газето" яздарехь, гIишлош ярехь белхан ницкъан дефицит хилар ларара Оьрсийчохь 3 миллион стаг.

"Известия" газето хаам бора, Оьрсийчуьра гӀишлош еш йолу компанеш вовшашца конкуренци лелийна ца Iаш белхан ницкъ къуьйсуш ю Узбекистанехь я Казахстанехь йолчу гIишошъяран объекташца, аьлла. Iедало хьахийнера оцу объекташкахь чубоьхинчу нахах пайда эца мегар дара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG