ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвано хьахийна Тбилисе, Абхазица а, Къилба ХIирийчоьнца а дозанашкара эскарш дIадаха дезар аьлла


Москва, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралла
Москва, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралла

Москванохьахийна Тбилисе, Гуьржийчоьнан Абхазица а, Къилба ХIирийчоьнца а долчу дозанашкахь "демилитаризацин (эскарш дIадаьхна) процесс йоло езара, цул тIехь дозанаш къастош демаркаци а еш" аьлла.

Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду еарин дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло Дуьненаюкъара кхерамазаллехула а, хьал тийна латторехула а долчу Женеверчу дийцарийн 54-гIа мур дIабирзинчул тIаьхьа бинчу хаамехь.

Оьрсийчоьно кхетадо ша кховдийнарг "регионехь кхерамазалла чIагIъян Iалашо йолуш" хилар.

Женеверчу дискиссехь дакъалаьцначу дукхахболчу декъашхошна хетарехь, гуьржийн-абхазойн а, гуьржийн-кътлбахIирийн а дозанца йолчу меттигашкара хьал тийна ду ала мегар долуш ду.

Цигахь кхерамазалла чIагIъяр Iалашонца Оьрсийчоьнна хета Абхазица а, Къилба-ХIирийчоьнца а долчу дозанашкара эскарш а, герзаш а дIадахаран процесс йоло еза аьлла, цунна тIаьххье дозанаш билгалдахаран болх а болош. Оцу гIуллакхехь Москвана жигара гIортор еш ю Сухуми а, Цхинвали а.

  • Гуьржийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а дипломатин юкъаметтигаш хедийна Тбилисин лаамца, 2008-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна, ЬМоосквано Абхази а, Къилба ХIирийчоь а йозуш йоцуш пахьалкхаш хилар къобал дича. Гуьржийчоьнца бина тIом дIабирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьно кхин а эскарш а, герзаш а хьажийна гуьржийн оцу шина регионехь йолчу шен тIеман базашка.
  • Тбилисино а, Москвано а политикан хаттаршца доьзна дийцарш дIахьуш ду Женеверчу дискуссийн гурашкахь, Европехь кхерамазаллехула а, цхьанабелхан а вовшахтохаралло а (OSCE-ОБСЕ), малхбузерчу Гуьржийчоьнан бертахоша а дакъа а лоцуш.
  • Венесуэла а, Никарагуа а, Науру а, Шема а дIаяьккхича кхечу пачхьалкхаша лоруш ю Абхази а, Къилба ХIирийчоь а Оьрсийчоьно дIалаьцна латто Гуьржийчоьнан территори.

ХIокху текстехь топонимаш а, терминологи а хила мега шаьш йозуш йоцу пачхьалкхаш хетачу Къилба ХIирийчохь а, Абхазехь а лелош йолу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG