ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвара цIа веана Нохчийчуьра 28 шо долу жимстаг лачкъийна, ницкъ бина цунна тIехь

Соьлжа-ГIалара аэропорт, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIалара аэропорт, гайтаман сурт

Нохчийчуьра ницкъаллин структураша Москвара цIа веанчул тIаьхьа лачкъийна вигина 28 шо долу махкара вахархо Арсанов Имам. Ши бутт сов хан йу иза Кадыров Ахьмадан цIарахчу шолгIачу полкан дозана тIехь латтош волу.

Арсанов Имам
Арсанов Имам

Арсанов лачкъорах лаьцна хьалхо хаамбинера нохчийн NIYSO боламо. Жигархойн хаамашца, Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь лаьцна жимстаг. Цул тIаьхьа ницкъбина цунна тIехь, шайггара кхоьллина бехкзуламан гIуллакх тIелацийтархьама. Цуьнга хеттарш динарш къайлахчу сервисийн белхахой а цхьаьна бу.

Тхан редакцин хьасто хаамбира, Арсанов охан-беттан 26-чохь лаьцна ву аьлла. Москвахь цхьацца белхаш беш хиллера иза.

Полицино йуьхьанца, Арсанов шайгахь вац баьхнера, амма тIаьхьо цуьнан дена пурба деллера кIантана тIекхача. ТIаьххьара шен воI гина цунна мангал-баттахь, оцу кIанта бехкаш тIелоцуш куьйг йаздинчул тIаьхьа. "Шемаца доьзна" цхьанхьа ахчанаш кхехьийтина аьлла гIуллакх ду дуьйцург. Оцу гIулакхан таллам бина цхьана а кепара кехаташ кIентан дена-нанна гайтина дац.

ХIинццалц схьа Арсанов гIуллакх деана вацара меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахошца, билгалдаьккхина тхан хьасто.

  • Мангал-бутт болалуш нохчийн NIYSO боламо дIахьедира Украинана дуьхьал тIом бан республикера 80 вахархо вахийтарх лаьцна, уьш бара хьлхо ницкъаллин структурийн белхахоша лечкъийна бигина хилла бахархой. Бутт бовш йуха а дIахьедира жигархоша рейдаш дIайахьарх а, тIеман комендатуре тIекхайкха хан йолу божарий лецарх а.
  • Цул совнах, боламан хаамашца, Соьлж-ГӀалахь лакхарчу доьшийлашка деша дIахIийтта баьхкина кегийрхой а тIеман комендатуре дIахьийсош хиллера.
  • Кавказ.Реалиин редакцино къастийра, тIаьххьарчу беттанашкахь Нохчийчохь лечкъийна бигинчу нахах лаьцна хууш дерг.
XS
SM
MD
LG