ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу бизнесхочуьнца кадыровхо хийца гIортарх лаьцна дийцина Даудовс


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

Нохчийн парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада рогIерчу кхеташонехь дийцина, Украинехь йийсаре лаьцна кадыровхо хийца гIортарх. Цунах лаьцна репортаж арахецна ЧГТРК "Грозный" телехьожийло.

Пачхьалкхан думан Нохчийчуьрчу депутатана Делимханов Адамна а, регионан кхерамазаллин Кхеташонан куьйгалхочунна Алаудинов Аптина а тIедилларш деш Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан аудио хазийтина Даудовс – украинхойн салтех цхьаъ йийсаре лацар тIедожадо цо царна, тIаккха иза хийца Iалашонца.

Черновицкан кIоштера украинхойн салти Алаудиновс схьагойтуш видео гойту парламентан куьйгалхочо, 8-чу батальонехь тIеман декхарш дIакхоьхьуш хилла вукхо.

"СБУ-ца дикачу зIенехь хиллачу Москварчу бизнесхочуьнца хийца гIоьртира тхо. [Украинхойн агIоно жоп делира], "тхуна иза ца оьшу, тероборонера вац иза, тхуна хьакъ хир верг гайта". Мегар ду, 2-3 де хан ло, ишттаниг карора ву тхуна", - дIахьедира Даудовс.

Хьаькамо бахарехь, йийсаре лаьцна волу кадыровхо Хьалх-Мартанера ву. Шен къамелехь Даудовс иштта кхайкхам бо къабалъянзачу республика Ичкерин урхаллин куьйгалхочуьнга Закаев Ахьмаде – парламентан спикеро хIумма ца дарна бехкево иза. Даудовс бахарехь, Закаевс лецначаьрца къамелдина, амма иза хийцийта хIумма а ца лелийна.

Гезгмашин-беттан 16-хь Закаевн ютуберчу каналехь интервью арахийцира 38 шо долчу Киргиз цIе йолчу кадыровхочуьнца. Цо олу, украинхойн эскархошна шен лаамца каракхаьчна ша, амма Закаевс цуьнан къамел хададо, олу, массарна а хууш ду цо дуьхьало йина хилар, кхетамчуьра ваьллачу хенахь иза йийсаре лаьцна хилар а.

Къамелехь дуьйцу, Нохчийчуьра вахархо шен лаамца вахана тIаме – Закаевс бахарехь, да-нана дуьхьал хилча, Москва а вахана, цигара Украине кхаьчна иза. Масийттаза олу, Киргизан ден ваша Мусиханов Асламбек оьрсийн-нохчийн тIом боьдучу юкъанна аренан буьйранча хилла хилар, тIаккха кадыровхочун да-нана Закаев схьаваьллачу юьртахь дехаш хилла.

"Хьан дена-нанна хьо кхузахь вуйла хиъначул тIаьхьа тхо, дерриг дIа а тессина, хьо кIелхьараваккха гIерташ хьийза. Цара (дас-нанас – билг.) 500 километр некъ бина хьан дуьхьа. Украинхойн Iедало дош делла хьо цIахоьцур ву, аьлла. Оха таллам бина, хьан куьйгашкахь бехкбоцучу нехан цIий, йа чIир хиллехь оха цхьа гIулч йоккхур яцара. Хьо кIелхьараваккха аьтто баьлла тхан, оха сатуьйсу, хьо цIакхачийта мел далург дан тхан йиш хиларе. Амма кхуза схьабогIучу наханна хаа деза, массарна тхоьга гIо далур дац", - боху Закаевс аудио тIехь.

  • Украинерчу тIамехь дакъа лоцучу махкахошка кхайкхам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, къобалъянзачу Ичкерин урхаллин арахьара куьйгалхо Закаев Ахьмад ве аьлла. И динчунна маршо а, республикехь хьоле дахар а лур ду аьлла цо.
  • Украинерчу тIамехь йийсаре мел кхочуш волчу оьрсийн салтешлахь оьрсийн агIоно дуьххьара хийцабо шайх кадыровхой олурш – уьш бу Нохчийчохь вовшахтоьхначу тIеман тобанашкара рогIера ницкъахой, доккхачу декъанна нохчий. Уггар лакхара совгIат – 600 доллар – йийсаре лецначу кадыровхошна дуьхьал ло, дийцина украинхойн блогеро Золкин Владимира
  • Нохчийчуьрчу эскархочун дакъа девзина Украинехь. Журналистан Золкин Владимиран видеоца дуьстича, Гуьржийчуьра схьаваьлла нохчо вара иза, кадыровхойн олучу дакъошлахь Украинана дуьхьал т1ом беш хилла волу. Видеон авторо бахарехь, иза шен т1еман накъосташа леррина арахь кхоьссина витинера.
  • Бакъоларъяран вовшахтохараллаша хаамбора, шайга Нохчийчуьра кхочучу латкъамех лаьцна – бахарехь, бахархой лечкъабо "лаамхойн" кепехь Украинерчу тIаме хьийсорхьама. Цара бахарехь, резабоцурш "къайлахчу набахтешка" хьийсо мега билггал йоцучу ханна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG