ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу метро чохь урс тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна


Москвара метро. Гайтаман сурт

Москварчу "Славянский базар" олчу метрон социйлехь уьрсан чов йина Нохчийчуьрчу 29 шо долчу Темирхаджиев Рамзанна. ТАСС агенталлан информацица, къайлавала кадаьлла тIелеттачуьнан. Низамаш лардон органаша лоьхуш ву иза.

Полицерчу хьастано агенталле хаам барехь, урс тохаран бахьана хила тарло, царшинна юкъахь дов далар.

"Московский комсомолец" газето яздо, Темирхаджиев Склифосовскийн цIарахчу дарбан цIийне охьавиллина хиларх лаьцна.

  • ГIадужу-беттан юьххьехь Дагестанерчу кхаа вахархочо йиттинера Москварчу метро чохь, йоIехьа гIо даьккхинчу цхьана пассажирна. "Стаг вен гIортарна" а, "Iедална векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна" а аьллачу артиклашкахь бехкаш дехкина царна.
  • Лазийначу Ковалев Романна мидал елира "Сийлалла, майралла" аьлла, ткъа полици кхайкхинчу пассажирна – "ГIо лацарна" аьлла мидал елира.
  • Метрополитенан чоьтера Ковалев Романна 2 миллион сом ахча ло аьлла, тIедожийра Москван мэро Собянин Сергейс

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG