ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къуръан дагахь Iамочеран хьуьжар схьайиллина Соьлж-гIалахь


Немцойн матта даьккхина Къуръан, 13Apr2012
Немцойн матта даьккхина Къуръан, 13Apr2012

ЦIоьнтIарахь 2010 –чу шарахь дуьйна болх беш ю мехкан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан вешин Зеламхин цIарх Къуръан дагахь Iамочеран хьуьжар. Стохка Гуьмсехь схьайиллира и тайпа шолгIа ишкол а. Цу доьшийлашкахь Къуръан дагахь Iаморехь къахьоьгуш бу 10-13 шераш долу цхьацца бIе кхиазхой. Уьш санна рогIера махкахь кхозлагIа хьуьжар болх бан йолаелла нохчийн коьртачу шахьрахь а. Даздинчу хьелашкахь и схьайоьллуш, меттигера Iедалдай боцуш, дакъалаьцна мехкан куьйгалхочо а, кхечу пачхьалкхашкара баьхкинчу цхьамогIа лерамечу хьешаша а.


Соьлж-хина аьтто бердаца, 4 гектар меттиг дIалоцуш йоьгIна ю керла хьуьжар. Динан урхалло Iорабаьккхинчу хаамца, коьрта гIишло-доьшийла йоцуш, цигахь йина мутIаIеламашна юкъарIойла а, маьждиг а, масех спортан хIусамаш а, кхийолу хьашт-дезарийн чоьнаш а.

Карарчу хенахь Къилбаседа Кавказан кIошташлахь Iаьрбийн мотт, йоза-дешар Iаморехь уггаре коьртах яьллачех цхьаъ ю Нохчийчоь. Ерриг Къилбаседа Кавказехь а юй-те оццул, аьлла, ю кхузахь бусалба дин карадерзоран доьшийлаш.

Масаллина аьлча, махкахь кхиазхошна а, берашна а дин хьоьхуш 20 хьуьжар ю, шиъ лаккхарчу тIегIан доьшийлаш ю Кишин Кунта-Хьаьжин а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а цIарх. ВорхI бIе сов маьждигаш ду Далла Iамал ян дина. Цу а, кхечу а масалша гойту къам, тIекхуьу чкъор иманехь кхетош-кхиорна меттигерчу Iедало харж ца кхоош, боккха тидам тIебохуьйтуш хилар.

Цуьнца цхьаьна цхьаболчу тергамхоша а, Iилманчаша а билгалдоккху оццу къоначу тIаьхьенна тахана нохчийн мотт ледар хууш хилар а, и кхио а, денбан а, ишколашкахь дуьйна кIорггера Iама а бойтуш, цуьнга болх байта а Iедалан мукъ карахь болчара, тIаьхьало а йолуш, ладаме гIулч йоккхуш цахилар.
XS
SM
MD
LG