ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Низам - мостагIашна: КъорIан дагорна Журавель Никита лацарх дуьйцу бакъоларйархоша


Журавель Никита
Журавель Никита

Массарна а гуш КъорIан дагорна бехкевина Журавель Никита Соьлжа-ГIалара талламан изоляторехь латто ахшо а ду. Цо ша дина мукIарло доцург, кхин тоьшаллаш дац цу акцина иза бехкехиларх. Оцу хеначохь ницкъбира цунна нахала а бовлуш:Кадыров Рамзанан кIанта йиттира цунна, ткъа ша регионан куьйгалхочо сийсазвира иза камерана хьалха. Журавельна тIаьхьабовларан юридикан бахьанех а, политикан бух болуш хиларх а дийцаредира Кавказ.Реалиин редакцино бакъоларйархошца.

Кху шеран стигалкъекъа-баттахь "Утро Дагестан" телеграм-каналехь (карарчу хенахь администрацино дIайаьхна платформаш ХIинжа-ГIалара аэропортехь къепедацарш дан кхайкхамаш барна) видео гучуйелира Волгоградера маьждигна хьалха КъорIан дагош. Бусалбанаш оьгIаз бахийтира оцу ролико: бусалба динан векалша а, нохчийн хьаькамаша а кхайкхамаш бира, деза жайна дагийнарг схьа а каравай, цунна таIзар де аьлла.

ШолгIачу дийнахь Волгоградехь лецира бусалбачу нехан дог-ойла аьшнаш йина аьллачу артиклехь студент Журавель Никита. Ницкъахоша дIахьедира, "СБУ-н тIедилларца" КъорIан дагийна цо маьждигна хьалха аьлла – и дийриг цунна 10 эзар сом лур ду аьллера боху. Журавель бехкехиларх коьрта тоьшалла ду – лаьцначо ша дина мукIарло.

Журавель лоцуш йаьккхинчу Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн оперативан съемки тIехь гуш ду, иза кхаа оперативан белхахочо машен чу текхош. Хьуо лацаран бахьана хаьий хьуна шега хаьттича, вукхо олу, "кеманех видео йоккхуш вара" ша. Талламхочо тIехьажавен хаттар дича Журавеля тIетуху, стигалкъекъа-беттан 4-чохь КъорIан дагийна ша, Украинехь болчара лелочу телеграм-каналехула тIедожорца. Лаьцначун йуьхь къаьсташ гойтуш йац – хууш дац, хьалххе кечйина текст йу цо йоьшург, йа шеггара деш къамел ду.

Иза лаьцна ши де даьллачу хенахь Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра Журавелян гIуллакх листа Нохчийчу дIаделира. Оцу регионера дуккхаъчара шаьш волайнарш ду аьлла, бахьана а хьовзийна. Соьлжа-ГIалара СИЗО хьалха Журавельна дуьхьалбевллера бюджетан белхахой а, студенташ а, "Ве иза", "Ислам дикаллин, машаран дин ду" тIейаздина плакаташ карахь а долуш.

Марсхьокху-баттахь Журавельна йиттира Кадыровн 15 шо долчу кIанта Адама. Цунах лаьцна дийца даьккхира марсхьокху-беттан 16-чохь, Журавеля ша бинчу латкъамца. Оьрсийчохь бакъонаш Iалашйан векал йинчу Москалькова Татьяне дIахаийтинера цо цунах лаьцна, - СИЗО-хь цунна йиттина хилар бакъдира иштта Нохчийчоьнан урхалхочун бIанакъосташа а. Бутт баьлча республикин куьйгалхочо шен кIанта йетташ дIайазйина видео нахала йаьккхира, "воIах дозалла до" ша аьлла. Оьрсийчоьнан бакъонашларйархошлахь гIовгIа эккхийтина ца Iаш, пропагандисташна йукъахь а цхьаьна реакци йира цуьнан. Амма Кадыров Адамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доккхучу меттана, совгIаташ тIеэгийра цунна, царех цхьадерш кхачон хан йолуш а иза воццушехь.

Журавельна йиттинчул тIаьхьа Кадыровна-жимахволчунна Нохчийчоьнан турпалхочун седа белира, ГIезалойчоьнан, Кхарачой-Чергазийчоьнан, ГIебарта-Балкхаройчоьнан лаккхара совгIаташ делира. Ишта нохчийн "Даймехкан сий" а, "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" а, "Исламана вацарна" а аьлла динан орденаш а, "Оьрсийчоьнан къинхьегаман сийлалла", "Оьрсийчоьнан спецназан университет кхирехь гIуллакхаш дарна" а аьлла мидалш а йелира цунна.

"Дикох дара, цо иза вийнехьара"

ГIуран-беттан 14-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун "дуьххьалдIа эфир" йоьдучу хенахь цо дийцира ишта Журавель Никитина Адама йеттарх а. Кадыровс элира: "ХIун динчунна таIзар дан дезара? Йеттарний? Дикох хир дара, цо иза вийнехьара".

Журавель хилла ца Iа волайнхо, Кадыров Адам а ву – берах цхьа къиза хIума йина хьийза

Цо кхетийра, "йуьхьанца моьттура" шена, Адамна таIзар дийр ду, "хьийзош" хилла цо Адам, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина, йеттарна чохь даккха йалх-бархI шо хан йогIу хьуна" бохуш, ткъа кхиазхочо жоп делира, боху, "набахтехь хан йаккхар шена сийлахь хетар ду". "Кхело иштта сацам бина ца хилча, тхо царна тIаьхьа ида ма ца деза, цунна таIзар дахьара бохуш", - дерзийра Кадыровс. 15 шо долчу Кадыров Адаман хан йац хIинца а бехкзулламан жоьпалле озон аьлла, полицино дуьхьало йира цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долон.

Хьаькамо тIетуьйхира, КъорIан дагораш "хIаллакбан" лаам болуш ву ша, хIунда аьлча, "набахте хьажор – царна бекхам бац" аьлла. Кадыровна хетарехь, цуьнан кIантана дуккха а совгIаташ дина, цо "турпалалла гайтарна".

Бехкзуламан кодексо магош дац кхиазхой бакъонна дуьхьал лелочу гIуллакхана йукъаийзор, билгалдаьккхира Human Rights Watch организацин программийн директоро Локшина Таняс.

"ХIокху дийцарехь цхьа аспект йу, вайна ца гуш йисина: и хIума дечу хенахь Адаман 15 шо бен дацара – ма дарра дийцича, бер ма дуй и. Ша ма ца йиллина цо камерин неI, ша чу а ма ца вахана иза – и цуьнга дайтина хIума ду. ХIокху хьолехь волайнхо цхьа Журавель хилла ца Iа, Кадыров Адам а ву – бер ду иза, цунах цхьа экха деш ду – низам доцчу, ницкъбаран атмосферехь кхиош", - билгалдаьккхира бакъоларйархочо.

Шен могушаллех хабарш даьржинчу йуккъехула тележурналистаца Собчак Ксенияца хиллачу къамелехь Кадыровс билгалдаьккхира, цунна йеттачу заманчохь ша кабинет чохь вацара, низамаш лардийриг ша хилера терра – ткъа цунна йетта сацам "цIий чехка долчу" Кадыров Адама ша тIеэцнера.

"Сонтачу дIахьедарийн шалха парад"

Журавелян гIуллакхехула кхелан кхеташо хилале хьалха гIадужу-беттан 13-чохь Кадыровс шолгIа видео зорбане йаьккхира, схьагарехь, йеттачу дийнахь дIайазйина – шина а ролика тIехь Журавелян духар а, кабинет а цхьаъ ду. Цу тIера хиира, Адам латале хьалха Кадыров Рамзана цуьнца къамел дина хиллий. Ролика тIехь Журавель Никитас пурба доьху Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга, дин Iамадайтахьара шега. Вукхо олу, Журавеля "даггара ца боху". И цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа оцу гIуллакхехула кхайкхийна кхеташо масийттаза дIатеттира СИЗО-хь латтон "бехкевийриг тIе цаварна". ГIадужу-баттахь Журавель процессехь гучувелира бIаьргашна бухара Iаьржа таммагIа дIа а дерзанза.

Къилбаседа Кавказан халкъийн Комитетан куьйгалхочун гIовса, кавказхойн Страсбургера маьждигехь президент лаьттина Албаков Шемала магийта йиш йоцург ду бохура, динан агIор хьаьжча, ислам тIеэца дуьхьало йар. Лаьцначу стагана йеттар а магийта йиш йоцург ду, кхин дIа дийцира цо: "Массарна а кхеташ ду, КъорIан дагон ца мега. Амма билгалдаьхна гураш а, бакъонаш а ма йу ларйан йезаш".

Журавель лаьцна латтор эхашарна дIадахдина, цуьнан адвокато Антонова Юлияс бахарехь "Iалашваларан гарантеш" йу уьш. Кхелехь жимчу стага гечдар дийхира бусалба нахе, ша бехкехилар а тIелецира.

Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхелехь хоттуш ду дов. Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарехула долчу гIуллакхехула волайнхо ву аьлла, билгалваьлла 13 нохчийн имам, уьш тIе ца бахкарна масийттаза кхел дIататта дийзира. ТIаьххьара хиллачу кхеташонехь вистхилира царех пхи имам. "Боллу бусалбанийн сина доккха зен" дарх а, оцу хиллачо шайна боккха Iаткъам барх а дийцира цара.

Бехкбуьллучех волчу Турбина эвлара маьждиган имамо Горшуев Хьасана КъорIан дагор "сийсазаллел а вон ду" бохура, цо дIахьедира телеграм-каналашкахь йаьржина ролик бахьана долуш шен "цIийн Iаткъам лакхабаьллера".

ДIоггара кхин дош ца хета Динан урхаллера иштачу имамийн болх

"Сина боккха эшам" барх тоьшалла дира иштта Автотрест поселкера маьждиган имамо Тасуев Iийсас а. Соьлжа-ГIалара Шейх-Мансуран кIоштан маьждиган имамо Барзукаев Аптис элира, Журавеля динчо "муьлхха а лартIахь волу стаг" сийсазвина. Оцу йукъанна волайнхойх бу бохучарех цхьаммо а ца хьахийра Журавелян дохковалар, дин довза цуьнан лаам хилар, мехкан урхалхочун кIанта цунна йеттар а.

"Сонтачу дIахьедарийн рогIера шалхаллин парад" йу элира нохчийн имамийн Журавеля динчо шаьш "сийсаздина" бохучух лаьцна Албаковс. Динан урхаллера иштачу имамийн болх "дош ца хета" дикка хан а йу, бохура цо.

"Нагахь Журавеля КъорIан дагийнехь – иза бехкбоккху хIума ду, цо баккъал а сийсазбо бусалбанаш. Нагахь санна, хIара вай йемал деш хилча, вай эргIад даха деза Нохчийчохь лелочу кхечу хIуманашна а. Масала, жима стаг Тепсуркаев Салман дегIаца цхьалха а ваьккхина, шишана тIе хаийча, йуха бага граната а йоьллина, иза эккхийтича", - билгалдоккху цо.

ТаIзар дарх кхетор

"Политикан тутмакхашна гIо латтор. Мемориал" бакъоларйаран проектан куьйгалхочо Давидис Сергейс бахарехь, делах тешачийн дог-ойла аьшнашйар "чолхе категори йолу гIуллакхаш" ду. Цхьана агIор, буьйцурш делах тешачийн дог-ойла сийсазйинарш а, сица цхьана агIор бала лайнарш а бу, билггал волайнхой бу олийла ду. Амма вукху агIор. ХIара имамаш хилла бац КъорIан дагочехь, Журавельна цхьа а хIума хууш дац цара бала хьегарх, цундела церан дараш зулам дарца догIуш дац, билгалдоккху Давидиса.

"Вайна хууш ду, бусалбанашна лазаме ду хIара, кхузахь дуьйцуш дац, КъорIан дагор дика ду бохуш, - дика дац дера. Амма хаттар кхечуьнца ду – демократин йукъараллехь таIзар дарх кхетор. Низамехь дан деза таIзар, ткъа Оьрсийчохь дац низам, оцу кепара динчунна тIехула оццул дукха чохь латтош".

Сан кIанта, суна луъург дийр ду, низам тхуна хIуммаъ йац аьлла, дIагайтар ду хIара

ГIуллакх политикан бухе дерзорна а, Кадыровна там бан лаарна а, Журавельна шина Iедалан къепехула бехкаш дехкина, цунна дан лерина таIзар лакхара хилийта. Цунна хетарехь, "йуьххьера чакхене кхаччалц" КъорIан дагорца хIара дийцар карзахбаха дина ду ала "билггал" бахьанаш ду.

Журавельца хиллачо рогIера йуха а къеггина дIагойту, низам – цунна а, цуьнан доьзална а, цуьнан йоллу тобана а лерина цахилар, аьлла хета Локшина Танина.

"Оцу историна тIехула ГIезалойчоьнан векал вистхилча, оцу сохьта йухабевлира уьш, кхиазхочунна пачхьалкхан совгIат дира, цул тIаьхьа тIеэга дуьйлира кхиндолу совгIаташ а. Ша-шах хилла дацара и, Кадыровс Iаткъам а бина хилла хIума дара. Сан кIанта, суна луъург дийр ду, низам тхуна хIуммаъ йац аьлла, дIагайтар ду хIара", - дерзийра цо.

  • "Мемориало" политикан тутмакх лерина Журавель Никита. Бакъоларйархой шек бу, бусалбанийн деза жайна дагорна Журавель бехке ву аьлча, иза Нохчийчу дIавигар а, совнах болу нах талламан изоляторе битар а "доккха низам дохор" ду элира цара.
  • "Дозор" боламан куьйгалхочо Кочегин Евгенийс дийцира Кавказ.Реалиин сайте, Журавель ваьхначу Волгоградан кIоштара боллу депутаташа тергамза дитира цунна йеттар аьлла.
  • Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 65 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан тIегIанера скандалашна йукъахь. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцура, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.
  • ГIезалойчоьнан пачхьалкхан кхеташонан депутато Хамаев Азата массарна а хьалха дIахIоьттина, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь 19 шо долчу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Кадыров Рамзана шен кIантана Нохчийчоьнан Турпалхочун седа баларна ша реза цахилар дIахаийтира. Оцу дIахьедарца Хамаев вистхилира ГIезалойчоьнан парламентан йоьдучу кхеташонехь, цигахь йийцарейора регионера патриотикан кхетош-кхиорах низаман проект.
  • Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векал йина йолу Москалькова Татьяна а, Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан хьалханча Фадеев Валерий а ца хIоьттира Кадыров Рамзанан кIанта Адама волгоградхочунна Журавель Никитина йеттар диллина йемалдан. Шиммо а дIахьедира, лаьцначун хьокхехь низамаш, бакъонаш ларйан йеза аьлла. Къаьстина тидам йеттарна ца бира, Журавеля динарг "вон" хIума ду, "кхераме" а ду элира цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG