ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мосул караерзош ду Иракъан эскарш


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанера Мосулан кхоалгIа дакъа схьадаьккхина Иракъан пачхьалкхан эскарша. Иракъерчу Контртерроран гIуллакхдечу эскаран инарлас СаIади ал-Маана бина и хаам. Фран Пресс агенталло даладо цуьнан дешнаш: "Малхбузехьарчу Мосулан кхоалгIа дакъа тхан тIемалойн карахь ду".

СаIадис дийцарехь, пачхьалкъан контртерроран дакъоша кIирандийнахь жихIадхошца тIемаш бо Мосул-эл-Джажидан а, Эл-АгIаватан а кIошташкахь.

Инарла тешна ву, гергарчу сахьатшкахь тIемаш боьрзург хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG