ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Муьлхха а Оьрсийчоьнна дуьхьал волчу стагана кхерам лаьтта". Закаев Ахьмад – шена кечйеш хиллачу кIелонах лаьцна

Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн керлачу Центр 795 цIе йолчу декъан Iалашо хилла Нохчийн Ичкерия Республикин дозанал арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад. Цуьнан Лондонера гергарнаш лачкъон хIоттийна Iалашо йукъахйелира, ткъа и кхочушйан дагахь хилларг лецира Колумбихь ФБР-н тIедилларца. Цунах лаьцна дуьйцу The Insider гIирсо бинчу талламехь. 25 шарахь Оьрсийчоьнан Iедалхой политикна тIаьхьабевлла хиларх а, цунна кIело йан гIортарх а дуьйцу тхан материалехь.

Центр 795 кхоьллина йу 2022-чу шеран дечкен-баттахь, талламхоша дийцарехь, дозанал арахьа бехачу нахана тIехь терго латтош, Кремлана дуьхьал болу нах лечкъош, бойъуш белхаш бан дезаш хиллера церан.

Дукха хенахь дуьйна Лондонехь вехачу Закаевн гергарнаш лачкъор эпсарна Алимов Денисна тӀедиллина хилла боху. 795-чу центре ша дехьаваккхале цо цхьаьнаболх бира терроризмна дуьхьало йечу лерринчу сервисийн дакъошца, шайна йукъахь Къилбаседа Кавказ а йолуш. The Insider хьосто чIагIдарехь, Алимовс гергарлонаш лелош хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца, 2023-чу шарахь ур-атталла Москвахь тӀепаза вайна цуьнан вешин кӀант лохуш гӀо дина а хилла цо.

Оьрсийчохь нохчийн гIуллакхаш листина ца Iаш, дозанал арахьа а нохчийн хаттаршна тӀехь болх беш хилла ву иза. Закаев Ахьмадан гергара нах лачкъо беза аьлла, ша йукъаозийча, Алимов Дениса гIо дехнера Америкехь вехачу сербхочуьнга Дурович Даркога. Цара Google Translate-х пайда а оьцуш, кехаташ йаздора вовшашка. Церан гочдаран историга кхачар бахьана долуш аьтто хилира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Федералан Талламан Бюрон церан хаамашна тӀехь терго латто. Дурович лаьцна Америкехь 2025-чу шеран зазадокху-баттахь, ткъа Алимов лаьцна Колумбин Богота аэропортехь, карарчу хенахь экстрадици йаре хьоьжуш ву иза. Цунна бехке дуьллуш ду адамаш дайа нах вовшахтохар а, нах лачкъо дагахь хилар а, терроризмна ахча латтор а. Официалан бехктакхаман гӀуллакхехь цӀе ца йаьккхина цара йуьхьаралаьцначун, амма The Insider гIирсан хьостанаша чӀагӀдо, буьйцурш Закаев Ахьмадан гергара нах бу бохуш.

Дера цундела Закаев дIаваккха гIертар бу Кремлехь берш

Дуьххьара дац Закаевна кхерамаш туьйсу а, цунна Iаткъам бен а, тахана а Нохчийчуьра Iедало йуьхьарлаьцначуьра дIаваьккхина вац иза. 2000-чу шарахь иза Оьрсийчуьра дIавахначул тIаьхьа дуьххьара вийца ваьккхира. 2002-чу шарахь дуьненан скандала йукъахь нисвелира иза: Москван дехарца Копенгагенехь лецира Ахьмад. Оьрсийчоьно бехкевора иза къиза зуламаш лелорна, иштта герзаца гIаттам барна а, ницкъахошна тIелетарш дарна а. Амма датхойн кхелана кхачам боллу тоьшаллаш ца карийра, тIаккха иза маьршаваьккхира цара.

Иза маьршаваккхарца ца дирзира цуьнан гIуллакх. Лондоне дIавахча, йуха а лецира иза, Британига Оьрсийчуьра дехар кхачар бахьана долуш. Дийца даьккхира иза дIалур ву Оьрсийчоьне бохуш, амма кхузахь а Москван аьтто ца белира кхачам боллу тоьшаллаш вовшахтоха: Закаев дIахийцира, закъалтана ахча а дуьтуш. Цул тIаьхьа дукха хан йалале политикан тховкIело йелира цунна.

Ша политико бахарехь, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь цигара хьал машарца дерзо хIара гIертарна бекхам бан хьийзара цунна, цо Европехь агIончаш лехарна. Кхин дIа йолчу заманчохь а Закаев мичча вахарх, Кремло дипломаташкахула Iаткъам бора цунна, дуьненайукъарчу цхьанакхетаршкахь цуьнга дакъа ца лацийта, дIавоьхура иза Оьрсийчоьно. Ишта, масала, Бельгин Iедалхоша дуьхьало йира цунна шайн пачхьалкхе иза воьдучу хенахь. "Оьрсийчуьра салтийн наной" Комитетан векалшца цхьанакхета дагахь вара иза цигахь. И цхьанакхетар нисделира хIетте а, амма Лондонехь.

Цкъацкъа низамашкахь доцуш цунна дуьхьалонаш йора. Масала, 2004-чу шарахь Закаев вехачу цIийнах цIе тесира. Адамашна зен ца хуьлуш дирзира и зулам, амма оцу хиламо тешийра, цуьнан могушаллина а, дахарна а кхерам лаьтташ хиларх. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша хIетахь дIахьедира, шаьш гунахь дац цунна аьлла.

Iаткъам бар дIахьора официалан тIегIанехь а цхьана. Оьрсийчоьнан векалш Британи баьхкира, иза шайга схьавалийта дагахь. Москвано саццанза шен болх бора, Закаев схьавалийта- цунна дуьхьал йуха а, йуха а бехкзуламан гIуллакхаш дохура цара.

Хьал хийца ца делира ур-атталла 2010-чу шарахь а. Закаев Ахьмад дуьненайукъарчу лехамашка велира, ткъа иза Варшаве веанчу хенахь лецира йуха а Оьрсийчоьнан тIедилларца. Амма полшхойн кхело мукъаваьккхира иза, цуьнан Британино йелла тховкIело хиларна. Шина шарахь кхин иза схьа ца велча, дийца даьккхира нохчийн политик вен дагахь бу аьлла. И хаам бира британхойн къайлахчу сервисаша. КIело йан Iалашо хилларг лецира, ткъа лараша, талламчаша бахарехь, Соьлжа-ГIала вуьгура. ХIетахь Закаевс ша а бохура, оцу Iалашонна тIехьа лаьттарг Оьрсийчоьнан Iедалхой хила тарло аьлла, цо ишта билгалдаьккхира Британехь Оьрсийчуьра къайлахчу сервисаша шайн болх жигара баьккхина хилар.

Цуьнца цхьана схьахезара кхин а сигналаш, уьш хуьлура Нохчийчуьра. Цхьацца хенашкахь Кадыров Рамзана массарна а гуш-хезаш цIа кхийкхира Закаев, иза цхьана а хIуманах кхера оьшуш дац бохуш. Нохчийчохь Закаевн гергарнаш болчу цIа воьдий, иза тешон гIертара Iедалхой. Ткъа Закаевc тIе а ца дуьтура, ша цIа гIур ву бохург.

Оцу дIахьедарийн кеп хийцайелира хан-зама мел йолу. Тоххара Закаевс дина шога зуламаш дац, цунна кхерам бац цIа верза баьхнехь а, 2021-чу шарахь Нохчийчохь цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийра, цо терроризм къобалйина аьлла, бехкаш дохкуш. Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалхоша йуха а тIедожийра Британина, иза шайга схьало аьлла. Бахьана дара, доккхачу декъана, Нохчийчохь байъинчу гIаттамхойх церан гергарчаьрга Закаевс кадам бар а, махкахь кхел йоцуш нах хIаллакбарх лаьцна Европерчу политикашца цо дийцаредар а. Кадыровс дIахьедира, хIуъа дина а политик цIаверзон некъаш лохур ду ша аьлла.

2022-чу шарахь, Украинана Оьрсийчоьно тIелатар дина, тIом болабелча, Нохчийчоьнан урхалхочо диллина дIакхайкхийра Закаев Ахьмад ве аьлла, и шена тIелаьцначунна махкахь токхе дахар дIанисдийр ду ша а бохура.

Оцу заманчохь Закаевн воккхаха волчу вешига Iелига бертаза видео дIайазйайтира, Ахьмад сийсазвеш, цо лелочунна а неIалт олуш. Украинехьа тIемаш бечу дакъошна гIортор йеш Закаевс къамел динчул тIаьхьа, иза бехкевира экстремистийн йукъаралла вовшахтохарна а, терроримз къобалйарна а, лаца кхайкхийра иза ишта, экстремистийн а, террорхойн а тептаре воккхуш. 2025-чу шеран гIуран-баттахь чохь даккха 20 шо хан кхайкхийра Закаевна.

Тхан сайтаца хиллачу къамелехь Закаев Ахьмада дагадаийтира, шех Iоттаделларг- дуьххьара хилла хIума дац, нохчийн оппозицин декъашхой Оьрсийчоьнел арахьа лоьцуш, тIаьхьабуьйлуш, хIаллакбеш.

"Ма-дарра аьлча къам маьрша доккхучу къийсамехь Нохчийчохь дакъалаьцначу боламан боллу хьалханчуш байъина бу. Джохар Дудаев, Аслан Масхадов, Зелимха Яндарбиев, Iабдул-Хьалим Садулаев – и боллу нах башхачу зуламан гIирсашца хIаллакбина бу. Нагахь санна оцу системера цхьа дакъа гучудаьллий, Кремлехь кхиниг кхуллур ду, йа цуьнца цхьаьна масех вовшахтоьхна хила а тарло. Цхъаннан аьтто ца баьллехь, вукхара кхочушйийр йу кху зуламечу системо шайна хьалха хIиттийна Iалашонаш. Ас дуьйцург ду, Гаагерчу кхело лаца ордер йелла, тIеман зуламхо Путин коьртехь лаьтта Оьрсийчоьнан Iедал. ХIара система дийна мел йу, кхерам дIабер бац", - тешна ву Ичкерин премьер-министр.

Шена дуьхьал цхьа операци кечйеш хиларх лаьцна жоп лучу Закаевс дIахьедира, оцу кепара хаамаш ладаме тIеоьцу ша, Оьрсийчоьнел арахьа бехачу политикан оппоненташ хьийзор сецна цахиларан тоьшалла санна а го шена.

Оьрсийчоь йеккъа нохчийн проблема хилла ца Iен дукха хан йу

"Кхузахь дуьйцург сан кхерамзаллех лаьцна хилла ца Iа, тахана муьлхха а, Оьрсийчоьно Нохчийчохь а, дуьненан майданахь а лелочунна реза воцчу стагана кхерам латтар ду, хуьлийла иза журналист, политик йа бакъонашларйархо. Цундела вай къаьстинчу цхьана эпсаршца, йа Оьрсийчоьно ахчанашца Iеха а беш, зуламаш дойтучу нахаца къийсам латто ца беза. Вай къийсам латто беза паччахьийн Оьрсийчохь кхоллайеллачу оцу системица. И структура латтийна массо а заманашкахь кара-кара а луш: паччахьан импери хийцайелира Советан имперех, ткъа Советан импери хийцаелира тахана вай лелош йолчу псевдодемократин Оьрсийчоьнан имперех. Оьрсийчоь йеккъа цхьана нохчийн проблема хилла дӀахӀоьттина ца Iен дукха хан йу", - аьлла хета Закаевна.

Закаев Ахьмад, Оьрсийчоь Украинана тIелатарна дуьхьал хIоттийначу митингехь. Лондон, 220 шо
Закаев Ахьмад, Оьрсийчоь Украинана тIелатарна дуьхьал хIоттийначу митингехь. Лондон, 220 шо

Карарчу хенахь Британин пачхьалкхо Iалашвеш ву политик. Цо бахарехь, кхерамзаллин белхахоша цуьнца зIе латтайо, кхерам хаалахь, цуьнца дIа а хоуьйту. Амма хIетте а боллу цуьнан доьзална кхерам лаьтташ бу, Оьрсийчохь болчарна а цхьана. Иза кхета цунах, ишта ваха везаш а ву иза, амма хIетте а шен болх къарвелла, сацон дагахь вац.

"Кхузаманан Оьрсийчоьнан импери лаьттийла политикан репрессеш а, мехкаш дIалоьцу тӀемаш а, нехан Iа лакъор бахьана долуш. И дерриг а дӀалаьцначу территорешкахь долуш ду, цо вуно чӀогӀа къеггина Ӏаткъам бо, цунна масала ду, кху тӀаьхьарчу ткъа шарахь Нохчийчохь долчу дахаро", - бохура къамелдечо.

Оьрсийчохь хила тарлу хийцамаш бузу политико Украинерчу тIамца. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан тӀеман эшамо кӀорггера трансформацин процессаш дӀайоло мегаш йу ша пачхьалкхехь а, Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа кхоллайеллачу республикашкахь а. Иза тешна ву, цу кепарчу хийцамаша кхечу колонизаци йинчу къаьмнашна шаьш-шайн мах хадо аьттонаш схьабелла мегаш хиларх а, регионехь хилла ца Ӏаш, йерриг а Европан континентехь а кхерамзаллина тӀеӀаткъам бан мегаш хиларх а.

Кутаев Руслан
Кутаев Руслан

Махкахваьллачу нохчийн политолога Кутаев Руслана билгалдаьккхира, нах хьийзор а, нах лечкъор а, кхин йолу репрессин кепаш Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн а, йерриг а пачхьалкхан а амалех цхьа дакъа ду аьлла. Цо дийцарехь, Закаевс куьйгалла до махкахдаьккхинчу Ӏедалан, цунна хетарехь, иза доккха маьӀна долуш ду, къаьсттина Украинин контекстехь, хӀунда аьлча, оцу структурица доьзна долу дакъош Оьрсийчоьнна дуьхьал дӀахьочу тӀеман операцешкахь дакъалоцуш ду.

"Цундела кIелонаш йар- иза Оьрсийчоьнна товш боцчу нахана дуьхьал лело марзделларг ду. Ткъа нохчийн халкъан векалца дозанал арахьа дийцарш дIадахьар а, цаьрца къамеле бийлар а, иза Оьрсийчоьнна вон билгало йу. Цундела Кремлехь Закаев дIаваккха гIертар бу, цуьнан доьзалехула цунна Iаткъам бан а хьийзаш", - дерзийра Кутаевс шен къамел.

  • Карарчу хенахь Украинин эскарехьа тIемаш беш Ичкерин агIончех-нохчех лаьтта масех батальон йу. Шайх Мансуран цIарах батальон; Дудаев Джохаран цIарах батальон; "Акха арданг" дакъа; Special Operation Group (SOG) а, Гелаев Хьамзатан цIарах батальон а.
XS
SM
MD
LG