ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаева Заремин гIуллакх талларан материалаш схьаяла кхузза духьала хилла полисхой


Мусаева Зарема а, Янгулбаев Сайди а
Мусаева Зарема а, Янгулбаев Сайди а

Лачкъийна Нохчийчу дIайигина йолчу федералан кхелахочун хIусамненан, нохчийн бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран ненан Мусаева Заремин гIуллакхна тIехула бинчу талламан материалаш Нижегородскан кIоштан кхеле схьаяла кхузза дуьхьала хилла меттигера полици.

Хьалхо Iазапашна дуьхьало латточу Комитето кхелан латкъам бира Мусаевана дуьхьала дечу зуламан хьокъехь динчу дIахьедарна тIехула Нижегородскан полицино хIумма а ца дарна, иза нохчийн ницкъахоша нуьцкъаха шен петар чуьра Соьлжа-ГIала дIайигира Дечкен-бутт чекхболуш. Нижегородскан кIоштан УМВД-га гIуллакхна тIехула таллам баран материалаш схьало аьлла, кхелан сацам кхаьчнехь а, юристаш кхузза тIенисбелла церан реза ца хиларна.

Комитетан белхахочо Шунин Сергейс бахарехь, кхело дуьххьара хаттам харц адресе бахьийтина, аьлла жоп делира полисхоша. Тахана хиллачу дийцаршкахь талламан материалаш кхечу полицин декъе хьажийна, хаттам цига хьажон беза элира ницкъахоша.

Бакъоларъярхочун нана лачкъийначул тIехь яьллачу ши бутт гергга хеначохь Комитето бакъонаш Iалашъяран органийн белхахойн леларна дуьхьала 10 кехат, 21 латкъам, 11 кхайкхам, ши хаттам, ворхI дIахьедар чуделла. Шунина бахарехь, бакъоларъярхой "бакъонаш Iалашъяран органийн жигара хIумма ца дарна тIенисло", иза а, шайн декъехь иштта къуьйсуш ду цара.

  • Полисхочунна тIелеттера аьлла, бехкейинчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран ненан Мусаева Заремин гIуллакх листа дуьхьалваьлла Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхелан суьдхо Горбовцов Дмитрий, хIунда аьлча, хьалхо Мусаеван хIусамда, кхелахо лаьттина Янгулбаев Сайди, цуьнан белхан накъост хилла, шаьшиъ "накъостийн а, белхан а юкъаметтигашца" вара аьлла.
  • Дечкен беттан 20-хь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина, нуьцкъаха, тIе йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIайигира, теше санна хеттарш дан. Дуьххьара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цултIаьхьа бехктакхаман гIуллакх долийра цунна дуьхьала – дийцарехь, протокол хIотточу полисхочунна тIелетта, аьлла бехкейина.
  • Мусаева Зарема лачкъийна ши кIира даьллачул тIаьхьа бен адвокат тIе ца витира цунна.
  • ДIасаялар доьхкуш, кхело сацам бечу юкъанна кхетамчохь ца хиллера Мусаева.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG